ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ненан мотт совбаьлла Госдуман депутаташна


Оьрсийчохь къаьмнийн меттанаш Iамор бахархойн лаамехь дуьту низам кечдеш ю Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Дума. Нагахь иза тIеэцахь, Iедало декхарелахь йийр яц школаш дешархошна ненан мотт Iамо. Буьйцург бац оьрсийн мотт.

Цу низамна дуьхьал митинг хилира кху деношкахь Дагестанерчу Хасавюьртахь. Цигахь дакъалоцуш вара 300 сов стаг, шайна юкъахь республикерчу парламентан декъашхой а, студенташ а болуш.

Гулам вовшахтоьхнарг вара Дагестанан Халкъан Гуламан декъашхо Умаханов Якъуб. Ненан меттан хьокъехь шайна хетарг дийцаре дан гуламе дуьйла аьлла, шен кхайкхам цо баржийнера социалан машанашкахула.

Дуьхьалонан акцин декъашхоша кхайкхам бира республикерчу парламентан депутаташка, шайн кхеташонехь дийцаре а дай, и хаттар Москох а хIоттаде аьлла.

Пачхьалкхан Думо кечдечу низамна шаьш дуьхьал хилар хаийтина Оьрсийчуьрчу кхечу регионаша а, шайна юкъахь ГIезалойчоь а, Чуваши а йолуш.

Амма митингаш а, даккхийн дIахьедарш а дарх ненан мотт ларлур бац бохучух тешна ву, Дагестанерчу меттан а, литературан а институтан директоран когаметта Атаев Борис.

Цунна хетарехь, "иза вайн вархIа дайн мотт бу" а бохуш, дуьйцуш леларх ненан мотт ларлур бац. Школашкахь ненан мотт мукъачу деношкахь а цхьаьна Iамор шордеш хIума лелийча дика хир дара. Республикехь дуккха а нах бу шайн хан а. ницкъ а цу гIуллакхана бIабала кийча болу, боху эксперто. Цо дийцарехь, институтан белхахой кечйеш бу республикехь дехачу къаьмнийн ненан меттан грамматикан дешаран книжкаш а, дошамаш а.

Дагестанера хьехархой а дуьхьал бу Госдуман депутаташа юьхьарлаьцначунна. Каспийск гIалахь 1990-чу шарахь дуьйна берашна ненан мотт хьоьхуш ю Бечедова Хадижат. Масийтта шо хьалха бен юкъадаьккхина доцу ненан мотт школашкахь хьехар тIедожор юхадаккхаро вуно доккха тохар дийр ду иза Iаморна, аьлла хета цунна. Бечедовас ца чIагIдо, дешархоша ненан мотт хазахетарца Iамабо аьлла. Амма царна юкъахь кIезиг бац иза караберзо луурш.

Хьехархочо ша кхеташ яц боху, мича кхача гIерта, хIун Iалашо кхочуш ян гIерта къаьмнийн меттанаш Iамор бахархойн лаамехь дуьтучу низаман проектан авторш. Ала дашна, оцу девнечу низаман проектан авторех цхьаъ ву Нохчийн Республикан цIарах волу депутат Саралиев Шамсаил.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG