Къоман мотт Iалашбан а, кхион а вовшахтоьхна хиллачу экспертийн кхеташонан декъашхойн могIарш карладаьхна Кадыров Рамзана. Нохчийн меттан Институтан лакхарчу Iилманан белхахочун Аболханов Хьаькиман а, "Даймохк" газетан редакторан гIовс волчу Дадаев Сайд-Хьасанан а меттана оцу кхеташонна йукъадахийтина Кадыровн бераш: 24 шо долу Хадижат а, 18 шо долу Ахьмад а. Кавказ.Реалии сайто къастийра, хIун болх бо экспертийн кхеташоно, мел маьIна долуш ду цуьнан декъашхой хийцар а.
Экспертан тIегIа
2023-гIа шо нохчийн меттан хилар дIакхайкхош, Кадыров Рамзана дIахьедира, цуьнца доьзна шен тIедилларца вовшахтоьхна экспертийн кхеташо йу, ша коьртехь а волуш, мотт Iалашбан Iалашонца. ХIетахь Iедалхоша дош делира нохчийн маттахь дешаран пособиш, киншкаш, дошамаш арахоьцур йу, "700 сов тематикехь барамаш" дIа а хьур бу аьлла. Масала, бархI миллион сом йукъадиллина нохчийн меттан хаарш къовсуш конкурс дIайаьхьира. И совгIат кхечира лакхахь хьахийначу экспертийн кхеташонан декъашхочунна Бурчаев Хьаьлимна, йаздархойн союзан декъашхо а, журналист а ву иза.
Нохчийн мотт Iалашбан кхоьллинчу кхеташонах лаьцна Бурчаевс дийцира 2016-чу шарахь – цуьнан дешнашца, экспертийн Iалашо йара махкарчу литературехь а, хаамийн гIирсашкахь а меттан бакъонаш лайарна тIехь Iуналла латтор а, мотт Iамор, хьехар аттачу даккхар а.
Билгалдаьлла, оцу тайпа кхеташо 2014-чу шарера схьа дуьйна хилар, цуьнан цIе хийцалора – кхузаманан кхеташонан къепеш тIечIагIйира 2019-чу шарахь. Оцу низамашца а догIуш, цу йукъахь хила тарлора "нохчийн филологин говзанчаш, Iилманан, культурин, йукъараллин организацийн, вовшахтохараллийн векалш".
Охьадагардинчех муьлхарниг ду КадыровгIеран Хадижатца а, Ахьмадца а догIуш, хууш дац. Омрана тIехь билгалдаккхарца, Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоI кхеташонан куьйгалхочун гIовс хIоттийна. И бохург ду, Хадижат президиума йукъайахар, ткъа цо билгалдоккхуш ду мотт Iалашбеш дан дезарг.
Филологица хIун гIуллакх долуш йу Хадижат, ца хаьа. Кху шеран дечкен-баттера схьа дуьйна мехкан урхалхочун а, министрийн кабинетан а администрацин куьйгалхочун гIовс йу иза. Цул а хьалха 24 шо долу Кадырова Хадижат Соьлжа-ГIалара школазхойн дешаран департаментан хьаькам йара. Оцу дарже хIоттийнера иза 2020-чу шарахь. Цул тIаьхьа дукха ца Iаш Кадыров Рамзана "хьакъйолу социалан сферин белхахочун" цIе йелира цунна, "Нохчийчоьнна гIуллакхаш дарна" мидал а, Кадыров Ахьмадан цIарах лаккхара орден а кхачийра.
Нохчийн меттан статус ойбур йу, мотт кхиор бу аьлла, цхьана а хIумане сатуьйсийла дац кхеташонера
Хадижатан ваша, Кадыров Рамзанан воккхаха волчу кIантах Ахьмадах экспертиийн кхеташонан декъашхо вина. Чиллан-баттахь цуьнга кхачийначу Нохчийчуьра кегийрхойн гIуллакхашкахула министран даржаца цхьаьна бийр бу цо кхеташонехь болх а. Деден цIарах орден цуьнан а йу, "кегийрхойн политикан сферин хьакъволу белхахо" а ву иза ишта, "Терроризмаца къийсам латторна" аьлла, некха тIехь лело билгало йелира цунна. Цхьана а кепара филологица гIуллакх догIуш йа иза а вац.
2019-чу шарахь нохчийн мотт Iалашбан кхоьллинчу кхеташонан декъехь 22 стаг вара, царех шиъ – Кадыров Рамзан а, цуьнан администрацин хьалхара гIовс Байсултанов Идрис а говзаллин кечам болуш вацара. Керлачу декъехь оцу тайпа мел лахара а виъ ву хIинца – Кадыров, цуьнан ши доьзалхо, 32 шо долу церан гергара, махкара спортан министр Ибрагимов Iийса а.
Мотт Iалашбарехь цхьана а кепара баккъал а маьIне дац экспертийн кхеташоно лелориг, чIагIдо Европехь болх бечу "Цхьааллин ницкъ" оппозицин боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата. "Бюджетан ахча ловзориг" йу бохура цо и орган.
"Литературин нохчийн мотт ца кхиийта шайн ницкъ мел берг дина Советан заманахь. Оьрсийчоьнан кхечу кегийчу къаьмнашлахь а изза хилла. Амма Кадыров, Путина ша къастийна хиларе терра, нохчийн къоме хьалха хилча, цо бухера дуьйна реформа а йина, нохчий мотт лелабойтур бара белхан кехаташца а, Iилманехь а, культурехь а. Нохчийн меттан статус ойбур йу, мотт кхиор бу аьлла, цхьана а хIумане сатуьйсийла дац кхеташонера", - элира спикеро.
Тоьлла дешархо а, эша ца лун спортхо а
Кадыров Рамзанан бераша школехь а, лакхарчу доьшийлашкахь а хиллачу дешарх хууш кIезиг ду. 2022-чу шарахь воккха волчу кIанта Ахьмада чекхйаьккхира йукъара школа, аьлча а, деден Кадыров Ахьмадан цIарах йолу элитан дешаран Центр.
Долара школа санна и схьайиллинера 2015-чу шарахь – Нохчийчоьнан куьйгалхочун доллу бераш, оцу заманчохь 15 шо долу Хадижат а, 10 шо долу Ахьмад а цIахь доьшучуьра цига дехьадаьккхира. Цаьрца цхьаьна доьшуш дара Нохчийчоьнан куьйгалхочун бIанакъостийн бераш, масала, парламентан куьйгалхочун Даудов Мохьмадан.
КадыровгIеран резиденцина уллохь йиллина центр йуьхьанца долара школа йара, кхузахь кхиндолчуьнца цхьаьна оьшу гIирс чохь болу лабаратореш йара, кегийчу классашкара дешархошна садоIуш дIадийша меттигаш а бара, цергийн лоьран ши кабинет а йара. 240 берана а, 80 хьехархочунна а аьлла лерина йара школа – царна а конкурс хIоттийра, кхечу регионашкара балха баьхкинчарна чохь Iен хIусамаш йелира.
Мехкан урхалхочо чIагIдора, инвесторийн ахчанах школа йина йу, амма церан цIераш ца йехира цо. Мел мах бу цигахь доьшург а, хууш дац, ама бакъду, "Спарк" системехь тIаьххьара йинчу чоьташца, 2022-чу шарахь школана кхаьчна 7 миллион сом, ткъа кхин а цхьа шо хьалха – 53 млн сом.
2023-чу шарахь элите школа пачхьалкхан хилира, цуьнан цIе хийцира, Нохчийчоьнан дешаран миниистраллин дола йаьккхира и. Дийцарехь, цтигахь дешар маьхза ду хIинца.
Кадырова Хадижат хьафизийн центре йахара деша, цул а хьалха, шен 13 шо долчу хенахь, шина шарахь дагахь Iамийра цо КъорIан. Цул тIаьхьа шо даьлча школехь дешар доладелча, Хадижат тоьлла дешархо йу аьлла дIакхайкхийра, школехь президент а хаьржира иза, дешар дашо мидал а йоккхуш, дерзийра цо. Центран официалан каналехь Хадижат, цуьнан да-нана а, боллу вежарий, йижарий а санна, кест-кеста декъалйо кеп-кепарчу дезачу деношца, йа царна рогIера совгIат дахь.
Цуьнан ваша Кадыров Ахьмад, доьзалан дас чIагIдарца, вукху берел а дика тасало дешарх. Хьафиз хилла иза Хадижатал а хьалха – ворхI шо долуш шен. "Дешар тIехь дика хаарш гайтар" билгалдоккхура меттигерчу телеканалехь, 15 шо кхаьчначу Ахьмадан цIарах спортан комплекс схьайоьллучохь. Дешархочо дешарна а, динна а тIехь масал гайтина ца Iаш, профессионалан спортехь а цхьаьна гойту алархьама дина хIума дара и. Ийначу кепехь латаран "Ахмат" клубехь ша Iемаш хиларе терра, цхьана а тийсадаларехь эшийна вац иза.
2018-чу шарера схьа дуьйна "премиум-бакъонашца" лелаш ду Кадыров Рамзанан бераш – школе баха цхьана а тайпа декхар дац царна тIехь, дуьйцу нохчийн жигархочо Янгулбаев Абубакара.
"Хууш ду, жимчохь дуьйна тоьлла хьехархой лаца гIертар Кадыров, къаьсттина меттанийн хьехархой. Хьехархой а, цаьрга хьажа нах а хилийта. Цаьрца цхьаьна резиденцихь Iаш бу уьш", - дийцира Янгулбаевс.
