ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДIалаьцначу Энергодарехь кадыровхойн казармехь эккхийтар хиларх дIахьедина украинхойн талламчаша


Украинера кадыровцаш, гайтаман сурт
Украинера кадыровцаш, гайтаман сурт

Украинан Запорьжье-махкара оккупаци йинчу Энергодар гIалахь нохчийн "Ахмат-1" ОМОНан казарма дIатарйеллачу гIишло чохь эккхийтар хилла, лазийначех-беллачех хаамаш бац. Цунах лаьцна дIахьедина Украинан тIеман министраллин талламхойн Коьртачу урхалло, кхечу официалан хьасташкара оцу кепара хаамаш бац.

Украинхойн талламчийн зерашца, эккхийтар дина "меттигерчу дуьхьалонан боламо", талламчашца цхьаьна йукъарло а лелош. Зорбане йаьккхинчу видеоца, тохар дина хилла дрон а лелош.

Инцидент хилла марсхьокху-беттан 28-чохь, хьалхо цигахь дара банкан дакъа – хIинца, чIагIдарехь, цигахь дIатарбелла кадыровхой. Хаамбо, эккхийтаро йохийна склад а, уьйтIахь дIахIиттийна машенаш а. Цул тIаьхьа цIе йелира, оцу меттиге цIейайархой а, лоьраш а кхечира.

Маса стаг велла, йа лазийна, информаци йац. Урхаллехь бахарехь, къастош ду и, маьршачу бахархошлахь хилла зен дац.

Кхинйолчу официалан хьасташа беш хаам бац Энергодарехь кадыровхой болчу меттигехь эккхийтар хилла аьлла.

ASTRA телеграм-каналан информацица, Энергодар гIалин пабликашкахь зорбане доху эккхийтаро йохийначу гIишлонан суьрташ, цхьана сурта тIехь гуш йоза ду "Цхьааллин Оьрсийчоь" аьлла.

  • Оханан-бутт бовш Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира, Украинина дуьхьал тIаме махкарчу Росгвардин урхаллин "Ахмат-1" ОМОН-н дакъош хьажийна аьлла. И дакъа вовшахтуьйхира 2022-чу шеран гезгамашин баттахь, мехкадаьттан комплексан гIишлош Iалашйен Росгвардин урхаллин полицин полк вовшахйаьккхинчул тIаьхьа. Пачхьалкхан "Грозный-информ" агенталлин хаамашца, 2000 стагана лерина йу иза. "Ахмат-1" ОМОН-н командир ву Рашаев Заурбек.
  • Кавказ.Реалиин редакцина хIинцале а хууш ду "Ахмат-1" ОМОН-н декъера 26 валарх – стохка дечкен-баттера схьа дуьйна дуьйцура церан кхалхарх лаьцна.
  • Росгвардин Нохчийчохь куп тоьхна дакъош формалехь феделаран урхаллина йукъа догIуш ду, ма-дарра аьлча, Кадыров Рамзанан куьйгакIел ду.
  • Товбеца-баттахь телеграм-каналашкахь а, социалан машанашкахь а даьржира Бахмутана гергахь дуккха а кадыровхой белла бохуш. Хьалхо ЧВК "Вагнеран" йолахоша дIатеснера цигара позицеш, шайлахь баккхий эшамаш хиларна. Оппозиционераша лач тоьшаллаш зорбане дехира, "Север-Ахмат" полкан эскархойх кадамаш бечу дуккхаъчу скриншотийн, иштта тIемаш бечийн видеош а, аудиош а. Кадыров Рамзан а, цуьнан го а масийттазза эфирашка бевлира, и хаамаш харц беш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG