ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Дика даьхна вай". Политолого дуьйцу Къилбаседа Кавказах лаьцна харжамаш хилале а, хиллачул тIаьхьа а муха дара


Кадыров Рамзан а, цуьнан нана Кадырова Аймани а ду Оьрсийчоьнан парламентан харжамашка деана. 2021 шо, гайтаман сурт
Кадыров Рамзан а, цуьнан нана Кадырова Аймани а ду Оьрсийчоьнан парламентан харжамашка деана. 2021 шо, гайтаман сурт

Ши кIира а ца диссина Оьрсийчохь харжамаш хила. Церан жамIаш хIинцале а дина ду боху, и бакъ хиларх кхин цкъа а тоьшалла дира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цо диллина дIахьедира: шен махкара бахархоша меттигерчу Iедалхоша аьлларг дийр ду аьлла. Делахь а, къилбан а, Кавказан а бахархой хIинца долчу Iедална дуьхьалбуьйлу: масала, тIамана дуьхьал волчу Надеждин Борисехьа куьйгаш гулдечу хенахь, йа Навальный Алексейн безамна цIеххьана хIиттийначу хIолламашкахь зезагаш дохкуш, шаьш леца кхерам лаьтташехь.

Оцу боллу хиламаша кхерам латтабой-те меттигерчу республикийн куьйгалхошна? Ша Путин Владимирна муьтIахь хилар йуха а жигара дIагайта стенна гIерта Кадыров Рамзан, шен цхьахволу кIант шен метта хIоттон Нохчийчоьнан урхалхочо кечво бохург а, мел бух болуш ду? Харжамаш хиллачул тIаьхьа хир йуй-те протесташ, стенна кечам бан дезар ду кху шарахь? Цунах лаьтцна Кавказ.Реалиин редакцино къамелдира политологца Преображенский Иванаца.

– Хьуна хетарехь, пачхьалкхехь тIаьххьара хиллачуьнца доьзна регионашкахь протесташ гIиттор тергал дирий Кремлехь?

Преображенский Иван
Преображенский Иван

– Шеко йоцуш. "Социалан-политикан стабилалла" олург – губернаторийн белхан мах хадоран официалехь цхьа кеп йу. Амма, хIора регионехь "харжамийн" сурт диллар Кремльна чIогIа коьрта ду, вийначу Навальный Алексейна безамна хIолламан акцишка а буьлуш, нах жигара хьийзарал а. Цундела дуьххьалдIа хьесапаш дийр дац: псевдохаржамийн жамIашца лорур ду цара.

– Дагестанан бахархоша некъаш дIакъуьйлу, шайна ток а, хи а даладе бохуш, цигахь петарш лоьлху газ бахьана долуш, нехан могушалла талхош йу хи боьха долуш. Мобилизацина дуьхьал уггар а йаккхий митингаш хилла кхузахь, стохка – ХIинжа-ГIалара аэропортехь дина къепедацарш, дозанал арахьарчу зорбанашкахь а цхьаьна дийцира цунах лаьцна. Цкъачунна мехкан урхалхо Меликов Сергей шегарчу даржех ваьлла вац. Цуьнан тIаьхьало муха хир йу-те, нагахь санна республикехь Путинехьа аьзнаш "дахкахь"?

– Меликовна доккха тохар хилира оцу антисемитан дуьхьалонах: со нийса кхетахь, дIаваккха новкъа ваьллера иза. Амма республикехь цIанйира дуьхьал лаьтта кланаш, оцу кепара хIума кхин ма хилийта аьлла, дIа а хьедира, иштта барт бира Кремльца а. Лаккхара тешаман кредит кхаьчна Меликовна Путинан агIор, хIинца а иза дIаваьккхина цахиларна.

Оьрсийчоьнан доккха дакъа дIадаьккхича, Дагестанехь Навальный Алексей "шайн" политик волуш санна тIе ца оьцура

ХIинца цуьнан хьал цIеххьана телхар ду бохург, бакъ ца хета. Дагестанехь харжамашца "сурт хIотторца" а проблемаш хир йац аьлла хета суна. Дуьхь-дуьхьал тийсадаларш а, къийсамаш а регионалан харжамашкахь хуьлучух тера ду, цигахь вовшашца къийсало кеп-кепара кегийчу къаьмнийн тобанаш, криминалан а, Iедална гергарчу кланан а. Цигахь хила тарло дагахь доццург. Амма федералан харжамаш вай бийцахь, "спецопераци" йу Путин йухахIоттош, федералан центрна хьалха цхьа а ца хIутту бехке хила цигахь.

Аэропорт схьайаьккхинчул тIаьхьа а Меликов виссинехь, кхин дIа а лаьттар ву иза – ЖКХ-ца йолчу цхьана а проблемаша новкъарло йийр йац.

– Путинера тешаман кредит кхаьчна элир-кх ахь Меликовна. Цунна дуьхьал хIун делла хир ду цо?

– Республикехь чолхе ситаци хиларан жамI дацара аэропортехь цхьа мостагIий лоьхуш хилла хIума дара аьлла, тоьшалла динчух тера ду Меликовс, аьлла хета суна. Меликов дIаваккхархьама республикана чуьра цхьана ницкъаша къепедацарш лелийначух тера ду аьлла. Цо Кремль тешийначух тера ду, къепедацарш Iедална а, Путинна а хьовзам баккха лелийна хила тарло аьлла. Иза виссинехь, цуьнан аьтто баьлла, важа тешон.

– Хьалхо аьлла ма-хиллара, Дагестанан бахархой ца кхоьру арабовла муьлхха а харцонна тIехула, ток дIайаккхарна тIера, Украинана дуьхьал кхайкхийначу мобилизацина дуьхьал бовларна тIекхаччалц. Амма Навальный Алексей кхелхинчул тIаьхьа оцу тайпа хIума аьттехьа а хилла дац. ХIунда?

– Орсийчоьнна кхин агIо йу хIара, цигахь нехан бала бац йаккхийчу гIаланашкахь болчийн а, демократин йукъараллин а хуьлучу интересашца. ТIехула тIе шен хенахь Навальныйс реза воцуш дуьйцура Къилбаседа Кавказера коррупцих лаьцна. "Тоьар ду Кавказ кхаба" боху лозунг а массарна а дагахь йу. Суна хетарехь, Оьрсийчоьнан доккхачу декъе хьаьжча, Дагестанехь Навальный Алексей "шайн" политик волуш санна тIе ца оьцура.

– Цигахь цуьнан штаб ма йара, Къилбаседа Кавказан кхечу цхьана а махкахь хилла а йоцу?

– Йара, хIунда аьлча, регион проблеме хиларан тIегIа чIогIа лакхара хиларна. Амма цигахь йоллу протесташ хиллачул тIаьхьа, суна хетарехь, Дагестанехь цхьа а ца виссина, мемориалан акци хIоттон де долуш, протесташ йуьйцур йацара.

– Хинболу харжамашкахь кхин а йалх шарна харжа тарло Путин, 2030-гIа шо кхаччалц. Кхожан жамIаша, массарна а уьш муха хир ду хууш ду, Кавказехь, доккхачу декъана Дагестанехь а, цхьа а дуьхьалвоккхур ву аьлла хетий хьуна?

– Вац аьлла хета суна, хIунда аьлча, регионалан протесташ дикка бихкина бу региоаналан проблемаш тIехь, дIоггара доккха хIума хилча нах кийча бац протесте бовла. Шаьш "куьг Iотта" йиш йолу, шайна уллора долчунна дуьхаьлбовла бен кийча бац уьш. Протест чIогIа йоьзна йу латтанца, хьан бIаьргашна хьалха долчуьнца: шун дайн кешнаш, шун ЖКХ, шун экологи. ТIаккха кийча бу нах арабовла.

Кхин цхьа хIума а ду, йоллу Оьрсийчуьра регионашкахь кхоьру политикан протестех лаьцна дийца. ХIан-хIа, цхьа кега-мерса, дахарца доьзна Iалашонаш кхочушйайта хьийза адамаш.

– Къилбех дерг аьлча: Ростов, Краснодар? Цигахь хуьлийла дуй акциш?

Дицдойла йац вайн, Кадыров Рамзанан могушаллица долу хьал хIинца а хийцадаланза ду

– Хила тарло, амма псевдохаржамашца йоьзна митингаш дIахьур йу бохург бакъ ца хета суна. Цхьа боккъал а протесташ хир йац аьлла хета суна, хIунда аьлча, Iедалхой кхетта ца Iаш, оппозицина а дукха дика хаьа: муьлха харжамаш ма-дарра аьлча буьйцуш бац. Кхин цкъа а – Путин Владимир йуха дIахIоттош хIара "леррина операци" йу. Наха догдиллина, Путин вара, Путин вуьссур ву.

– Цхьана кIиранчохь Нохчийчохь президентан Путин Владимиран цIе тиллина Соьлжа-ГIаларчу микрорайонна а, "спецназан университетана" а, цигахь кечбеш бу йолахой. Харжамаш тIекхачале Кадыровн суждане вахар ду и боху, иштта и делахь, хIун маьIна ду цуьнан? Кадыровна кхерам буй, оццул чIогIа шен муьтIахьалла дIагайта?

– Дицдойла йац вайн, Кадыров Рамзанан могушаллица долу хьал хIинца а хийцадаланза ду. Шегара хьал цо дIанисдинехь, цIеххьана вала кхерам бовш бац. Дукха хан йоццуш Москва вахар, цигахь бевзачу хьаькамашца суьрташ дохуш, уьш социалан машанашкахь даржийра цо, шена муьтIахь тоба кхолла хьийзаш, жигара болх беш а, нагахь санна, шена цхъаъ хилахь а, ша къобалвинарг харжийта. Йа шена муьтIахь хилийта дагахь доцуш болх ца балуш виссахь а.

Цундела Нохчийчоьнан куьйгалхочо 150% дIагойту ша президентана муьтIахь хилар. Вукху агIор, Кадыровна хаало Оьрсийчоьнан Iедалан системехь хуьлу хийцамаш. Системина йукъахь шен хьал хийца хьийза Путин, ЧВК "Вагнер" путч йан гIоьртинчул тIаьхьа. Классикан диктатор-персоналист хила хьийза Путин, Кадыровна и гуш ду, цунна томехь дерг цо дан а до.

Шена герга бахка хьийзаш губернаторша шен цIарах гIишлош хIиттош йу аьлла, Кремльна хIинццалц схьа хеттехь а, хинца Путинна диктаторна санна лаьа, ша гуттар а хеставойла. Оьрсийчухула и тенденци йаржа тарло псевдохаржамаш хиллачул тIаьхьа, хIунда аьлча, сан прогнозца, Путин йукъахь волуш хIара тIаьххьара Оьрсийчохь президентан харжамаш бу. Кхин дIа хиндерг, тарло, харжамаш цIе йоцуш хила – альтернатива йоцу билламе плебисцит. Навальный вере хьаьжча, оцу сацаме Путин хIинцале а кхаьчна.

– Тхан редакцино кест-кеста дийцаредо шун коллегашца а, кхечу эксперташца а Нохчийчохь хуьлучух. Оцу дийцаршца, Кадыров Рамзан кийча хуьлу гIулчаш йагарйеш дикка хьалхавала, цо говзаллица манипуляцеш лелайо адамашна тIехь. Оццул хьекъал долуш ву иза?

– Вац, хьекъал долуш вац иза, цуьнан шеко а йац. Амма хIиллане ву, ас эр дара, акхаро санна: дан дезарг хууш ца хуьлу цунна, инстинктехь хаалуш хуьлу, муха дан деза. Iедалехь дуккха а хаамаш бийраш бу цуьнан.

Дала делла нах бац цунна уллохь берш, амма тоъал хаарш долу нах бу. Системин кIорггехь ву Кадыров, цунна гуш ду формалехь йоцуш цо болх муха бо. Ма-дарра аьлча, Путин а вац кхин хьекъал долуш, амма цуьнан ницкъ кхаьчна, ша пайден хинволу система кхолла, - изза система йу Нохчийчохь а. 2004-2005-чу шерашкахь Кадыров автомат карахь тентаг хиллехь, хIинца Оьрсийчоьнан Iедалехь 20 шо хан йаьккхина стаг ву иза. ХIиллане, тешнабехке ву иза, цунна хIораннан лелар го, дог-ойла хаьа, хIоранна а товш дерг леладо цо. Иштта нисло-кх, хIокху диктаторан системехь иза пайден хилар а. Сирлачу демократин системехь кханнехь Iедал карара дер даара цуьнан.

– Нохчийчоьнах лаьцна тIаьххаьар хаттар: шен берех цхьахверг Кадыровс шен метта кечвеш ву бохург, мел бух болуш хета хьуна?

Кадыров Рамзане дегара кхаьчна Iедал, шен гергарчех цхьанга Iедалан мукъ бала хьийза иза а – воккхаволчу Ахьмаде бала тарло

– 100% и бакъ хила йиш йу аьлла хета суна. Цхьана хенахь леррина терго латтийна ас, Нохчийчоьнан урхалле цуьнан кхачаран. ХIинца цо лелочуьнга хьаьжча, ши проблема йерзон хьийза иза: мехкан урхалле хIотточун хан ларар йукъарадаккхар, хIунда аьлча, оцу дозанаша чIогIа новкъарло йо цунна шена; мел а муьтIахь волуш, шена уллора стаг оцу дарже хIоттор а.

Кадыров Рамзане дегара кхаьчна Iедал, шен гергарчех цхьанга Iедалан мукъ бала хьийза иза а – воккхаволчу Ахьмаде бала тарло. Цундела вукху кIантана, Адамна, тIе алсам терго узу цо, воккхахволчунна тIера тидам дIа а баьккхина, паргIат карьерехь иза хьалхатетта.

– Кавказера къоман боламийн аьзнаш зевне хезон долийра, къаьсттина дозанал арахьара, пачхьалкха чохь оцу кепара боламаш хаалуш бац. ТIаьхьало йуй церан?

– Йу аьлла хета суна, Кадыров Рамзан Iедалан коьртехь хIинца а волуш хиларна.

Йоккха кризис йоьдучу заманчохь къоман кхетам кхуьуш бу аьлла хета. Дагестан мел а йоьлла йу цунах, хIунда аьлча, тIаьххьарчу ткъех шерашкахь цхьа къам ду цигахь кхоллалуш. Уьш оьрсийн мотт буьйцурш бу, амма дуккхаъчу къаьмнех болу – цундела, дагестанхойн идентификалле атта дуьхьало йалур йу билламечу йоллу Оьрсийчоьнан идентификаллина.

– Дийцахьа, кху шарахь хьо стенна кечлуш ву? Кхеташ ду, дикане сатийса лаьа, делахь а, хьуна хьайна хIун хир ду аьлла хета?

– Сан прогноз – хIара бу боху харжамаш бирзинчул тIаьхьа цIеххьана репрессеш лелор чIагIдийр ду, оппозици ала йиш йолчарлахь гIаддар хаалур ду.

Цхьаммо цхьа дика дешнаш элира: Навальный Алексей волуш, хетара, уллохь цхьа воккханиг ву, цо йоллу проблемаш йерзор йу, ахьа цунна донаташ латтийчхьана. Навальныйн кхалхарца дегайовхо дIайаьлла, Оьрсийчоьнан политикан рожехь ницкъ ца беш трансформаци хир йу аьлла. Адамашна хан оьшу, цунах кхета, цул тIаьхьа режимна дуьхьал тIом болор бу.

Цкъачунна кху шарахь депресси хир йу, тIом а кхин дIа а бийр бу, репрессех чIагIйийр йу: цкъа хьалха ЛГБТ-йукъараллашна а, политикан оппозицех биссинчарна а дуьхьал, цул тIаьхьа – кхин а, кхин а шуьйра, дуккха а нахана репрессеш йеш.

ХIора рогIерчу гобаккхарехь хьийзон нах алсамбевр бу – цу тIе Оьрсийчоьнан набахтен системехь керла нах оьшу, тIом боьдучу йукъанна меттигаш мукъабевлла цигахь. Олуш ма-хиллара, дика дехаш хан йеъна вайна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG