ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДIакъовла мегар дац Iадйита. Нохчийчохь дIайохуш йу йозуш йоцу бусалба динан дешаран хьукматаш


Нохчийчуьра муфтий Межиев Салахь
Нохчийчуьра муфтий Межиев Салахь

Мангал-бутт болалуш Нохчийчохь бӀе сов долахь йолу хьуьжарш дӀакъовлур йу бохуш, кхерамаш туьйсура. Бусалба нехан Динан урхалло дӀакхайкхийра, цара шайн болх кхиндӀа а бан тарлур ду, нагахь санна, Ӏаморна ахча ца даккхахь аьлла. Оцу хьолехь дешаран хьукматашна йеш йолу харжаш муха дӀайаха йиш йу, ца дийцира муфтиято. Кавказ.Реалии сайто къамел динчу говзанчашна хетарехь, иза рогӀера гӀулч йу нохчийн Ӏедална республикехь шайх дозуш доцу хIума дита ца лаарца йен.

Официалан хаамашца, Нохчийчохь регистраци йина йу 131 долахь йолу юккъера исламан дешаран хьукмат – хьуьжарш. ДуьххьалдIа муфтиятана чу йогIурш ца йийцича, долахь хиллачу хьуьжарша дешарх мах оьцура, цундела пачхьалкхан бюджетах а, Динан урхаллех а йозуш йацара уьш. Iаткъамах а бовлура уьш цундела.

Марсхьокху-беттан йуьххьехь хьуьжарийн директоршца а, хьехархошца а хиллачу цхьаьнакхетарехь хьаькамаша дехар дира "дешарх ахча ма эцахьара аьлла". Цу сацамах кхетийра "коммерцин хьуьжаршна дуьхьал дуккха а латкъамаш барца" - ма-дарра аьлча, латкъамаш хIун аьлла бинера а, хууш дац.

Шайн Iуналлехь доцчу массо а хIуманах кхоьру Iедалхой

Дуккхахболу меттигера бахархой шайн цуьнца гIуллакх доцуш санна Iаш бу, шайн интересашна кхин дIоггара боккха кхерам ца гуш. Амма уьш кхеташ бац долара динан хьукматаш дIакъовла гIертар стенца доьзна ду. Масала, луларчу Дагестанехь массо а аьлча санна хьуьжарш латтош йу закатана лучу ахчанах. Иштта кхеташ дац, дешаран хьукматаша муха болх бийр бу, нагахь санна, пачхьалкхан бюджетера а, йа муфтиятера а догIуш ахча ца хилча.

Пачхьалкхан интересашна дуьхьал йолу идеологи йаржорна кхоьруш хила тарло долахь йолу хьуьжарш дӀакъовла лаар. Цигахь дерг оццул радикалан хьежамех гIоьртина дац, амма Ӏедалан Ӏуналлехь долчу "ламастан ислам" олучу динех лаьтташ ду. Доларчу хьуьжарийн болх сацоро аьтто бо Ӏедалан, боху Европерчу "Цхьааллин ницкъ" юйуъараллин-политикан боламан векало Музаев Сайхана.

"Ӏедалш кхоьру, шайн Ӏуналлехь доцчу массо а хӀуманах. Тайп-тайпанчу бахьанашца муфтиятана тIех а буьйлуш, дин хьоьхучу нехан таронаш гатйийр йу цара, Москва реза ца хиларна кхоьруш. Кхин цхьа хӀума а ду цу гӀуллакхехь цецвоккхург: цигарчу дешарх мах оьцу боху бахьана. Муфтиятана новкъарло ца йо массо а бизнесхой Iедалехьа йолчу фондашка ахачанаш дахка декхаре баро. Ткъа чоь латториг дешархоша хьехарчочунна ахча луш хилар кхарна ца тайна",- бохуш, цецвуьйлу Музаев.

Цунна хетарехь, ахчанца доьзна дац хIара – муфтиятан бехказайийлар ду и, меттигера нах и хьуьжарш дIакъовлур йу аьлла реза ца хилча.

И хаам баккъал а шуьйра бийцаре бира социалан машанашкахь нохчийн сегментехь. Дешаран центрийн белхахоша бинчу хаамийн скриншоташ зорбане йаьхна меттигерчу оппозицин Нийсо телеграм-канало. Хааме даьккхинера, цхьайолчу хьуьжарша шайн кевнаш тIера билгалонаш дӀайаьхна, и омра дIакхайкхийначул тӀаьхьа буьйсанна.

Цул совнах Нийсо телеграмо йаздора цхьайолчу дешаран хьукматашкара белхахой лечкъийна бигарх, делахь а и билггал бакъ хиларх кхин цхьанхьа а информаци гучу ца йелира. Ца йаьхнера лечкъийна бохучу нехан йа цIераш а.

Кадыровн хьафизаш

Товбеца- баттахь Оьрсийчохь "ца оьшуш" йу аьлла дIакхайкхийра меттанийн EF Education First школа. Иза кхоьллина йара 1965-чу шарахь Швейцарерчу бизнесхочо Хульт Бертила, говзанча йу иза ингалсан мотт Ӏаморехь а, культураш йовзийтарехь а.

И хьал девзаш болчу Кавказ.Реалии сайтан хьасташа дийцира Нохчийчохь керла дешаран шо тӀекхачале ингалсан а, францхойн а меттанаш Iамош йолу Нохчийчуьра йоллу дешаран хьукматаш дIакъовла дагахь бу аьлла. Нахе кхайкхам бира, ларлуш хила, курсашна хенал хьалха ахча ма ло бохуш. Амма тӀаьхьо гучуделира, EF Education First компанин республикехь филиалаш цахилар а, Нохчийчуьра цхьа а хьехархо цуьнца уьйр йолуш цахилар а, ткъа дехкаро кхечу меттан школашна тӀеӀаткъам бийриг цахиларх а.

Кавказ.Реалиин хьостанаша бахарехь, меттан курсаш дӀакъовларх лаьцна къамелаш совцорехь йоккха меттиг дӀалецира ингалсан мотт Ӏамабе боуш, республикин куьйгалхочун Кадыров Рамзанан йоӀарша кхайкхамаш баро а.

Бераша Къуръан дагахь Ӏамош йолу хьафизийн школаш цкъачунна дӀакъовла кхерам бац, хӀунда аьлча, оцу гIуллакхана жигара гӀо деш бу Ӏедалхой.

Муфтиятах возар – Iедалхошна верриг а муьтIахь хилар ду

Хьафиз Ӏамаво кхаа шарахь, цига деша оьцу дукха хьолахь 7 шарера 12 шаре кхаччалц долу бераш. Дукха хьолахь школехь йолчу интернатехь Iаш хуьлу и бераш, мукъаденошкахь, йа шарахь беа баттахь хуьлучу садаIаран ханна цIа а боьлхуш. Дешар дӀахьо инзаречу хьелашкахь: Ӏуьйранна 2:30 даьлча Iуьран ламазна гIиттабо уьш, ткъа урокаш йуьйлало 5 сахьт 30 минот яьлча. Дерриг а дийнахь бархӀ сахьт ду Къуръан Ӏаморна лерина. Билгалдаккха догӀу, берашна Къуръан Iамош ду, царна хууш Ӏаьрбийн мотт а боцуш. Дукха хьолахь школехь дешначул тӀаьхьа Ӏамабо цара мотт.

Цкъацкъа дукха кегий а болуш хуьлу берех хьафизаш. Масала, Кадыров Рамзана кест-кеста дуьйцу шен берашна кхетош-кхиорехь кхиамаш хиларх – масала, Кадырова Хадижат хьафизийн центре деша йаханера, билгалдаьккхина ма-хиллара, шен 13 шо долуш Къуръан дагахь Ӏамийра цо. Цуьнан жимахволу ваша Кадыров Ахьмад, доьзалан дас чIагIдарехь, кхечу берел а дика тасалуш вара дешарх. Хьафиз хилла иза Хадижатал а хьалха - шен ворхӀ шо долуш.

Амма Кадыровн жимахволу кӀант Адам "Оьрсийчохь уггар жима хьафиз" хилла дӀахӀоьттира – цо Къуръан дагахь Ӏамийна боху шен 6 шо долуш. ХӀинца 16 шо долу Адам шен ден кхерамазаллин сервисан куьйгалхо ву, тӀамна йолахой кечбечу "спецзанзан университетан" куратор ву иза, иттанаш гергга пачхьалкхан согIаташ а дира цунна. Къуръан дагорна лаьцначу 19 шо долчу Журавель Никитана йиттинчул тӀаьхьа делла ду цунна уьш.

Амма хьафизийн школехь дешаран а шен кхачамбацарш ду: бераш рогӀерчу школе ца доьлху, тӀаьхьо йукъарчу дешаран программина тӀаьхьакхиа гӀерта уьш. Цкъацкъа школехь церан дешарна Iаткъам а хуьлуш.

Лаккхара шиъ дешаран динан хьукмат а, хьафизийн бархI школа а йу Нохчийчохь. Республикан муфтийс Межиев Салахьа дийцарехь, хӀора школа йу Нохчийчуьрчу бусулба нехан Динан урхаллин бюджетан чоьто латтош.

Музаев Сайхана дешнашца, Оьрсийчуьра муфтияташ пропагандан гӀирсех цхьаъ бу. Царех дозуш хилар дуьззина Ӏедална муьтӀахь хилар ду, цундела хьафизийн школашна, долахь йолчу хьуьжаршна санна, дIакъовла кхерам ца лаьтта.

Иштта Музаевс аьллачунна тIетов Бирмингемерчу университетера Къилбаседа Кавказан эксперт волу Квахадзе Александр а. Нохчийчохь исламан дешарна централизаци йан гӀерташ бу уьш аьлла хета цунна.

"Исламан дешаран долахь йолу хьукматаш низамашкахь болх беш йу, бюджете йасакх а луш. Цундела цуьнца а догӀуш, даим а муфтиятан политикех тера йоцу политика дӀайахьа йиш йолуш бу уьш шайн дешаран процессехь", - аьлла хета экспертна.

Цунна хетарехь, и ду коьрта бахьана, тахана йозуш йоцчу республикера дешаран хьукматаш дIайаха хьийзаран.

  • Муфтиятийн структураш Ӏедало Ӏуналла деш йу, амма Къилбаседа Кавказан тайп-тайпанчу регионашкахь уьш къаьсташ йу. Нохчийчоьнан Динан урхалла, Кавказ.Реалии сайто къамел динчу говзанчаша дийцарехь, буьззинчу барамехь Кадыровс аьлларг деш йу.
  • Жигара суфизман Iилма даржош, радикалан салафизм бахьана долуш нахана тIаьхьабуьйлучу Нохчийчохь ткъе итт гергга динан вежараллаш, йа вирдаш ду. Шайн билгалоншаца и вежаралла цхьатерра хиларе хьаьжна доцуш, цӀарца республикин коьртачу Ӏедалша кхайкхийна ду шайх Кунта-Хьаьжин мурдийн вирд, цуьнан агӀонча ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG