Кхечу агIор, цIеххьана бусалба дин девзинчара Керла шо даздар къа ду, и де даздинарг динера валаран кхерам бу бохуш, хIора шеран гIура бутт бовчу муьрехь долош долу копипейст -даIваташ, церан десачу, интернетера схьаэцначу псевдоIилмано кхоьллинчу хабаршка ладоьгIча Iемата а Керла шо даздан дагахь ца хиллачарна а цхьа база дитт а хIоттийна, массарна а хоуьйтуш ша и де даздо кеп хIоттон лууьйтуш.
Амма и Малхбузерчу социалан системано шаьш бусулба хилар Iамийначу моллангийн хабарш тергал а ца деш аьлча, нохчийн къоман вайн заманахьлера даржар, дохар доладелла де-буьйса хетало гIура беттан 31-гIа де, хIинцачул 22 шо хьалха Соьлжа-гIалахь сел дера а, къиза а деана хилла долу. Цу дийнахь-бусий доладелча санна хетало нохчийн къоманна шен орамаш а, мехаллаш а, цаьрца цхьаьна шен мах а бицбала.
Дуьненчохь вайн заманахь масала ца хиллачу кепара шен маршо ларйан цу дийнахь-бусий гIаьттина хиллачу къоман тоьллачех бераш, серлоне кхевдина полларчийн санна, цу маршонан цIаро чахчийна, цхьаъ вукхунна тIаьхьа эга болабелча, церан могIарш де дийне мел долу нилхадовла дуьйладелча, ткъа царех мукъаяьлла меттигаш кхечара, тамашийначара, ямартачара, я гаррехь мостагIчун агIор бевллачара, я мостагIчунна агIор бовларна метта псевдо-динан риторика юхьар а лаьцна, чоьхьара къоман синан букъ кагбан арабевллачу „Iаданзачу Iахарша“, дайн Iадаташ а, дайн сийлалла а, дайн оьзда гIиллакхаш а Iесалла, я цара шаьш цунах ма-аллара, „джахIиллалла“ а кхайкхош, цу гIура беттан дийнахь-бусий къоман тоьллачу декъо гайтина тамаша сийсазбан болабелча, - хIетахь дуьйна нохчийн къам дакъошка декъадалар доладелча санна хетало, тIаккха и дакъош а, атом санна, дуккхаъчу керлачу дакъалгашка екъалуш йолу, къин а дIа а вовшах къесташ, вовшашна пебетташ, вовшашна пIелгаш хьежош, вовшашна цIераш тохкуш.
Хила а ца хилча санна и 1994-чу шеран гIура беттан тIаьххьара буьйса. Ца гIевтина хилча санна цу буса турпалхой. Ца эгча санна и турпалхой цу буса. Ца хьийсича санна уьш Iожаллина нийса бIаьрга.
Ца бийлича санна уьш мостагIчох ца башар гойтуш хелха, ца шершича санна цара тIеман кIуркIаманехь сонта ког. Аьлча... хелхар-м хьахон мегаш ца хилар дицлора цхьана мIаьргонна, хелхарш хьарам кхайкхочу, шаьш аьмма хелхаран гIулчаца хьовха, тебна а, охьатаьIна, чIинчIар хиина я керт лаьцна а цу къонахаша тIом болчу метте чакхарма улле баха ца баьхьначара хIинца нохчийн хелхаршна а „такфир“ кхайкхина хилар дийлора минот ца аьллехь цхьана мIаьргонна. Делах тешна...
Цхьана агIор, гIура беттан 3ё-гIа де-буьйса а, цу де-буьсана гIиттина а, эгна а болу нохчийн латтано кхиина, нохчийн къоман мехкарий а, кIентий а хила а ца хилча санна халкъан иэсара дIабаха гIертачара лаг лаьцна, ткъа вукху агIор шаьш а хIинца а им диллина а боцучу наха бусалба дин хьоьхуш, къоман массо а амат цу къомацара дIадаккха гIерташ кIацаш еттачу нохчийн къоман таханлера хьал иштта тамашийна а, даьржина а, кегаделла а хилар цецволийла а дац аьлла хетало.
И къам шен хIинцалерчу муьрехь уггаре а чолхечу этапах чекхдолуш хиларна – ша шех кхета, ша шена довза, ша шеца тан гIертаран, амма иза муха дан йиш ю ца хааро лазамехь латторан этапах.
Ишттачу муьрех чекхдийлинчу кхечу къаьмнийн масалша амма гойту кийрахь сатийсам а, йовхо а кхуллуш долу хIума – ямартхойн яххьаш тIера тутмIаьжгаш цкъа а мацца легий а охьалегар ю, Делан динах хохку дин а бина, шаьш им дилларна метта нехан иманаш дуьйцуш лелачара яьккхина чопа а юьжур ю, кхуьур ду керла чкъор я, йоьрзур ю чевнаш а.
Амма цкъа а нохчийн къоман исторера дIадайъалур дац 22 шо хьалха Керла шо тIедогIучу буса Соьлжа-гIалахь а, йоллучу Нана-Нохчийчохь а летта хилла адамаллин, турпаллин суйнаш, цкъа а къоман иэсара йовр яц цу суйнаша серла яьхна хилла тоьллачу къоман берийн яххьаш. Вайн заманахь ширчу иллешкара турпалхой ма бийцара, цIерашца девзар а, дуьйцур а ду халкъо и шен бераш. Цкъа мацца а.
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832