ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Депортацин набахтехь нохчо кхелхинчул тIаьхьа Венехь митинг дIайаьхьна


Венехь митинган декъашхой
Венехь митинган декъашхой

Австрихь чохь лаьцна латточу мухIажарийн бакъонаш хьешарна дуьхьал депортацин набахтена хьалха Венехь митинг хIоттийнера. Бахьана дара цхьахйолчу набахтехь Нохчийчуьра жимстаг кхалхарх кхаьчна хаам, дийцира Кавказ.Реалии сайте акци хIоттийначу, Нохчийн Ичкерия республикин Австрера векало Дунаева Розас.

Гулам хIоттийначара йуьйцуш йац кхелхинчун цIе а, цуьнан хан а, меттигерчу полицино кхерамаш тийсахь" аьлла. И кхерамаш стенца боьзна бу, хууш дац.

Нохчийн, украинхойн диаспорашкара шовзткъе итт гергга векал вовшахкхеттера митингехь гIуран-беттан 31-чохь, иштта бакъоалрйаран организацеш а, политикан жигархой а. Австрихь чубоьхкинчу мухIажарийн хьокъехь шаьш сагатдеш хидар дIахаийтира цара.

"Тутмакхийн бакъонашкахьа арадевллера тхо, иштта мухIажарийн бакъонаш ларйеш а, кхайкхамбира кхачам боллуш цуьнан валар талла аьлла. Иштта оха тIедожийра, царна тIехь къизалла лелор йолчу, кхел йоцуш уьш хIаллакбийр болчу пачхьалкхашка мухIажаршна депортаци ма йе аьлла", - билгалдаьккхира редакцица хиллачу къамелехь Дунаевас.

Жигархочун хаамца, 2007-чу шарера схьа дуьйна Австрихь магийна йоцу кепаш лелош, тIехь ницкъабина а велла мел лахара а Нохчийчуьра бархI вахархо.

  • Хьалхо Нохчийчуьра мухIажарша мацалла кхайкхийра, цара дIахьедора Хорватира куьпарчу белхахоша шайна тIехь къизаллаш лелайо аьлла. Иштта цара дийцира, бахьана доцуш, шайггарчу экстремизмаца боьзна бу аьллачу шеконашца шаьш цигахь латторах. Итт де дьалча шайгара хьал эшча, Хорватина тIехь Iуналла дечу органаша цхьана а кепара тидам ца бича, мацалла сацийра цара.
  • Швейцарин Iедалхоша сацам тIеийцира, шайн пачхьалкхера 40 шо долчу Нохчийчуьра Батаев Iелина депорт ца йан. 2022-чу шеран гурахь дуьйна Цюрихера депортацин набахтехь латтош вара иза, шена тIе терго озархьама дуккха а деношкахь мацалла хьийгира цо. Карарчу хенахь маьршаваьккхина иза.
  • Товбеца-бутт йуккъе баьлчхьана Австрера а, Германира а, Швецера а векалташна хьалха митингаш хIиттийра нохчийн диаспоран векалша, Батаев Iела Оьрсийчоьне дIаваларна дуьхьал, тIедожийра иза маьршаваккха бохуш. Иштта митинг хилира Швейцарера миграцин гIуллакхаш луьстучу пачхьалкхан секретариатна хьалха а.
  • Оханан-баттахь Европерчу адамийн бакъонийн кхело (ЕСПЧ) Францин Iедале дехар дира, нохчо Т. Бувайсар Оьрсийчоьне дIавалар хенаца дIататта аьлла. Даймахкахь ши адам дерна бехке лоруш ву иза. Амма цуьнан адвокато и бехке хиларехь дерриге дийцина ца даьлла, тоьшаллаш оьшу боху. Иза дIалахь, оьрсийн Iедалан белхалоша цунна гIело йарна кхерам бу а аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG