ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Доьзалера боллу божарий хIаллакбийр бу бохура": политикан жигархойн гергарчарна Iаткъамбар чIагIдина


Соьлжа-ГIалара полици, гайтаман сурт
Соьлжа-ГIалара полици, гайтаман сурт

"Уьш миччахь белахь" а, шена реза боцу нах дIабаха аьлла Кадыров Рамзана кхайкхам бинчул тIаьхьа ницкъахой баьхкинера республикера нохчийн оппозиционерийн гергарчийн цIа. Царна кхерамаш тийсинера хIаллакбийр бу аьлла: "бехкалабахначех" цхьаьнга хаамбинера цунах лаьцна кадыровхоша. Репрессийн керлачу тулгIенан бахьанех а, Iедалхошна таIзар ца дарх а лаьцна дийцира Кавказ.Реалии редакцига бакъоларйархоша.

Регионера дIавахана, Iедалхошна луьйш лелачийн гергарчарна тIехь Iаткъамбар чIагIде аьлла, гIуран-беттан 29-чохь ницкъахошца дIайаьхьначу кхеташонехь омра дира Кадыровс. Цо бахарехь, цигахь дийцаредира "дозанал арахьа лелочу майданаш тIехь экстремистийн а, террорхойн а пропагандина дуьхьалойарх" хеттарш.

"Йукъараллин къепе йохош", Нохчийчохь "цхьаъ вовшахтоха" бохуш, кхайкхамаш бечу нахах "къинхетам бан мегар дац". Царна таIзар дан аьтто бацахь, "бехкечун дегара, йа вешигара жоп деха деза", дIахьедина Оьрсийчоьнан регионан куьйгалхочо.

Къастийна Кадыровс хьахийна, "кегийрхойн коьртеш хьийзон" Нохчийчуьра дIабахна жигархой. Цул тIаьхьа дукха хан йалале ницкъахой баьхкира NIYSO оппозицин телеграм-каналан шина авторан республикехь беха гаргарнаш болчу. Ткъа хIинца Кадыровн кхерамаш бахьана долуш жигархойх цхьа а зIене ца волу Нохчийчохь бехачу шайн нахаца, дийцира Кавказ.Реалии сайте каналан командехь.

Кхерамаш тийсира, церан "доьзалера божарша" цунах жоп лур ду бохуш

Церан дешнашца, бевза-безачара аьлла хиллера каналан цхьахволчу авторе, церан цIа ницкъахой бахкарх, шолгIачуьнга – "кадыровхоша телефон тоьхнера". Дечу къамелехь цунна кхерамаш тийсинера, ахьа лелочух "доьзалера божарша жоп лур ду" бохуш. Оцу йукъанна кхерамаш тийсинера цуьнан шичошна а цхьаьна. Нохчийчоьнан Iедалхоша тоххара а кхерамаш туьйсура гергарчарна, билгалдоккху пабликехь, амма жигархойн доьзалехь болчарна дойур ду шу бохуш кхерамаш хIинццалц схьа тийсина бацара.

Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисашца дийцаредина ду Кадыровн лелар, аьлла хета боламехь, каналан политикан жигаралла совйаккхарца бузу уьш: лахьан-беттан йуьххьехь цу тIехь йовзийтира Нохчийчоьнна "деоккупаци йаран программа". Цу тIехь дуьйцура республикел арахьа герзашца дуьхьало кечйарх а.

"Стаг вен а цхьана бакъо хилар"

Нохчийчоьнан куьйгалхочо тоххара а бекхам бора шена луьйшболчийн гергарчарна. Масала, марсхьокху-баттахь Украинера тIаме хьажийра цо нохчийн оппозиционерийн ЯнгулбаевгIеран вежарийн виъ гергара стаг. Церан нана, федералан суьдхо лаьттинчу Янгулбаев Сайдин хIусамнана Мусаева Зарема лачкъийначул тIаьхьа Кадыровс дIахьедира, "йа набахтехь, йа лаьтта бухахь меттиг бу цаьрга сатуьйсуш" аьлла.

Товбеца-бутт бовш тIамтIе вахийтира дозанал арахьарчу Ичкери Iедалан куьйгалхочун Закаев Ахьмадан вешин кIант. Цул а масех бутт хьалха Закаев Хьусейн шен вешица лецира ницкъахоша Хьалха-Мартанахь. Цуьнан гергарчу Закаев Шемала дийцарехь, Хьусейн тIом бан магийна хир вацара: масийттаза операцеш йина ву иза букъдаьIахкана, хиъна Iалуш а вац иза.

Кадыровн дешнаш – ницкъахошна лун сигнал йу, эшахь стаг вен а церан бакъо йу аьлла

Шен ваша бертаза тIаме вахийтина аьлла, 2022-чу шеран охан-баттахь йаздира Туркойчохь вехачу оппозицин блогеро Халитов Хьасана. Цул дикка хьалха а бехира цо Кадыровна ша йен критика бахьана долуш шен гергара нах хьийзорах. Соьлжа-ГIаларчу гIишлошйаран фирмехь ха деш хилла цуьнан да балхара дIаваьккхира, ткъа цхьахйолу йиша бизнесах йаьккхира, Закан-Йуьртара ателье дIа а къевлина.

Нохчийчуьра Iедалхошна луьйш болчийн гергарнаш ларамза белча санна сурт хIоттон йиш йу, билгалдаьккхира нохчийн бакъоларйархочо Янгулбаев Абубакара: "Кадыровн дешнаш - ницкъахошна лун сигнал йу, эшахь стаг вен а церан бакъо йу аьлла. Тамаш бу цара и дахь, амма оцу омрано баьццара серло ло боллу политикан жигархойн гергарчаьрца царна "болх бан".

Оцу йукъанна дойур ду шу бохуш туьйсу кхерамаш къаьсташ хуьлу уьш кхерон Iалашонца туьйсучарех, кхин дIа дийцира Янгулбаевс: "Йиллина Iедална критика йийраш боцурш а, цхьа наггахь критике хеттарш ден дуккха а бендоцурш а бу, - церан гергарчаьрца а дина "профилактикан къамелаш".

Шалха стандарташ

"Бехкечун" цIийн метта "вешин а, ден а цIий" эца бохуш, Кадыровс бечу кхайкхамо чIир кхайкхоран ламасте вуьгу. Оцу институте болу хьажам хийцало Нохчийчохь хIора билггал долчу хьолаца.

Доккхачу декъана Iедалхоша жигара кхайкхамаш бо мехкан бахархошка чIир хьейар дита бохуш: 2010-чу шарера схьа дуьйна Нохчийчуьра Динан урхаллин куьйгалхой коьртехь болуш кхоьллина леррина комисси йу чIирхошна йукъахь маслаIат деш. 2022-чу шарахь муфтиято дIахьедира 58 доьзал шаьш куьйге бахийтарх, делахь а, бертаза деш маслаIат ду и, меттигерчу наха дийцарехь.

Цуьнца цхьаьна ша Кадыровс а, цуьнан гонерчу наха а кест-кеста чIир кхайкхайо шайн оппоненташна. Иштачу тIаьххьарчу дIахьедарх ду 2022-чу шеран марсхьокху-баттахь Украинан агIор тIемаш бечу Нохчийчоьнан маршонан агIончашна лерина хилларг. ШолгIа масал – 2016-чу шарахь полицин белхахошна тIелатар динчул тIаьхьа Iедалхоша Пригородное эвлара бахархой вовшахтоьхна, бехкелоруш волчун доьзална неIалт кхайкхийна, уьш махках бехира.

Кадыровс кхайкхамбо, шен критикийн гергарчарна Iаткъамбар чIагIде бохуш, ткъа ша хьоьху Американ Цхьанатоьхначу Штаташна шен йоьIаршна тоьхна санкцеш йухайахар, хIунда аьлча, ша лелочух жоьпалла царна тIехь дац. Европехь схьайиллинчу "Цхьааллин ницкъ" йукъараллин куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата элира ишта.

Нохийн халкъаца оцу тайпа шен лелар нийса хета цунна

"Американ Цхьанатоьхначу Штаташка дехар дина цо украинйхон йийсархой дIалур бу ша, нагахь санна, шен доьзална тоьхна санкцеш дIайахахь. Шен гергара нах цхьана а хIумана "гунахь бац" боху цо, ша лелочух жоьпалла царна тIехь хила а ца деза. Оцу йукъанна нохчийн халкъаца оцу кепара шен лелар нийса хета цунна", - билгалдоккху къамелдечо.

Керла шо тIекхачале тIаьххьара хиллачу кхеташонехь Кадыровс хаийтира, нагахь критике къамелаш дозанал арахьара схьахезаш делахь, церан гергарчарна бале довла деза аьлла, кхетийра Сулеймановс: "Нохчийчохь беш болу Iаткъам цкъа а сацош бац. Шен-шен муьрехь чIагIбойла ду и, наггахь малбо – хIунда аьлча, даим а дуьйлинчу хьолехь ницкъаллин структураш хуьлийла ма дац. Амма жимма а резавацар ахьа къададахь, социалан машанехь а цхьана, чуьрабовлу уьш, гергарчарна тIаьхьабийла буьйлало уьш".

  • Лахьан-беттан йуьххьехь Нохчийчохь ницкъахоша рейд дIайаьхьира Дагестанан дозана уллорчу Гуьмса-кIоштара Къедин-Йуьртахь; официалехь МВД-но а, мехкан Iедалхоша а хаам бина бац цунах лаьцна. Амма 1АДАТ оппозицин нохчийн телаграм-канало йаздира, Къедин-Йуьртахь хиллачу "зачисткехь" 60 гергга стаг лацарх, царех цхьа дакъа Палестинехьа гIо дахарна лаьцна бохура.
  • Зазадокху-баттахь Гуьмсера шина вахархочунна герзаш тоьхнера кадыровхоша -–герзашца цара дуьхьало йина шайна бохура. Цхьахйолчу версица, гIаттамхой бу бохучара цкъа хьалха полицин декъана тIе герз диттина хиллера.
  • Нохчийчоьнан урхалхочо ницкъахошна омра дира, бакъо йоцуш республикехь акцеш хIитточеран "хье йуккъе герз тоха", кхоазза хIаваэ дIахьедеш герз кхоьсинчул тIаьхьа аьлла. ХIинжа-ГIаларчу аэропортехь жуьгташна дуьхьал къепедацарш лелийна ши де даьллачул тIаьхьа динера цо оцу кепара дIахьедар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG