ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дерриге а "СВО-н турпалхошна"? Кавказера а, къилбера а президентан гранташ


Украинера тIамехь дакъалоцучийн командирашца Кремлехь Путин Владимиран цхьанакхетар
Украинера тIамехь дакъалоцучийн командирашца Кремлехь Путин Владимиран цхьанакхетар

Мангал-баттахь Оьрсийчохь дӀайирзира президентан гранташ луш йолчу Фондан (ФПГ) шолгӀа конкурс, иза гӀараяьлла, шайна юкъахь Ставрополан махкара проект а йолуш, цу регионехь юх-юха а зуламаш лелийначу вагнерхойн терахь гучудаьккхина. Къилбаседа Кавказера а, Оьрсийчоьнан къилбаседера а кхечу толамхойн дехаршна анализ а йина, гIоьналлин проекташна гӀо даран къовсадаларо тӀамна гӀуллакх до боху дӀахьедар мел бакъ ду къасто гӀоьртира Кавказ.Реалиин редакци.

Президентан гранташ луш йолчу фондо шен Ӏалашо ю аьлла дIахьедина Оьрсийчоьнан коммерцин йоцчу организацешна (НКО) пачхьалкхан гӀо латтор ду, ткъа цуьнан мисси ю "инициативан а, дог лозучу а нехан шаьш-шайна реализаци ян хьелаш а, аьттонаш а кхоллар". Шарахь шозза ФПГ-но дӀахьо гIоьналлин структурашна лерина конкурсаш; Украинехь буьззина тӀом болабеллачул тӀаьхьа и фонд бехке йира, шайн белхахой тӀелатарна дуьхьал болчу организацешна гранташ луш болу некъ хадорна.

И скандал а хилла 2024-чу шарахь. Мангал-баттахь хиллачу шолгӀачу грантан конкурсан жамӀаш довзийтинчул тӀаьхьа гучуделира, декъашхойх цхьаммо ларамаза Вагнеран ЧВК-ца йоьзна интересе статистика зорбане яьккхина хилар. Минеральные Воды гӀалара "Инок" фондо 4 миллион гергга грант йелла "Ковчег" программа кхочушъярна, иза лерина ю тутмакхашна ресоциализаци ярна, шайна юкъахь Украинехь тӀом бинарш а болуш.

Маьрша зама кхоьллинчу йахначу заманан турпалхойх-кхоллархойх лаьцна проекташ вуно кӀезиг ю

Заявкин текстехь "Агенталло" тергойина, Ставрополан колонешкара эзар бехкевинарг дӀаэцна хилар Вагнеран ЧВК олучу леррина тӀеман операцехь дакъалаца, царех 176 хӀинцале цӀавеана, цул тӀаьхьа 20 стага керла зуламаш дира, шайна юкъахь нах байар а долуш.

Хаамийн гӀирсаша тидам тӀебахийтинчул тӀаьхьа, хийцина цу заявкин текст. Тидаме эца догӀу, "Инок" фондера хаамаш схьабевлла хьостанаш хууш цахилар а, уьш нийса хиларх гарантеш лойла а дац редакцин.

"Кавказ.Реалии" сайто анализ йира ФПГ-н конкурсера кхечу дехарийн: йерриг а Оьрсийчоьнан 1357 проектана гранташ кхаьчна, царах 143 ю Къилбаседанара а, Къилбаседа Кавказерчу а Ӏедалца йоьзна йоцчу юкъараллашца а, фондашца а йукъахь. Цхьайолчу регионашкахь толамхошна юкъахь алсам ю "патриотикан" проекташ: масала, ГӀалмакхойчохь пхеа толамхочух кхааммо цхьана кепара хьахош бу "СВО-н турпалхой", ткъа цхьаъ йерриг а тӀеман декъашхошна низамашца гӀо дан лерина йу.

Кхарачой-Чергазийчохь 6 толамхочух шиммо хьахийна "керлачу территорешна" гӀортор яр, Оьрсийчохь Украинин дӀалаьцначу территорех олуш ма-хиллара, ткъа кхин цхьаъ лерина ву тӀамера психикан лазаршца цIабирзинчийн доьзалхошца болхбан.

ТӀеман белхахошна а, церан берашна а гӀо дар, шайна юкъахь психологин а, психиатрин а реабилитаци йар а йолуш, къаьстина жима тренд санна билгалдаккха мегар ду – кхин цхьаъ цу кепара дехар карийра тхуна Кубанехь а, иштта Оьрсийчоьнан цхьамогӀа кхечу регионашкахь а. Хьалхо Оьрсийчоьнан Ӏедалшна масийттазза критика йора, фронтера цӀабогӀучарна юкъахь ПТСР-н проблемана кхачам боллуш тидам ца барна.

Сталинград а, гIалгIазкхий а, НАТО-ца къийсам латтор а

Цхьайолчу кӀошташкахь президентан грантийн къовсамехь толам баьккхинчара тӀеман тема йанне а ца хьахайо: Нохчийчохь а, ГӀалгӀайчохь а, Адыгейхь а, Астрахан кӀоштахь а толам баьккхинчарна юкъахь и тайпа заявкаш ца карийра тхуна. Кхечу Къилбаседа кӀошташкахь а, республикашкахь а "тӀамна гергахь" грант эца дехарш кӀезиг ду. Масала, Волгоградан махкахь толам баьккхинчу 32 заявкех 4 бен тӀеман теманаш айъеш йац, царех цхьайерш Сталинградан тӀамна лерина йу, Украинаца йоьзна яц.

Дагестанехь толам баьккхинчу деа дехарх цхьаъ бен дац хьакхалуш "керлачу территорешкара" берашна гӀо дарх, ткъа иштта Палестинера мухӀажарийн берашна а.

Ростов-кӀоштахь толам баьккхинчу 24 дехарх кхоъ бен дац "патриотикан" дехарш: цхьаъ Донбассерчу берашна гӀо дарца доьзна ду, важа Сербин а, Боснерчу а гӀаланашца вежараллин йукъаметтигаш кхиорца доьзна ду, шайлахь "НАТО-н агрессин планашна дуьхьало латтор" а долуш. Кхин цхьаъ, миллион соьмана гергга грант кхаьчна Ростоверчу гӀалгIазакхашна а, сепаратистийн "ЛНР-ра" гӀалгIазакхашна а йукъара уьйраш кхиоран проектана.

Юкъарчу хьесапехь ала йиш яц, тӀом а, кхин йолу патриотикан агӀонаш йолу проекташ а алсам йу. ХӀетте а, нисло "СВО-н турпалхошкахьа" бевллачаран критика йар а. Масала, Кубанан цхьана Ӏедалан йоцчу юкъаралло грант яьккхира берашна лерина "Мила ву хьан турпалхо" проектана, цуьнан чулацамехь билгалдоккхуш дара "дукхах болу турпалхойх лаьцна барамаш тӀеман декъашхошна лерина бу" а, "чIогIа кӀезиг шуьйра барамаш а, проекташ а турпалхойх лаьцна хилар -дӀайаханчу заманан маьрша хан къийсинчу турпалхойх-кхоллархойх хилар.

ДоттагӀаллин хьостанашкахула тхуна дийцира, нийсса и хӀума ду - тӀамна дуьхьал долчу кехатна куьйгаш яздар

ЗаьӀап берашна а, церан дай-наношна а гӀодечу Дагестанерчу цхьана фондан куьйгалхочо (кхерамазаллин бахьанашца къамел динчун цӀе ца йовзуьйту оха), тӀаьххьара шайн организацино президентан грантан къовсамехь толам баьккхира 2023-чу шарахь Украинца буьззина тӀом болийначул тIаьхьа.

2024-чу шарахь дӀахьур йолчу конкурсехь дакъа ца лецира цара, хIунда аьлча, стохкалера шайн проект хӀинца а чекхъяьлла ца хиларна. Юкъараллин жигархочо дийцарехь, регионехь къовсам бац тӀеман гӀуллакхех хьакхалуш йоцучу "патриотикан" а, социалан маьӀнечу а проекташна юкъахь.

ТӀамна дуьхьал къамел динчу Ӏедалан доцучу юкъараллийн белхахойн а, куьйгалхойн а гӀуллакхаш кхечу кепара ду. Оьрсийчоьнан регионашкахь болх бечу Москварчу фондан куьйгалхочо (къамелхочо дехар дира редакторшка шен цӀе къайлаяккхар а, фондан балхах лаьцна цадийцар а. Ткъа 2022-чу шарахь тIамана дуьхьал кехат йаздира цо.

Дукха хан ялале куьг яздинчарна президентан гранташ ца луш дӀадоладелира. ФПГ-н сайта тӀехь мах хадийча, тхан къамелхочун проекташ 2022-чу а, 2023-чу а, 2024-чу а шерашкахь конкурсашкахь дакъалаьцна йу, амма гӀортор ца хилара царна, хьалха толам баккха аьтто баьлла хиллехь а.

"ДоттагӀаллин хьостанашкахула тхоьга элира, дерриг а цуьнца доьзна ду – тӀамна дуьхьал долчу кехатна куьйгаш яздарца, хӀунда аьлча, белхан накъосташна тхан дехарш гина ду, цара уьш вуно дика ду а аьллера", -дийцира фондан директоро.

Цо билгалдоккху, нагахь санна шена оцу тӀаьхьалонех лаьцна хьалххе хиънехь а, ша хӀетте а Украинина тӀелатар дарна дуьхьал хир яра – "хӀунда аьлча, иза цхьаъ бен боцу аьтто бара сан позици йовзийта".

Виктория цӀе йолчу Оьрсийчоьнан бакъонашларъярхойн цхьана организацин пиар-сервисан куьйгалхочо (шен фамили ца яккхар дехна цо) дийцира, хӀинца уггаре а хала ду "арахьара агенташ" леринчу фондашна: царна гIо ца кхочу оьрсийн гранташ луш йолчу организацешкара, ткъа иштта арахьарчу пачхьалкхашкара ахчанаш схьаэцар а Iедалхоша дихкина ду царна.

"Ӏедало боху, "арахьарчу агентан" статусо данне а дозанаш ца туху гӀуллакхашна, амма бакъдерг аьлча, цо дуккха а проблемаш йохьу. Цул сов, дуккхаъчу "арахьарчу агенташа" тоьшаллаш до, шайна цхьана а кепара арахьара беш Ӏаткъам бац, йа цигара оьцуш ахча адац шаьш бохуш, - аьлла, дерзийра къамелхочо шен къамел.

  • Муха беха Оьрсийчоьнан бахархой хӀинца, Украинехь боьдуш тIом а болуш? Царна хаалой денна аьлча санна, цо шайна бен Iаткъам?
  • Муха булу уьш хуьлуш долчуьнца? И дерриге а довза гIоьртира Оьрсийчоьнан кхаа регионехь талламаш а беш: БуьритӀехь а, Краснодаран а, Свердловскан а кӀошташкахь.
  • Украинана дуьхьал буьззинчу барамехь тӀом боьдучу муьрехь Оьрсийчоьнан Ӏедалша хIоллам хIоттийра 400 сов вийначу тутмакхна- дукхахболу хIолламаш бу Волгоградан а, Ростовн кIошташкахь а, Краснодар махкахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG