ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Диктатурех тера ду": зударшна дуьхьал лелон зуламаш хIунда ца толлу Кавказехь


Дагестан, Каспийск. Гайтаман сурт
Дагестан, Каспийск. Гайтаман сурт

Къилбаседа Кавказера бахархой къаьсттина кест-кеста кIелхьарбуьйлу зударшна дуьхьал динчу зуламашна тIехула таIзар дечуьра. Дуьйцург ду зударех летар, уьш хьийзор, бераш лечкъор – хIара а дерриг а дац. Кавказ.Реалии сайто зийра, полицино ишта гIуллакхаш хIунда ца луьсту.

Москвах хоттайеллачу Путилково эвлахь 30 шо долу Нохчийчуьра вахархо Абдулаев Изновра нахана йуккъехь тIелеттера шен зудчунна, месаш тIера а лаьцна некъа бохалла текхийра цо хIусамнана, церан жимачу берана хьалха садукъдора. Полицино протокол хIоттийра харцахьа лелла аьлла; ткъа цо балехь йаллийнарг, хетарехь, ца йаьллачу денна делахь а, реза ца хилира шен цIийндена дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даккхийта.

Полисхоша жоп делира: майрчунна а, зудчунна а йукъа тхо ца гIерта

Оханан-бутт бовш бакъоларйархошка орца дехнера Смелая Марияс. Цо латкъамбинера Нохчийчуьра вахархочунна, шен цIийндена Шабазов Чингисханна, цо доьзалехь ницкъбо шена, кхерамаш туьйсу аьлла. Дукха ца Iаш Москвара шелтерера шен хIусамнана лачкъийра цо. Смелая а дуьхьал хилира полици цунна дIахьедан, амма тIаьхьо видеокхайкхам бира цо, Шабазовс жима бер схьадаьккхина шегара, ишта телефон а, кехаташ а дIаэцна бохуш, дийцира цо.

Шен хIусамда хиллачо а, цуьнан вашас а масийттаза йитинна ГIалгIайчуьра йахархочунна Баркенхоева Индирина, иза шен кIентий ган гIортарна.

Гергарнаш, доьзална бевза-безачу нахехь лийхира цо шен бераш, полицига гIо дехнера, амма уьш дуьхьал хилира бехкзуламан гIуллакх айдан. Кавказ.Реалии редакцин информацица, Баркинхоеван хиллачу хIусамдас а, цуьнан вашас а кхерамаш тийсинера зудчунна, хIинца а шаьш иза йуьйр йу бохуш кхерамехь латтош йу цара иза.

Калининградан кIоштара йахархочо Самусенко Ангелинас стохка масех дIахьедар дира полицига шен хIусамда, Нохчийчуьра вахархо Сосланбеков Аслан (тоххара шен цIе хийцицна цо Макаров Руслан Михайлович аьлла) дIавалхош. Цо аьрзнаш дора шена йеттарна а, ша а, хьалха маре йахначохь йина йоI а йуьйр йу бохуш, баланехь ша йаллорна. Иштта шаьшинан йукъара бер – кхо шо долу йоI- схьадоккхур ду а баьхнера цуьнга. Цуьнан дIахьедаран цхьана а кепара терго ца йира полицино, шена йиттина хиларх Самусенкос тоьшаллаш а дина доллушехь. ХIинца а кхоьруш хан йоккхуш йу иза, шена берашна а, шена а цхьаъ цо дарна.

Мангал-беттан йуьххьехь Кавказ.Реалиин редакцина хиира оцу кепарчу кхин а цхьана гIуллакхах лаьцна – Дагестанехь хиллачу. ХIинжа-ГIалара йахархочо Тамарас (цуьнан кхерамзалла ларйеш зудчун бакъйолу цIе ца йовзуьйту оха), гIо дехнера полицига, ша шен хIусамдех ларйар доьхуш – цо йетташ, доьзалхочух йолу зуда хьийзош хиллера, цуьнгара ахча а схьадоккхуш, йуьйр йу бохуш, кхерамаш а туьйсуш.

"Ас элира цаьрга: нагахь санна, соьгара дина арз аш чу оьцуш дацахь, иза лаца аш цхьа барамаш ца лелабахь, суна шуьгара кехат оьшу, ас и Москвара прокуратуре хьажор ду, шуна латкъам а бийр бу". Полисхоша жоп делира: хIусамдена а, зудчунна а йукъа тхо ца гIерта", - дийцира бала хьоьгучо.

"Полицина ца деза оцу тайпа гIуллакхаш"

ХIусамехь бала хьегийтарх Оьрсийчохь гуттар а ца толлу гIуллакхаш, чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедар чуэцнехь а, дуьйцу шен цIе ца йоккхуш адвокато. Масийттаза Къилбаседа Кавказехь ницкъ латточийн интересаш Iалашйина цо.

"Зудчунна тIелатар дина меттиг хилахь, и гIуллакх таллар дIадахло дехха. Зулам дина аьлла бинчу хаааман талламбан а, зулам дарх бехктакхаман гIуллакх доло а кхо дей-буьйсий хан йу низамашкахь луш. Кхин дIа низамехь цIоьмалг йу тоьхна, йаздина ду: кхаа дийнахь-бусий ца ларийнехь, 10 де ло, оцу хеначохьа ца кхиънехь – 30 де ло. Чакхе йоцуш и хIума дIадахло, хьайна ма-ттов терхи тIехь латтор йу-кх ахь и материал. Циггахь "йала а" тарло и, йа цхьа масех шо даьлча йуха а гучуйала тарло бехкзуламан гIуллакх а хуьлуш шех", - кхетийра къамелдечо.

Цо бахарехь, дукха хьолахь талламхоша бехктакхаман гIуллакх айдан "техникан дуьхьалойар" олий кехаташ хIиттадо – зулам дина аьлла билгалонаш йац олий. Цул тIаьхьа прокуроро и сацам йухатоха тарло, дIахьедарх йуха а таллам бе олий.

"Полицино жоп ло: хIаъ, оха хIокху сахьта йуха а толлур ду олий. Ма-дарра аьлча, прокуратурина а, полицина а йукъахь барт бар ду и, хIунда аьлча, процессуалан хенаш йу, уьш лар ца йахь таIзар дан тарло, - кхин дIа дуьйцура юристо. – Полицино проблема йерзийна-те, йа ца йерзийна олий, хьесап ца до системо, процессулан хенаш ларйиний хьовсу. ГIуллакхан дух процедурица хуьйцу, и догIуш ду диктатурин рожаца".

Зударий кийча бу шайн бакъонех дIахьедан а, уьш ларйар тIедожо а

Оьрсийчоьнан бакъоларйаран органашна доьзалехь гIело хьегийтарх гIуллакхаш листа ца лаарх кхетадо адвокато "гIожмийн система" хиларца.

"Толлу наркотикашца доьзна гIуллакхаш. Наркодилерш чубухку, уьш хуьлу шаьш [МВД-н белхахоша] "балха эцна" нах. Толлу дахаран хьелашца доьзна арсаш деттар, стаг вер, хьийзор, наггахь – курхаллаш дар, совдегаршна йукъара къестамаш а. Ткъа доьзалехь ницкъбарх дийцарш, хила дезарг дац, талламахошна ца лаьа уьш кегон, хIунда аьлча, хан йойу ахь царна, амма жамI хир дуй – хууш ца хуьлу", - билгалдоккху юристо.

Доьзалехь бала хьегийтарх дIахьедар чу ца эцар – Оьрсийчуьра уггар а йоккхачех, ширачех проблема йу, тIетов адвокат Давтян Мари а.

"Массанхьа а дерг ду хIара. Полицина деззане а ца деза хIара тайпа дахаран хьелашца доьзна хIума. Цундела агрессор жоьпалле озийна а йист ца йолу проблемин: болх дукха бу, ткъа жамI – масех эзар сом гIуда тохар. Цу тIе полицин белхахойн хьежам муха хуьлу – хьу хьуо бехке йу аьлла. Доьзалехь гIело хьегийтарх йолчу проблемех лаьцна цхьа системехь кхетам ца ло полицин белхахошна, церан хьаькамашна и тема интересе йац", - билгалдаьккхира къамелдечо.

Оцу заманчохь, тидам бира "Марем" кризисан тобанан белхахочо Нерозникова Екатеринас, шайн коьртачу бакъонех Къилбаседа Кавказера бахархой-зударий кхетта богIу.

"Доьзалехь бала хьоьгу зударий кест-кеста гIо деха буьйлабелла, цундела царех лаьцна вайна кест-кеста хезаш ду. Иза а дика ду. Зударийн бакъонаш хиларх цаьрга дIакхочучух тера ду. Царна хуар ду, шаьш гIо деха дезий а, уьш дика кхета боьлла ницкъбарх, иштаниг магийта йиш цахиларх, кIезиг хир бу ийзалуш берш- доцца аьлча, волайнхойх дуккха а информаци йаьржина. Шайн бакъонех дIахьедан а, уьш Iалашйайта а кийча бу зударий, ткъа иза дика агIо йу", - дерзийра Нерозниковас.

  • Дагестанехь зударий хьийзабар лахделла догIу цхьана шарчохь 70 процентана - 2023-чу шарахь полици делларг итт дIахьедар ду. Оцу йукъанна кхин а диъ шо хьалха республикехь оцу кепара латкъамаш тIехсов дара, шаьш хьийзийна аьлла, дIахьедира 56 адамо. Делахь а Дагестанехь оцу тайпа хуьлучун иттолгIа дакъа долуш ду хIинца а, иза ладаме ду Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а хуьлуш долчуьнга хьаьжча. Делахь а официалан статистико гойтуш долу хьал билггал дерг дуй-те? Кавказ.Реалиин редакцино дийцира цунах лаьцна бакъоларйархошца а, гIело ловчаьрца а.
  • Адыгейск гIалахь доьзалехь гIело латтийна кхо шо долу йоI йеллачул тIаьхьа бехктакхаман гIуллакхаш даьстира цуьнан нанна а, берашна тIехь Iуналла латточу органашна а дуьхьал – хьалхо лаьцна вара, оцу йоьIан могушаллина зен дина аьлла, бехкевина беран да а.
  • Ad Rem тобанан бакъонашларйархоша зорбане йаьккхира Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а, Дагестанехь а хенал хьалха а, нуьцкъаша а зудабераш маре эхийтарх лаьцна "Бертаза маре" цIе йолу рапорт. Цу тIехь дуьйцу оцу проблемийн орамех, хьалххе а, бертаза а маре эхийтинчу зудаберийн тIаьхьенах, хьал меттадалон дан догIучух лаьцна а хьоьху.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG