Охан-баттахь кхетамчуьра йаьлла дарбан цIийне кхаьчна хилла йолу ГIалгIайчоьнан Малгобекера 4 шо долу йоI йелла – шен доьзалехь къиза йетташ, хьийзош хилла и бер.
ЙоIан кхалхарх лаьцна шен телеграмерчу каналехь дийцира регионан куьйгалхочо Калиматов Мохьмад-Iелас. "Цуьнан цIийца долчу чолхечу лазарна дуьхьал дан хIума доцуш биссира лоьраш", – дIахьедира цо, амма ца элира, дуьйцург хIун лазар ду.
Стигалкъекъа-беттан 9-хь Калиматов дарбан цIийнахь йоIанна хьажа-хIотта вахара, тIаккха бохура, иза кхетамчу йеана, цуьнан хьал тоделла.
Охан-беттан 27-хь и йоI дарбан цIийне кхаьчначул тIаьхьа пачхьалкхан "Ингушетия" газето дийцира, лоьрашна гучудаьлла йоIан туьтан-хьен чоьхьара чов йина хилар, дегIера гIора дIадалар, пхенаш ийзор, шинна а бIаьрган пардонашка цIий хIоттар, шинна а пехийн цамгар хилар, анеми, йиттича йиссина йолу дегIехь Iаржйелла меттигаш хилар а.
Лоьрийн сацамна тIе а тевжаш, Кавказ.Реалии сайтаца къамелдинчу наха бохура, оцу берана тIехь эвхьазаллица хьийзийна хиларан ларш гучуйаьлла. Амма официалера хьукматаш дуьхьал хилира оцу хьоланна комментари йан, ткъа Талламан комитетехь хаамаш харц бу аьлла, дIахьедира. Хьалхо оцу беранна тIехь къизаллаш лелор къайладахьа ма гIерта элира имама Чумаков Хьамзата – бохура цо, эвхьазаллица и бер хьийзорах лаьцна хаамаш шена тIечIагIбина бере хьаьжна хиллачу масех лоьро.
- Оцу йоьIанна тIехь эвхьазаллица хьийзорах лаьцна гIалгIайн жигархоша, блогерша, адвокато а дIахьедира, иштта ур-атталла ницкъахошца йоьзна хила тарлуш йолчу телеграм-канало а элира цунах дош. Шен белхан накъосташка кхайкхам бира каналан авторо, "дIа а лаций, массарна а гуш, кхел йе оцу бераш хьийзочу стагна тIехь".
- Полицехь дIахьедира, беранна тIехь къизаллаш лелорна бехке йу цуьнан нана а, ненан-нана а, ткъа ша доьзал кхоччуш бац аьлла профилактикан чоьтехь лаьтташ бу. Доьзалера божарий оцу гIуллакхехь бехке хила тарло аьлла хIумма а ца хазийра официалан хьукматаша. Республикан куьйгалхочо Калиматов Мохьмад-Iелас а, Оьрсийчоьнан берийн омбудсмен хила йолчу Кузнецова Аннас а дIахьедира, зулам талларна тIехь тидам латтош бу шаьш. Шен куьйгалле эцна и гIуллакх Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочо а.
- Стигалкъекъа-беттан 1-хь беран нана дIалецира, йоIанна тIехь шен лаамца даккхийра зенаш дарна – иза СИЗО чохь латтош йу. Стигалкъекъа-беттан 6-хь цунна дуьхьал шолгIа бехктакхаман гIуллакх долийра, кхоччуш бере ца хьажарна аьлла йолчу артиклаца. ЙоIан ненан-нана дIалаьцна дукха хан йалале дIахийцира, цо цунна тIехь ницкъбаран тоьшшалаш ца карийна аьлла.
- ЙоI дарбан цIийна кхаьчначул тIаьхьа гучуделира, ницкъахоша цуьнан доьзална таллам бина ца Iаш, Iуналлехь доцу бераш даржарна тIехь тидам латточу системин белхахошна дуьхьал а таллам болорах. Республикерчу МВД-н пресс-сервисехь дIахьедира, зазадоккху-баттахь и доьзал кхиазхойн гIуллакхашкахула болчу нехан чоьте хIоттийра, амма цхьа барамаш ца лелийра.