Кадыров Рамзан "сийлахь КъорIан лардийриг", "исламан турпалхо", "Мохьаммад пайхамаран суннаташ Iалашдийриг" ву бохуш Нохчийчохь шуьйра пропаганда йаржийна. Мехкан куьйгалхо бахьана долуш, меттигерчу зорбанаша чIагIдарехь, Iарбойн дуьненца Кремль йоьзнарг Соьлжа-ГIала йу. Гергарчу Малхбален пачхьалкхашкахь Кадыровн хиллачу векало, карарчу хенахь цхьаьнаболхбаран исламан Организацин Оьрсийчоьнан цIарах векал волчу Даудов Туркос дIахьедора, Нохчийчоьнан урхалхо "исламна дуьхьал болчаьрца латточу къийсаман символ" ву бохуш. Делахь а тIаьххьарчу хенахь Кадыров лен ваьлла Iарбойн пачхьалкхашна.
Масала, гIадужу-беттан 9-чохь, тIемалоша тIелатар динчул тIаьхьа Израило радикалан ХЬАМАС тобанца тIом болийча, Нохчийчоьнан куьйгалхочо ша "Палестинан агIо лацарх" дIахьедина ца Iаш, "бусалба пачхьалкхашкара" бехкбаьккхира, "шайчарна" уьш тIе ца хIиттарна.
"Аса йуха а, йуха а, йуха а кхайкхамбо исламан, бусалба, Iарбойн мехкашка, йукъара дIахьедар дай, вайн бусалба нахах, вайн вежарех дош ала", - бохура Кадыровс шен видеокхайкхамехь.
Оцу йукъанна Гергарчу Малхбалера пачхьалкхаш Израилан ХЬАМАС-ца тIамах лаьцна бистхиллера Нохчийчоьнан урхалхо вистхилале ши де хьалха. СаIуда Iаьрбийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло кхайкхамбира гIело латтор сацаде аьлла. Iарбойн пачхьалкхийн Лигас (ЛАГ) къамел дира кехата тIехь дIахьедар деш ХЬАМАС-а а, Израило а вовшашна динчу тIелатарх лаьцна. Ткъа организацин инарлин секретаро Абу аль-ГIейта тIедожийра катоххий ГIаззана ден тIелатар сацаде аьлла. Туркойчоьнан президенто ЭрдогIан Реджепа кхайкхамбина шина а агIоне "собаре хила, хьал чолхе доккху оьгIазе гIулчаш ма йаха" аьлла. "Мел а собаре хиларе" кхайкхира ший а агIо иштта Катарехь а, Мисарахь а, Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмираташкахь а. ГIажарийчоьно а, Шемас а ХЬАМАС-е гIо даьккхира, бехкейира Израиль палестинхойн саццаза бакъонаш хьешарна.
Персийн аймин пачхьалкхийн лидершна цо тIелатар дарца, цуьнан шен авторитет йожайо
Палестинхошкахьа гIо даккха бохуш, Кадыровн кхайкхамаш бар – дуьххьара дац бух боцуш Нохчийчоьнан куьйгалхо исламан пачхьалкхийн лидерийн кочаоьху. Марсхьокху-бутт йуккъе баьллачу хенахь цо критика йира царна, Швецихь а, Данихь а КъорIан дагийча цара дош ца аьлла бохуш. Зорбане хIоттийначу видео тIехь Кадыровс шеконашка диллира бусалба пачхьалкхийн делах тешаш хилар, дIахьедира, тахана цхьа Оьрсийчоь бен йац "Малхбузенан а, Европан колонин политикана" дуьхьал лаьтташ аьлла.
Оцу йукъанна дечкен-баттахь Туркойчоьно официалехь йемалдира Стокгольмехь КъорIан дагош хIоттийна акци, оцу тIехула шведахойн тIеман министрна дихкира Хонкара вар. Ультра аьтту агIор болчу жигархоша КъорIан дагийча хIетахь бехк баьккхира дуккхаъчу бусалба мехкаша, шайлахь СаIуда Iаьрбийчоь а йолуш: Урдуно а, ГIажарийчоьно а, Кувейто а. Стокгольмера акцих Кадыровс пайдаийцира Украинана дуьхьал болийна тIом а, "евроичкерихошна" критика йар а бакъдархьама. ХIетахь дуьйнна оцу кепара акцеш масийттазза йух-йуха нислора, цара протесташ гIаттийра доллу дуьненчуьра бусалба мехкашкахь.
2000-гIа шераш йуккъе девллачу заманчохь Нохчийчоьнан урхалхочуьнца йузучу социалан машанашкара аккаунташкахь гучуйуьйлура Iарбойн элашца, лаккхарчу даржхошца йина селфиш, СаIуда Iаьрбийчоьнца йукъаметтигаш кхуьуш йу, ткъа мехкадаьттан монархийн куьйгалхой – цуьнан "вежарий" бу, царна чIогIа дукхавеза Кадыров, иза лара а лору цара бохуш. Билгалвелира иза Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмираташка лестарца а: официалан информацица а догIуш, гуманитаран Iалашонца дара цига эхар, республике инвестицеш йар марздан. Кеп-кепарчу шерашкахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо иштта билгалдаьккхира Катаран эмирца а, Урдунан паччахьан доьзалца а уьйраш хилар.
ХIинца Кадыровс магайо шена цкъа а лелийна йоцу бусалба пачхьалкхашна хьажийна риторика, хIинццалц цаьрца доттагIалла ду бохуш, дозаллаш динехь а.
"Лазаме хаттар"
Тамашен ду Нохчийчоьнан куьйгалхочо Туркойчоьнна а, Гергарчу Малхбалена а КъорIан дагийча реакци ца йина аьлла, бехкаш дахкар. ХIунда аьлча, вукхара оцу акцеша шаьш эргIад эхийтарх диллина дIахьедеш ду, боху Малхбале толлучу Сулейманов Руслана.
"Туркойчоьнан президенто ЭрдогIан Реджепа бехира, дешан маршонца данне а догIуш дац КъорIан дагор. Оцу инцидентан Iарбойн дуьненахь тергойар а дацара хIуммаъ ледара – Мисарахь, Иракъехь, Урдунехь. Оцу барамехь критика йеш мах хадийра бусалбашна дезачу КъорIанна тIекховдар ГIажарийчоьнан Iедалхоша а", - билгалдоккху къамелдечо.
Al Jazeera агенталлин хронологица а догIуш, КъорIан дагийча бусалба нах бехачу дуккхаъчу пачхьалкхашкахь бехкаш дехира:
- Туркойчоьнан президенто критика йира Швецина оцу йуьйцучу инцидентана тIехула, дIахьедира кхерамашца, йа питанашца лелочу политикана тIетовр йац цкъа а Хонкара аьлла. "Малхбузенан кура нах оха Iамор бу, бусалбаша деза лору жайнаш сийсаздар шена хетарг маьрша дIаалар цахиларх", - элира ЭрдогIана.
- Иракъо тIекхайкхира Швецин посол, и акт "расистийн" а, "жоьпазаллин" а ду элира. БIенашкахь иракъхоша тIелатар дира Швецин векалтана…
- Швецира шайн посол Мароккос а йухакхайкхира цхьана билгалайаккхазчу ханна. Паччахьаллин арахьарчу гIуллакхийн министралло а "бехкхбаккха" кхайкхира Швецин гIуллакхашкахула Раббатехь волу векал, "йемалдира и тIелатар, иштаниг могуьйтур цахилар" дIа а хоуьйтуш.
Цул совнах, КъорIан дагош акцеш хиллачул тIаьхьа бусалбанийн мехкаша Цхьаьнатоьхначу Къаьмнийн Организацихула кхайкхамбира, "динца болчу цабезамца лелийначу хIуманашна тIехула а, динна дуьхьал пропаганда йарна а кхелехь гIуллакх листийта новкъарло йен йолу низамаш йухалистар, кхачамбацарш дIанисдар тIедожош. Товбеца-беттан 12-чохь Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмиратийн а, ООН-н Кхерамзаллин Кхеташонан а инициативаца дIайаьхьначу кхеташонехь цхьабоса резолюци тIеийцира, "цу тIехь бакъдо, гамонан матто, расизмо, расан дискриминацино, ксенофобино, цуьнца доьзнчу экстремизман акташа а конфликт кхин тIе дарйан тарло" аьлла.
Исламан дуьненахь Кадыров баккъал а шуьйра вевзаш, гоьваьлла ву, амма коьрта а, цхьаъ бен воцу "дин Iалашдийриг" иза кхузахь хеташ вац, билгалдоккху Малхбале толлучу Сулейманов Руслана.
Цунна тIетов Къилбаседа Кавказехула говзанча, аналитик Чемберс Гарольд: цо бахарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна тIе ца тоьа шен ден, мехкан президент хиллачу Кадыров Ахьмадан хилла престиж. "Хетарехь, шена а, шен дена а йукъара башхалла Кадыров Рамзанна лазаме хаттар дара даим а", - билгалдоккху къамелахочо.
"Исламан идентификалла"
Кадыровс хьалха а магадора шена Туркойчоьнна критика йар, ЭрдогIан Реджепна а цхьаьна, бехкаш дохкура цунна "бандиташна" тховкIело йаларна – хетарехь, иштта олура Нохчийчоьнан урхалхочо Туркойчу дIабахначу нохчийн оппозиционерех.
Корфез гIалахь йозуш йоцчу Ичкерин хиллачу хьалхарчу президентан Дудаев Джохаран цIарах йуха тойина парк дIахIоттийча а бехкаш дехира. Вуьшта, йа Туркойчоьнан президент а, йа пачхьалкхан кхинболчу официалан хьаькамаша а цхьана а кепара тидаме ца ийцира Соьлжа-ГIалара бехкбаьккхича. Политологашна хетарехь, оцу кепара вистхиларна тергойар – Хонкаран тIегIа йац.
Цу тIе Нохчийчоьнан куьйгалхочо Iарбойн пачхьалкхашна йина критика тIех тамашен хета аналитикна Чемберс Гарольдна.
"Цецволийла дац, церан нохчийн оппозицица уьйраш хиларна Кадыров туркойн Iедалхошна лийча. Амма, Персин аймин пачхьалкхийн лидершна иза кочаэхаро цуьнан шен авторитет йожайо. Нохчийчоьнан политик кест-кеста вистхуьлура бусалбачийн гIуллакхашкахула Кремлан чоьхьара а, арахьара политикана дуьхьал, даим а прагматикехь дара и. Цо гIо дора, Москван цIарах цо уьйраш латточу Iарбойн а, кхечу бусалба пачхьалкхийн а лидершлахь цуьнан имидж лакхайоккхуш. Делахь а, оцу кепара дIахьедарш, кхузахь санна [Израилан ХЬАМАС-ца тIамехь], бIостане ду хIокху стратегица", - боху къамелдечо.
Оцу заманчохь, кхин дIа дуьйцу Чемберса, Нохчийчоьнан урхалхочун дукхахболу хаамаш – парггIат аьшпаш ботта йиш йолу, тIеман хенан пропаганда йу.
Кадыровна кху темано таро ло бусулбачийн дог-ойлана Iаткъам бан
Украинхойн а, ГIирмин гIезалойн а журналисто Пашаев Османа а билгалдоккху, "исламан ойла" дIайуьйцу транслятор хила гIертар Кадыров – 2022-чу шарахь Оьрсийчоь тIамца тIелатаран масала тIехь.
"ХIара беза тIом бу, цигахь бусалбаша дакъалаца деза Украинана дуьхьал бохуш, Оьрсийчоьнан пропагандано дуьйцуш, миллиардашкахь йолчу исламан уммас гIо дийр ду аьлла тоьшийла ду", - кхетадо журналисто. Цунна хетарехь, и гIо хилийтархьама Нохчийчоьнан урхалхочо бехкаш доху бусалба пачхьалкхийн лидершкара, иштта КъорIан дагорца доьзна а.
"ХIокху темано таро ло Кадыровна бусалбачийн дог-ойлана тIеIаткъам бан, иштта, глобалан къилба ала тарлучу регионашкахь а цхьаьна. Вайна гуш ду, аьзнаш оьшуш тIом Iарбойн дуьненахь хилла ца Iаш, 200 миллион нах болу Индонези а, Нигери а санначу бусалба регионашкахь а цхьаьна бу. Генарчу бусалба регионашкахь, Оьрсийчоьнан Украинаца болу тIом церан тергонан йистехь болчу, КъорIан дагор – терго тIеозон дина хIума ду. Кхин а нах шена тIехIиттийта Iалашонца оцу пачхьалкхашкара бехкаш дохуш ву Кадыров", - аьлла хета Пашаевна.
Бусалба лидершна критика йечу къамелехь масална Нохчийчоьнан урхалхочо дийцира, 2023-чу шеран мангал-баттахь Оьрсийчоьнан президент Дагестане веанчу хенахь, шена совгIатна делла КъорIан цо марадоьллира аьлла. Оцу йукъанна Кадыровс тергамза дуьту Оьрсийчоьнан набахтешкахь тутмакхийн бакъонаш хьешар, Подмосковьера маьждигашкахь рейдаш йар, динан духарца доьзна лелха девнаш а.
Аналитико Чемберс Гарольдна хетарехь, карарчу хенахь Кадыровн ойла тIейирзина шен доьзалера "исламан идентификаллина": кIентий хьаьжцIа бахара, воккхаха волу кIант Азербайджане вахара, нанна дукха хан йоццуш Оьрсийчоьнан бусалбанийн лаккхара совгIат дина – "Аль Фахьр" орденца.
Нохчийчоьнан куьйгалхочун "исламан идентификалла" гучуйолу мел а оьгIазаллица: масала, Волгоградехь КъорIан дагорна лаьцначу Журавель Никитина йеттарца. Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь цунна тIелеттера 15 шо долу Кадыров Адам, цунах дозалла динера дас. Цул совнах могушалла дика йоццушехь, республикехь сецош йу лаьцна ЯнгулбаевгIеран вежарийн, оппозиционерийн нана Мусаева Зарема. Бакъоларйархоша Кадыров Рамзанан закъалтхо йу иза боху.
- ХЬАМАС тобанан тIемалоша тIелатар динчул тIаьхьа Израилан эскаро ГIаззехь тохарш дича шуьйра реакци йира Къилбаседа Кавказан бусалба нах бехачу регионашкахь. Нохчийчохь нах гулбеш ламазаш до палестинхошна тIера, ткъа Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а палестинхойн байракхаш туьйхира. Жуьгтийн диаспорашкахь кхерамзаллин барамаш чIагIбина бохуш, дуьйцу.
- Жигара суфизман Iилма даржош, радикалан салафизм бахьана долуш нахана тIаьхьабуьйлучу Нохчийчохь ткъе итт гергга динан вежараллаш, йа вирдаш ду. Царна йукъара башхалла йу – билгалваьккхина исламан цхьа шейх ларар. ЧIагIдарца, и вежараллаш цхьа бакъонаш йолуш ду, делахь а, республикан Iедалхоша дIакхайкхийна шейхан Кунта-Хьаьжин вирд цуьнан вирдехь ву Кадыров Рамзан а. Оцу фактах а пайдаоьцу политико шен пиар-кампанихь.