ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Диктатурин лабаратори йу Нохчийчоь". Янгулбаев Абубакара дуьйцу бехктакхаман гIуллакхах а, Кадыровца латточу къийсамах а


Янгулбаев Абубакар
Янгулбаев Абубакар

Оьрсийчохь лехамашка велла шена тIаьхьабевлча пачхьалкхера дIавахна нохчийн оппозицин жигархо Янгулбаев Абубакар. Цул а хьалха бехкзуламан шолгIа гIуллакх диллира цунна дуьхьал – хьалхарниг доьзна дара "экстремистийн гIуллакх лелор вовшахтохарца", хIинца цунна тIетоьхна "интернетехь терроризмана кхайкхамаш барна" аьлла бехк. Цу тIе, дийца даьккхина марсхьокху-беттан 29-чохь "экстремистийн, террорхойн" тептаре иза йазварх Росфинмониторинго.

Бехкзуламан гIуллакхаш иштта дуьхьал даьхна жигархочун шина вешина, дозанал арахьа Нохчийчоьнан урхалхочунна критика йеш 1АДАТ телеграм-канал лелош волу ЯнгулбаевгIеран ИбрахIимна а, Байсангурна а. Церан нана – 2022-чу шарахь кадыровхоша лачкъийна Мусаева Зарема, республикехь лаьцна латтош йу. Шена чохь даккха пхи шой ахйшо тухуш, кхело бинчу сацамна дуьхьал чуйеллачу апелляцига хьоьжуш йу иза карарчу хенахь. Хьалхо Кадыровс диллина дIахьедира, ЯнгулбаевгIеран доьзале "хьоьжуш меттиг бу йа набахтехь йу, йа лаьтта бухахь" аьлла. Ткъа Оьрсийчоьнан парламентан депутато Делимханов Адама массарна а хазош кхерамаш тийсира, церан коьртеш дохур ду аьлла.

Кавказ.Реалиина йеллачу интервьюхь жигархочо Янгулбаев Абубакара дийцира керлачу бехкзуламан гIуллакхах, Мусаева Заремехь долчу хьолах, шен вежаршца бартбацарх, нохчийн оппозицина йукъахь бIостаналла хиларх, иштта Кадыров Рамзанан рожца ша къийсам дIабахьарх а.

– Терроризмана интернетехь ахьа кхайкхамаш бина аьлла, хьуна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх даккхарх хьоьга официалехь хаийтиний?

– ХIан-хIа, амма суна хетарехь, оцу доллучунна а бакъоларйаран органийн белхахой тIехбевлла хила тарло. Дукха хьолахь и низамаш лардеш дац: стаг лехамашка валарх цара хаам ца бо. "Госуслуги" портала тIехь а беана хаам бац бехктакхаман гIуллакхашкахула – йа "экстремизман" а, йа "терроризман" а.

Оьрсийчоьнан Федерацин бакъоларйаран системех суо дIахадийча санна хета суна. Зуламех аса чулун дIахьедарш, масала, тхан коьртеш дохур ду аьллачу Делимханов Адаман дешнех дина дIахьедар, йа Нохчийчуьра геноцидах лаьцна сан дIахьедар – оцу цхьанна а дуьхьал формалехь а жоп деана дац суна.

– Керла гIуллакх муха хета хьуна, хIун Iалашо йу цуьнан?

– Масех верси хуьлийла ду, царех цхьаъ: Кадыровс йуха а дегабаам бина. ШолгIа верси: Кадыров йа Iедалан система суна кхин тIе а Iаткъам бан хьийза. КхоалгIа: Кадыровна хьалха хьаставала лиъна хир ду цхьанна, цуьнан мостагIчунна бекхам а бина, цхьа дIахьедар санна хIума хила тарло хIара.

Нохчийчохь тIеман базаш йу, уьш цхьана а агIор Кадыровна муьтIахь йац

Цкъачунна цара айдина бехктакхаман гIуллакхаш ду хIорш. "Янгулбаев Абубакар – террорхо а, экстремист а верг вуй иза? Аааа, тIакха кхеташ ду, иза хIаллакван Кадыров стенна гIерта",- иштта ойла йен йолчу нахана лерина ду хIара. Шайн планехь нохчийн бахархой Iадийначул тIаьхьа, хIокху дуккха а шерашкахь иштта схьубогIу уьш, цунах цхьа а цецвер вац. Кхин а тIе психологина Iаткъам бар ду хIара. Оцу артиклашкахула Интерполе лехамашка лойла ду. И бохург хIун ду, кхечу пачхьалкхашкахь кхин а тIе совнах бюрократин халонаш Iитталур йу.

"Терроризмаца" къийсамехь оьрсийн пачхьалкхан бакъо йу оцу стеган чоьташ дIакъовла, цуьнан бахам схьабаккха, цунна тIедогIучу ахчанан терго йан. Суна ахча таса цхьаьннан лаам хилахь, терроризмана ахча латтийнарг вийр ву цунах. Iедалхошна цунах бахьана хуьлу оцу стагана кхин тIе а Iаткъам бан цуьнан йукъараллех, политикех хетарг бахьана долуш.

– Дийцахьа, Мусаева Заремина йинчу кхелаца доьзна хIун болх беш ву хьо?

– Кхайкхийна таIзар дагахь доцург дара, хIунда аьлча, иза лачкъийначу йуьххьехь дуьйна со ца тешара, баккъал а долчу дуьненахь оцу кепарниг хила тарло бохучух. Сил йоккха гIовгIа гIаттийнера Оьрсийчохь а, цул арахьа а. Иза маьршайаккахр тIедожийра Европехь а, Америкехь а. Суна моьттура, Кадыровга иза дIахоьцуьйтур йу. Амма и ца хилира, хIунда аьлча, Украинана дуьхьал Оьрсийчоьно тIом болийра.

Иза мел дукха чохь латтайахь а, оха тхешан болх сацор бац. Аса "оха" олучу заманчохь, аса ца буьйцу сайн вежарий. Сайн команда йу аса йуьйцург. Бехк тIехь буьтуш таIзар кхайкхадахь а, иза дIахоьцур йу моьттура суна. Iедалан сацам ма бу, диабет йолчу нахана набахтехь йаккха хан тоха ца мега аьлла. Суна хетара, иза арайоккхур йу. Амма суна хетарг ца хилира.

Кадыровс иза маьршайаккхахь, иза эшна нисло, схьахетарехь. Кхин ду, хIокху кейсах пайдаоьцуш хилар прецедентах санна. Юристе санна сайга бистхуьлуш, аса хьоьху гIуллакх резонансе даккхар. Амма нах кхоьру, ЯнгулбаевгIарна диннарг шайна а дийр ду аьлла. Тхан гIуллакх – Нохчийчуьра диктатурина дуьхьал прецедент йу.

– Шеран йуьххьехь ахьа дийхира хьуо хьайн ненаца дIасахийца аьлла, тхан редакцина дийцира ахьа, Нохчийчуьра Iедалхошка оцу кепара дехарца хьуо дуьххьара вистхуьлуш вац. Кхин цхьамма а жоп ца делира хьуна?

– Массарна а хазош вистхила лиира суна оцу лаамца, тIаккха мукъна а цара жоп лур ду аьлла хеташ. Амма цара жоп ца ло, йа комментарий а ца йо. Суна коьртаниг - сайн нана кIелхьарайаккхар ду. ГIо дирий цо суна, уьш соьца зIене бовлийта? Хала хеташ делахь а, ца дира. Терго тIеозош гIо дирий? ХIаъ, дира.

Путинан режимах тIетаьIIина тIеман диктатура хуьлуш йу

ХIара резонанс ца хилахь, хIун хир ду-те, олий ойла йо аса. Суна хетарехь, цхьана мIаьргонехь инсулин а, кхиндолу цунна оьшу молханаш а лучуьра сацор ду цара, пачхьалкхо луш а дац уьш а, кхечу наха цунна латтош ду. Пачхьалкхо уьш латтош дац. Ненера ши кехат деана соьга: самукъадаьлла цуьнан, шина кIиранах охьа а йиллина, шена дарба лелорна. ХIинца дика йу иза. Оцу резонансо йина эффект ма йу иза а.

Цуьнга кест-кеста йаздо, йозанашкахула керла нах бевзина цунна. Цунах а дог ира-кара ма хIутту адаман. Харцонца кхел кхайкхийна цунна, бух а боцуш, цунна оьшу шен догэцар.

– Хьан вежарша лелочу 1АДАТ боламца уьйр латтайой ахьа?

– ХIан-хIа, цара бечу балхаца доьзна ду и. Со царна тIе ца тайна, церан пабликца йоьзначу скандалашкахь а дакъалаьцна вац. Церан паблик йоьзначу скандалашца суна товш доцург хета, суна хетарехь, цара къуьйсучуьнца а догIуш дац. Амма цхьаболчу журналисташа, бозуш боцчара а цхьаьна, тхо къаста ца до.

– Йоллу Оьрсийчохь бакъонашна дозанаш детта эксперименташ йеш, Нохчийчоьнах "полигонах" санна пайдаоьцу аьлла, артикл йазйира ахьа. Хьуна хетарехь, тIейогIучу заманчохь хIун дозанаш хьакхалур ду аьлла хета хьуна Оьрсийчоьнан бахархойх?

– Дукха хенахь дуьйна Нохчийчохь хуьлуш дерг тахана йоллу Оьрсийчохь а лелош хиларх терго йо вай. Оьрсийчохь цхьа политикан оппозици дийна хиллехь а, Нохчийчохь цуьнан оцу сохьта са дукъийра. Жим-жима хIара даьржира. Путинан режимах шен ма-хуьллу тIеман диктатура хуьлуш йу. Доллу дозанаш деттар тIамца бехказадоху.

Оьрсийчохь оппозиционерийн гергарчарна Iаткъам беш даккхий масалш ца го суна, мел хIуъа делахь а, иштаниг дац цигахь. Делахь а масал даладойла йу: стаг террорхо ларахь, цуьнан чоьташна тIехь терго йина ца Iаш, цуьнан гергарчийн чоьташ а ларйо – нохчийн зеделлачух тера хета суна и.

– Марсхьокху-баттахь ахьа дIахьедира, Нохчийчуьра хьайн гергара нах нуьцкъаша тIамтIе бахийтина Украине аьлла. ЦIера керланаш муха хаьа хьуна?

– Сан шичой бу уьш. Сан нана лачкъайале хьалха лачкъийна бигинера уьш. ХIетахь уьш дIахецнера, массарна а гуш-хезаш тхох дIакъастийтархьама, и цара дан а дира. ХIетахь дуьйна сан цаьрца зIе йац, хIунда аьлча, и кхераме ду. Цхьана стага йаздира соьга – телеграме хаам кхечира, сан гергарнаш дIабигина аьлла. Уьш тIамтIе бахийтарх суна хиира Кадыровн телеграм-каналера. Видео хIоттийнера цо.

Украинехь тIом болабелчхьана шайн ма хьуллу мобилизацих къехкаш бара сан шичой. Амма оцу махкахь хьо вехаш велахь, вер вац хьо лечкъина лелла. Царех лаьцна суна хаьара бевза-безачаьргахула, доттагIашкара, лулахошкара. Бертаза уьш тIаме бахийтар – Путинан режимца къуьйсуш болчу кхечу нахаца а лелор болу барам бу.

– Хьайн телеграм-каналехь дукха хан йоццуш ахьа дийцаредира "Кадыров Рамзан веллачул тIаьхьа Путинан Нохчийчоьнах хиндолчух. Бакъ ду аьлла хетий хьуна, мехкан урхалхо чIогIа цомгаш ву бохург?

– Иза билггал цомгаш ву. Дуккхаъчу хьасташа а цуьнан тоьшалла до. Амма хууш дац, меллац вехар ву иза. Цуьнан доьзалхошка Iедалан мукъ лур бу аьлла ца хета суна, амма хиндолчух – кхеташ дац.

Нохчийчоьнан хиндерг доьзна ду цуьнан метта Кремло хIоттон волчух. Дуьйцу, парламентан спикер Даудов Мохьмад хила мега иза бохуш. И бакъ делахь, цуьнан ницкъаца гIортор йац, Кадыровн санна, адамашна шайн бIаьрга схьаван а ца веза иза.

Кхин варианташ а йу – Нохчийчоьнан премьер-министр Хучиев Муслим йа Оьрсийчоьнан президентан климат хийцарехула долу хеттарш луьсту хьехамча Эдельгериев Абубакар. Уьш формалисташ бу, Нохчийчохь агрессиве басарш цара лелор ду аьлла ца хета суна.

Кхин цхьа вариант а йу, Делимханов Адам хила мега боху, - цуьнах гIуллакх хилллане а хир дац.

Тахана Кремло йерриг а терго Украинана тIехьажийна. Кхерамзаллин агIор Нохчийчоьнца церан бала бу, цигахь нах дуьхьал ца бовлар, Iедал карчон ца гIортар. Оцу тIехь дерриг а контролехь латтош ду аьлла хета суна. Кадыровна цхьана а агIор муьтIахь йоцу тIеман базаш йу Нохчийчохь – республикера ФСБ-н урхалла а санна.

- Шайн маршонехьа Нохчийчуьра халкъан къийсарца тIаьхьало йуй?

— ХIинцца аьлча, ас мах ца хадабо. Со деколониалан боламан дакъа ду, амма вуьшта и процесс чIогIа чолхе йу. Боьхна доьзал вовшахбаккха дуккха а хан оьшу, ткъа кхузахь регионаш йу къастон йезаш. Дера вуьшта Нохчийчоьнан историн а, политикан а агIор дIакъаста шансаш лаккхара йу. ХIинцалера Кремлан политико кхин а тIе чIагIйина республикица йукъаметтиг хадор.

Нохчийчуьра зуламашна, нах лечкъорна бехкебен нах эххара а Iедалан коьрте ховший, ницкъахойн даржехь бу уьш. Цо Оьрсийчоьнца герга ца дохуьйту тхо.

– Дукха хан йоццуш телеграм-каналехь хаттам дIабаьхьира ахьа, нохчийн оппозици йукъара мила дIаваккха веза аьлла. Оцу хаттарна ахьа айхьа муха жоп лур дара?

— Нохчийн оппозицина шаьш оппозиционераша новкъарло йо – вовшашна дуьхь-дуьхьал дIахьедарш а деш. МостагIчунна дуьхьал бечу тIамехь цхьаъ хуьлучу меттана, вовшашна Iиттарш йеш, эрна ницкъана эшам бо.

Мобилизацин кхерам болу щи адам оха хIинцале а Нохчийчуьра арадаьккхина

Оьрсийчоьнан оппозицихь дерриг ду хуьлуш. Сан дахарехь нохчийн телеграм а, оьрсийн твиттер а йу, и ший а майда дIаьвше йу. Вовшашца даим а девнаш доху, шайгахь дан а доцу Iедал къуьйсу. Аса буьтур бара цхьанна а новкъарло а ца йеш, шайн болх бийраш.

– Оааозицин боламан хьуо дакъа хетий хьуна?

– Со политик ванне а вац. Со юрист а, бакъоларйархо а ву.

– ХIинца айхьа бечу бакъоларйаран балхах лаций дийцахьа.

– Тхайн тобанца оха проект йукъайаьккхина, Kost йу цуьнан цIе. Оха талламаш бо, информационан блок дIайахьа а гIерта. Медиа кхолла аьлла тхоьга, амма и дакъа цкъачунна нисдина дац, куйьгаш а, ресурсаш а ца тоьа тхуна.

Белхан коьрта дакъа – юридикан консультацеш, цара а болх бо: оха хIинцале а Нохчийчуьра ши стаг араваьккхина, мобилизацих вадийна. Иштта ши таллам а бина оха, цхьа таллам – Нохчийчоь диктатурин лабаратори йу аьлла, цунах лаьцна бу. Тхан коьрта Iалашо – диктатурица къийсам латтор а, бахархойн йукъараллехьа къийсам латтор а йу.

  • Нохчийчуьра бертаза тIаме хьажийна ЯнгулбаевгIеран гергарнаш. И тайпаниг дуьххьара хилла ац – хьалхо лаамза Украине бахийтира оппозицин блогеран Халитов Хьасанан ваша а, Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхочун Закаев Ахьмадан вешин кIант а. Кавказ.Реалиин сайто дийцаредира оппозиционерашца а, бакъоларйархошца а, хIун дан хьийза Нохчийчоьнан куьйгалхо, "бехкала бахначех" доьзалаш дIахедича тоам цунна стенна ца хилла а бохучух.
  • 2022-чу шеран стигалкъекъа-баттахь дийца даьккхира, Янгулбаев ИбрахIимца а, Байсангурца а боьзна 1АДАТ болам Нохчийчуьра Лакхарчу кхело экстремистийн лерина аьлла. Цул а хьалха Роскомнадзоро дIакъевлира Оьрсийчоьнан дозанаш тIехь Нохчийчуьра Iедалхошна оппозицихь йолчу 1АДАТ боламан цхьайолу интернет-ресурсаш Соьлжа-ГIалара Заводской кIоштан кхелан сацамна тIехь.
  • Мусаевана кхело вердикт кхайкхочу дийнахь Соьлжа- ГIалахь герзашца тIелетира цуьнан адвокатана Немов Александрна а, "Новая газетин" журналистана Милашина Еленина а. Москвара шога оцу зуламна реакци йинчул тIаьхьа, Кадыровс дош делира "йист йаккха" гIуллакхан, амма хIетте а бехкехетарш хIинца а лецна бац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG