ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Доьзалехь ницкъбарх йедда ГIалгIайчуьра Гиреева Лайлаъ цIа йирзина


Гиреева Лайлаъ
Гиреева Лайлаъ

ЦIахь хьийзайо ша аьлла Санкт-Петербурге йедда хилла 18 шо долу ГIалгIайчуьра йахархо Гиреева Лайлаъ шен доьзаде юхайеана, гергарчара къола дина бохуш бехкейо иза, амма цо тIе ца дуьту.

Гиреева шен дех-ненах дIакхетарх инстаграмехь йаздина журналисто, "Марем"бакъоларйаран проект кхоьллинчу Анохина Светланас. Цо дийцарехь, "цуьнан шен Гирееван харжам бара иза, цIера оцу дех-ненах йодучу хенахь бинарг а санна"

Оцу публикацина бухахь комментарий йитина Гиреева Лайлаа карарчу хенахь дIайаьккхина иза, амма "Сота" гIирсан аьтто хилла цуьнан чулацаман копи йан: "Суна а, сан дена-нанна а юккъехь дуккха а цакхетарш дара. Оха цунах лаьцна дийцаршдина. Цара со къинтIера а йаьккхина. Амма къоладарх а, дIахьедарх а лаьцна тамашийна цхьаъ хьийзадо цара. Билггал ас лачкъийна аьлла, со тешон гIертахь а, хьуна гипноз йинера, цхьацца долу хIума дага ца догIу бохуш, амма со тешна ю, ас лачкъийна ас и хIумнаш…Ницкъ барна тIехь а. "Хьуна ца йеттара, тарделлачух тера ду хьуна". Кхелан-медицинан экспертизех чекхйаккха йезаш ю со, кхетамчуьра йаьлла ю аьлла ларахь, гIуллакх сацор ду".

"СК SOS" кризисная группа Гирееваца зIене йаьллера, къамелехь йоIа тIечIагIдина, шена цIа йаха лаьа, деца-ненаца лаьттачу конфликто а, дуьхьалдаьккхинчу бехктакахаман гIуллакхо а паргIат йаха юьтур йац ша аьллера цо. Шен лаамехь Санкт-Петербургехь гергарчаьрца цхьанакхеттера иза, деца зIене а йаьлла, ша цIа йига аьлла хиллера цо. Иштта Гиреевас тIечIагIдина, къоладарца доьзна бехкзуламан гIуллакх бахьана долуш дIасайалар дихкина шена аьлла.

  • 18 шо долу ГIалгIайчуьра Несаран кIоштара Гиреева Лайла лахьан-беттан 14-хь къайлаха цIера дIайахара Санкт-Петербурге. Гирееван гергарчара ницкъахойн хьукматашкахь уьйраш ю шайн бохуш, кхерамаш туьйсура цунна. Масех де даьлча йоI лехамашка йелира, хIума лачкъорна бехке а йина.
  • Лахьан-беттан 23-хь Гиреевас дийцина, Санкт-Петербургерчу петар чу кхача гIерташ, тIаккха ша цIа йига лууш шен гергарнаш бу аьлла. Цо полици кхайкхира, тIаккха иза цара дIайигира. Гиреева полицехь латтийра масех сахьтехь, гIалгIайн МВД-н белхахой схьакхачалц собардеш, цаьрга иза цIа йигийтархьама, амма буьйса йуккъе йаьллачул тIаьхьа дIахийцира иза.
  • ГIуран-беттан 1-хь Гиреевас полице латкъамбира, шена тIехь гуттара а доьзалехь ницкъбо аьлла, гIуран-беттан 16-хь ГIалгIайчоьнан прокуратуро къаьсттинчу контроле ийцира Гиреевас чуделла арз таллар.
  • Дечкен-баттахь ГIалгIайчуьра Назранан кIоштахула йолчу полицино дуьхьало йира бехктакхаман гIуллакх доло Гиреева Лайлаана доьзалехь ницкъбарна тIехула. Иштта Назранан кIоштан кхело дуьхьало йира Гирееван адвокатана хьалхо къоладарца доьзна Гиреевана дуьхьал айдинчу гIуллакхна бинчу латкъамна. Цу тIехь билгалдаьккхинера гIуллакх долош талхийначу низамех а, Гирееван гергарнаш ницкъаллин структурашца боьзна хиларна коррупци цу юкъахь хила тарлуш хиларх а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG