ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох лелхийтарш: Тахана а каронза ю «нохчийн лар»


Оьрсийчоь -- Москох Гурьянова урамехь эккхийтина нах беха цIа, 09Гезг1999
Оьрсийчоь -- Москох Гурьянова урамехь эккхийтина нах беха цIа, 09Гезг1999

Нохчийчохь шолгIа тIом боло бахьана хилира Оьрсийчохь 18 шо хьалха чохь нах беха цIенош лелхийтар.

1999-чу шарахь Гезгмашин-беттан 4-чу дийнахь Дагестанерчу Буйнакскехь Оьрсийчоьнан эскаран 136-чу гIашсалтийн бригадан эскархой бехачу цIанна уллехь эккхийтира ГАЗ-52 олу киралело машен. Вийра 64 стаг, шайна юкъахь 23 бер а долуш. 146 стаг чевнаш йина вара.

Кхин а 4 де даьлча, Гезгмашин-беттан 8-чохь Москох эккхийтира Гурьянова цIарахчу урамехь долу нах беха цIа. Вийра 109 стаг.

Гезгмашин-беттан 13-чохь Москох Каширское шоссе урамехь 8-за тIекъалдина цIа эккхийтина вийра 124 стаг, чевнаш йина вара 7 стаг.

Гезгмашин-беттан 16-чу дийнахь Волгодонскехь Октябрьское шоссе урамехь нах бехачу цIанна уллехь эккхийтира ГАЗ-53 олу машен. 19 стаг вийра, 89 стаг чевнаш йина вара.

Оццу баттахь 22-чохь цхьа тамашийна хIума хилира Рязанехь. Меттигера бахархой сема хилар бахьана долуш, цхьана цIанна кIеллахь милцошна чохь кIайн хIур болу галеш карийнера тIе тесна эккхийтар дон механизм а йолуш.

Iедалша дIакхайкхийра рогIера теракт яр юкъахьдаьккхина шаьш аьлла. Амма тIаьхьо цара хийцира шайн верси – Рязанехь хилларш ФСБ-н Iамораш дара аьлла.

И дIахьедар толлуш леррина программа вовшахтоьхнера цу хенахь мелла а маьрша хиллачу НТВ телеканало.

1999-чу шеран гурахь цIенош лелхийтар вовшахтоьхнарг а, динарг а мила ву бохучу хаттарна хIинца а делла жоп дац. ФСБ-на сихонца карийра хIинца а карийна йоцу, амма нохчашна бале яьлле «нохчийн лар». Цо аьтто бира Нохчийчохь керла тIом бан беза бохучух Оьрсийчура бахархой тешо.

Оьрсийчохь цIенош лелхийтар хьокъехь шайн таллам дIаьбаьхьначех цхьаъ вара 2006-чу шарахь Лахьан-беттан 26-чу дийнахь Лондонерчу даррбанан хIусамехь Полоний 210 олу дIов малор бахьана долуш кхелхина волу Оьрсийчоьнан ФСБ-н белхахо хилла полковник Литвиненко Александр.

Британи -- Литвиненко Александр, Лондон, 23Лахь2006.
Британи -- Литвиненко Александр, Лондон, 23Лахь2006.

Цо а, историко Фельштинский Юрийс а книга язйинера хиллачух лаьцна, «ФСБ-но Оьрсийчоь оьккхуьйту» цIе а йолуш.

Ша кхалхале ши-кхо де хьалха Литвиненкос интервью елира Маршо Радионна. Цо шен цхьа а шеко яц элира Оьрсийчохь лелхийтарш динарш леррина сервисаш хиларх.

Литвиненко: Шен хенахь ас а, историко Фельштинский Юрийс а вуно кIорга болх бира, Москох а, Волгодонскехь а, Буйнакскехь а эккхийрш дарца боьзна болу нах лохуш. Тхан цхьа а шеко яц, амма тоьшаллаш ду тхоьгахь, и лелхийтарш динарш Оьрсийчоьнан леррина сервисаш хилар гойтуш.

Ас эр ду шоьга. Иза терроран тIелатар дара, цхьана ницкъо дина долу. Аьлча а, цхьа а шеко яц. Москох цIенош лелхийтинчу наха лелхийтина ду Волгодонскехь а, Буйнакскехь а цIенош.

Ткъа тоъал бух болуш дуьйцуш дуй ахь иза аьлла шега хаьттича, Литвиненкос элира ФСБ-н белхахо хиллачу адвокато Трепашкин Михаила вуно боккха болх бинера. Цунна карийнера Москох лелхийтинчу цIеношна кIеллара чоьнаш аренде эцна ФСБ-н агент аьлла.

Литвиненко: Трепашкин Михаилана карийра Оьрсийчоьнан ФСБ-н белхахоша Москохь цIенош лелхийтина хиларан вуно мехала тоьшаллаш. Цунна карийра Каширское шоссехь а, Гурьянова урамехь а долчу шина цIанна бухахь йолу чоьнаш аренде эцна волчу ФСБ-н агентан фамили. Цу стеган фамили ю Романович. Шен цIеяьккхинчул тIаьхьа иза кхелхира некъахьовзамехь.

Ткъа хIунда оьшуш дара уьш лелхийта?

Литвиненко: Шу дукха дика кхеташ ду. Бух оьшуш бара Нохчийн Республикана дуьхьал агресси йоло а, цхьанне а вевзаш воцучу Путинан мах хьалбаккха а, иза президентан гIаьнта охьахао а. Аьлча а, иза къайлаха бина барт бара Оьрсийчоьнан Федерацехь Iедал дIалацар Iалашонца.

2002-чу шарахь Оьрсийчуьрчу социологаша таллам бича гучуьдалларг дара Оьрсийчуьра 40% бахархой цIенош лелхийтинарш леррина сервисаш ю аьлла хеташ хилар. 16% хетара иза тIемалойн болх бу аьлла.

Левада-центро бинчу талламца, дукхах болу Оьрсийчьрчу бахархой,​ 18 шо даьлча а, хьалха санна билггала кхеташ бац мила вара 1999-чу шарахь гурахь Оьрсийчохь лелхийтарш дайтинарг бохучух.

Иштта уьш ойла билгалъяьлла бац цул тIаьхьа Нохчийчохь хиллачу шолгIачу тIеман жамIех лаьцна.

Оьрсийчуьрчу бахархойх хIора пхоьалгIа бен вац, и тIом болош Оьрсийчоьнан Iедалш шаьш хIоттийначу Iалашоне а кхаьчна, нохчийн сепаратисташ эша а бина аьлла хеташ.​

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG