ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЖΙаьлеш вовшахлетийтар къизалла юй?


ОвхIанистан -- ЖIаьлийн летийтарш ду Кабулана йистехь дIахьош, 12Заз2010
ОвхIанистан -- ЖIаьлийн летийтарш ду Кабулана йистехь дIахьош, 12Заз2010

ОвхΙанистанехь спортан кепех лоруш а доцуш, низамаша магорехь «хΙаъ» я «хΙан-хΙа» аьлла а доцуш лела жΙалеш летийтар. Кабулехь а, кхечу яккхийчу гΙалин а йистошка кест-кеста дΙагулло летачу жΙалийн дай а, эзарнаш хьовсархой а. Оцу самукъадоккхучу барамашка дΙахьолху, шайн баккхалш а оьций, кхача, хиш духку нах а.

ЖΙаьлийн, дика летачу жΙаьлийн, мах кхочу ОвхΙанистанехь меттигерчу ахчанца миллион афгани (аьлча а, 20 эзар долларе). Ша церан летийтарш а ду дикачу жΙаьлийн дайшна хΙонс кхачош хΙума – маситта машенан мах хуьлу толаман кхоже дуьллий. Цул совнаха, жΙалеш леташ хьовса гуллучара а дохку вовшашлахь ахчанаш, муьлхарг тоьлур ду, прогнозаш а хΙиттош.

И тайпа самукъадаккхар овхΙанхошлахь деха хан а ю вуно дукха, бΙешераш хила а тарло. ЖΙаьлеш дезарца билгалбаьллачу оцу мехкан шен лаьтта тΙехь кхиийна тайпанаш а ду жΙаьлийн. Амма хΙинца жΙаьлеш дезарал а совнаха, уьш летийтарх са оьцурш тΙех совбелла, оцу летаршкахь къизалла яьржа, цо диканиг ца дохьу, боху аьзнаш даржадоьлла ОвхΙанистанехь.

Ишттачех ву, масала, жΙаьлеш летийтар бусулба динца а,я адамаллийца а догΙуш дац, аьлла даржийна волу Хьакъ Хьабиб ДихΙал, Хьаждаран а, исламан гΙуллакхийн а министран гΙовс а ву иза. Цо ша Ιедале даккха лерина ву боху жΙалеш летийтар дехкар доьхуш.

Хьакъ Хьабиб ДихΙал: «ЖΙалеш, боргΙалш, кхидолу дийнаташ вовшахлетийтар данне а дац динца догΙуш. Кху кΙиранах тхо дагахь ду чоьхьарчу гΙуллакхийн министраллехь хила. Цуьнгахула тхан лаам бу и хΙуманаш нахе дитийта».

Хьабиба тоьшалла до, жΙаьлеш летийтар, цунах марзбеллачийн кортош дΙахьош хΙума ду, оцу къовсамашкахь наха, кхоже а дохкуш, дукха ахчанаш а дойъу, цхьаверг боллучу бахамах а волу, бохуш.

ЖΙаьлешна къинхетам боьхуш араваьлла ву Кабулехь цигарчу бокъонашкахула йолчу кхеташонан хьалханча Ахьмадзай ШамсуллахΙ а. Цо ша а гΙаттийна боху Ιедалехь дийнаташ адамийн къизаллех хьалхаъяхарх, ша аьлча, жΙалеш летийтарх долу хаттар.

Ахьмадзай ШамсуллахΙ: «Нахана синан кхача хуьлийла дац дийнаташна зе хуьлучу барамех. Летачу жΙаьлешна, я боргΙалшна чевнаш хуьлу. Ιедал дуьхьалдала деза цунна».

Амма дуккха а болу жΙалеш лелорхой, уьш лоьтуьйтурш дуьхьал бу шайн балхах къаста. Цара бакъ дац боху жΙаьлешна оццул доккха зе хуьлу бохург. Жιалешлетийтархочун гΙиллакхехь данне а дац цхьа жΙала вукхо деллалц уьш вовшахлотуьйтуш. Цхьаъ амалца кхечул тоьлла хилар гучудоллушехь, цо иза эшорцана, соцадо дайша летарш, чΙагΙдо цара.

ЖΙаьлеш летийтар цхьана муьрехь, аьлча а, тΙалибаш Ιедалехь болуш, дихкина дара ОвхΙанистанехь. Амма Ιаьмеркахоша тΙалибаш а бохийна, Карзай Хьамидан Ιедал дΙахΙотторцана юхаметтадалийна хΙума ду жΙаьлеш летийтар.

Цундела хΙинца а шайн бакъо къуьйсучу тΙалибаша а латтабо, къайлах-къулаха, шайн аьтто баьлча, жΙалеш летийтарца шатайпа къовсам. ЖΙаьлеш летаче гулбеллачу нахана юккъехь лехийтарш а деш, маситтаза дукха нах байъина кху тΙаьххьарчу шерашкахь.

Ши шо хьалха Гильменд кIоштахь жΙалеш лотуьйтуш хьовсучу нахана юкъахь динчу эккхийтаро дΙадаьхьира 3 стеган са, лазийнера 30-ттех. Диъ шо хьалха ишттачу барамехь Кандагарехь цхьана эккхарехь вийра 80 стаг, шолгΙачохь – 10.

ЖΙалеш летийтар, ОвхΙанистанехь а, Юккъерчу Азехь а санна даьржина дацахь а, лела Кавказехь а. Лела нохчашлахь а.

ЖΙалеш девзаш а, ша уьш лоьтуьйтуш дакъалецна а ву Теркйистера Рустам. Цуьнга маситта хаттар дира Маршо Радионо. Дика лета жΙалеш муьлхарш ду хаьттича, иштта дийцира Рустама.

Рустам: «Иза муьлхачуьнца лотуьйту, муьлхачунна духьал хΙоттадо хьаьжжина ду. Лотуьйтуш даккхий женΙаьлеш дуй, царна юкъахь диканаш Азера, туркменийн алабай-жΙаьлеш ду. Вовшахлотуьйтуш питбульш делахь, церан хΙуне хьаьжжина – уьш дукха тайпанаш ма дуй, кхузахь 1500 сом бу мах церан.

Питбуллий, женжΙалий ахь лотуьйтуш делахь, цигахь женжΙаьле хьаьжжина ду. ЖенжΙаьлийн летарш доца хуьлу, питбулаш санна сохьташкахь ца лета».

Ша летийтинчу жΙаьлех лаьцна а дийцира Рустама. Шена товш дерг жΙала зер дара, амма и хилла а ца Ιара. Цхьадолчу жΙаьлийн тайпанаш вовшашца латийта дезаш а хуьлу, иза царна адамаша Ιамийна, бохура Рустама.

Рустам: «Сайниг питбуль дара. Дакъалецна лоьтуьйтуш, дукха летийтина. ...Самукъаненна лотуьйту-кх, вайн ворхΙа а да а хилла говраш езаш а, жΙаьлеш дезаш а, уьш лотуьйтуш а. Дукхахдерг, жΙаьлеш церан спортан гейм, церан каде хилар, билгал а доккхуш , кхиадо, цуьнга хьаьжжина дебадо хΙу а – кΙезеш. ЖΙаьлеш лелораш жΙаьлийн летаршка боьлхий, хьовса а хьовсий, кечло кΙезеш эца а».

Ша Рустам лор ву. Цундела хаьттира оха, жΙалеш летийтар къизалла юй-те аьлла. Цо шена хааре терра дийцира, цхьадолчу жΙаьлийн тайпанаш адамо леррина леташ а, дера хуьлу агΙо дебош а кхоьллина, аьлла.

Рустам: «Къизалла ян-м ю, амма, масала, питбуль, ахь цунна шен мостагΙа а гойтуш, цуьнга дог дассадойтуш ца хуьлий, цо шена гонаха лоху мостагΙ. Хьажалахь, ас, масала, чохь кхобуш ду и питбуль, чехадо, ахь луш йолу юург а ца го цунна, оьгΙазалла ю цуьнгахь гуллуш.

Цундела цо цкъа мацца а дассадо шен дог, ахь ша чехор, ловзор окхуш, шен дена тΙехь дассадо дог, я берана тΙехь. Иза лата а лотуьйтуш, цунна шена гергара мила ву, мостагΙ мила ву гойтуш ца хилахь, иза дарло. Хезана-кх вайна хийла питбуло цхьаъ ватΙийна, беран куьг даьккхина,бохуш. И хуьлу. Сан жΙаьла лотуьйтуш дара.

Амма керта веъначо, хьаъа а мийра тоьхча а магара цунна, ткъа и леташ гинарг тΙеваха а ваьхьар вацара цунна. Жιаьлешка шена муьшка йойтуш а дацара иза. Царна гайта еза юкъаметтиг мостагΙчунний, доттагΙчунний юкъара.

Иштта, оцу маьΙненна кхоьллина-кх уьш шаьш адамаша. Нах жΙаьлех шайн чуьра бер дан гΙерта, леладо бер санна. Амма иза бер хила кхоьллина дац, лата а лотуьйтуш, дог дассадойтуш хила деза цуьнга. ТΙаккха до цо ахь боххург, машаре а хуьлу иза».

Дуккха а хилла дуьнентΙехь, адамаш даьржачу юкъанна, цара шайн самукъаненна кхоьллина ловзарш. Царех ду хΙинца а дисина деха тайп-тайпана дийнаташ вовшахлоьтуьйту ловзарш а.

Гуманисташна а, жил-Ιалам лардар юьхьарлаьцначу а юкъарлонаша емалдо и тайпа ловзарш. Къинхетамалле диллича а, Дала дуьнентΙе массо а дийнат цхьабосса маьрша даха кхоьллина хилар а хьалхадаьккхича, хила тарло жΙалеш вовшахлетийтар а, стерчех летар а адамна дастаме лара дезаш хΙума. Оцу сакхтех а адам, гарехь, мукъадала а там бу хенан йохалла.
XS
SM
MD
LG