Нохчийчуьра хьолана тIехь терго латточу Оьрсийчоьнан политологан, шен цIе йаккха ца лиира цунна репрессийн низамаш чIагIдарна, дешнашца Кадыровн берийн дешарх лаьцна билгалдаьккхина хIума олийла дац.
Герз дика туху, ткъа йеша ца Iемина
"Хууш дац, баккхийчийн дешар муха хилла, школехь муха дика чекхбевлира уьш, - уьш хестор церан фамили бахьана долуш ду, суна хетарехь, жоп вайна массарна а хууш ду. Кадыровн йоьIарий жимма хIума хууш бу аьлла, сурт хIоттахь а, кIентий, бакъдерг дийцича, цара герз дика туху, амма йеша ца Iемина царна", - элира къамелдечо.
Кадырова Хадижатан оцу мотт Iалашбечу, кхиочу кхеташонехь дакъалацарехь цхьа пайда хила тарлахь а, берийн дешаран литература а Iамийна цо хиларна, Ахьмадан дакъа шеконе дуьллу. Йиллинчу хьасташкарчу хаамашца, филологихь цхьана а кепара хаарш дац цуьнан, йа чекхйаьккхина лакхара доьшийла а йац.
Цул совнах, регионалан Iедалхошкахьа йолчу "Хьалхарчийн боламан" куьйгаллехь волчу хенахь цуьнан камерана хьалха дуьххьара вистхиларо дуккха а нах цецбохуш комментареш йитира нохчийн телеканалан агIонехь а цхьаьна. Бахьана дара – зорбанийн гIирсашна лерина цо халла дIадешна хаттар.
Цунна долчух тера ду, стохкалера шо довш дуьйна министран гIанта хиъчахьана Кадыров Ахьмадан камерех къехкар. Шен белхан гIуллакхца дIасавахарх, профилан кхеташонашкахь, йа шен инициативех дуьйцуш видео тIехь вист ца хуьлу иза ур-атталла. Цуьнан метта камерашна хьалха кест-кеста гучувийла ваьлла цуьнан жимахволу ваша Адам, цуьнга кехата тIера бIаьрг а дIа а боккхуш йешало.
Мотт ларбечу экспертийн кхеташона йукъа Кадыров Рамзанан бераш дахийтар практикехь маьIне дац, тешна ву йукъараллин гIуллакхдархо Кутаев Руслан. Цунна хетарехь, рогIера пиар-акци йу иза.
"Нохчийн меттан хаарш а, кечамабаран тIегIа а цу йукъара баьхначу говзанчийн хиллачул а Кадыровн берийн лакхара йу аьлла, суна ца хета. Цхьана процессан декъаой уьш бу аьлла, билгалбахар бен дац и. Со боккъал а тешна ву, Кадыровн бераш ден метта кечдеш ду аьлла. Муьлха къастор царех, хууш дац Оьрсийчоьнан президентан администрацихь а ур-атталла. Цундела массо а ву кечвеш, массо а хьалха а тоьттуш", - дерзийра Кутаевс.
- Лахьан-беттан 30-чу дийнахь йолийна гIуран-беттан 12-чу дийне кхаччалц Дубайхь дIахьочу СОР28 климатан саммитехь хилира Нохчийчоьнан куьйгалхочун бераш Оьрсийчуьра йахначу делегацин тобанца. Буьйцурш бу КадыровгIеран 18 шо долу Ахьмад а, 23 шо долу Хадижат а – церан болх цхьана а агIор боьзна бац климат хийцарца долчу хеттаршца. Регионан куьйгалхочун доьзалхой, церан статус ойбуш, политикан дахарна жигараллица йукъаийзор ду хIара дIахьош дерг, билгалдаьккхира Кавказ.Реалии редакцино хеттарш динчу эксперташа.
- ГIадужу-баттахь мехкан вице-премьер хIоттийначу Нохчийчоьнан куьйгалхочун 24 шо долу йоккхаха йолу йоI Кадырова Iайшат гIуран-баттахь регионера масех кхеташонийн, комитетийн кхеташонашна йукъайахийтира.
- 16 шо долчу Кадыров Адамна керла совгIат делира –Дубайхь дIахьаьхьначу спецназан UAE SWAT Challenge къийсадаларшкара мидал. Республикин куьйгалхочун кIанта къийсадаларшкахь дакъа ца лаьцнера, амма совгIат схьаэца массарел а хьалха сцени тIе велира иза. Лаьцна латточу Журавель Никитина йиттинчул тIаьхьа масех официалан совгIат а, даржаш а делира цунна. Оьрсийчоьнан тIеман министраллин Шейх Мансуран цIарахчу батальонан куратор вира цунах. Дечкен-баттахь оцу даржехь волчу цо кхерамаш тийсира Малхбузера а, Украинера а шен ден мостагIашна.