ГIалгIайчуьра йахархо Яндиева Марина, хIусамехь ницкъбеш хилла йолу, Оьрсийчуьра дIайахна кризисан "СК SOS" тобанан гIоьнца. Цунах лаьцна хааамбира шайн телеграм-каналехь организацино. Хьалхо цуьнан гергарчара полици дIахьединера цунна, цо къола дина аьлла, иза цIа йигархьама.
28 шо долу Яндиевас видеокхайкхам бина, шегахьа мел хиллачунуна, шен истрих лаьцна мел йаздинчунна, гIо динчунна баркалла олуш.
"Ас дехар до сайн гергарчаьрга а, полисхошка а, тIейогIучу заманчохь шайн хан ма йайа, со лоьхуш. Со кхерамзаллехь йу, дерриг а исбаьхьа ду сан, цкъа а ца хиллачу кепара суо ирсе а хета суна", - билгалдаьккхина цо.
Хьалхо йоьIан доьзало кхерамаш тийсинера вуьйр ву аьлла "Iазапашна дуьхьал Командин" белхахочунна Аламов Мохьмадна а, цуьнан доьзална а, нагахь санна, йоI цIа ца йагIахь. Аламовс шен машенахь дIайигинера иза регионера йодучу хенахь.
Кавказ.Реалиин редакцин журналисто къамел динера Мариница, ша йина, кхиинчу хIусамах набахте муха хир йу, цуьнан консервативе болчу доьзалера йада гIортарх а, йедачу гIалгIачун дахаран Iалашонех а.
- Яндиеван шолгIа йадар ду хIара. Цо бахарехь, 2015-чу шарера схьа дуьйна даим а ницкъ латтош хилла цунна тIехь – хIетахь Москвара университет чекхйаьккхинера цо, дIахьединера режиссура карайерзон шен лаам хиларх. Цуьнан харжам къобал ца бинера гергарчара, Марина Подмосковьера исламан центре охьайиллира, цигахь экзорцизман сеансаш а йеш. "Дарба дечу" заманчохь йоьIан судукъдора, оцу доллучун а терго йеш Iара нана. 2016-чу шарахь йада гIоьртира иза, амма гучуйелира, йиттина, йуха цIа йигинера иза. 2016-чу шарера 2021-чу шаре кхаччалц цунна тIера бIаьрг дIа ца боккхура. 2023-чу шеран гIадужу-баттахь бакъоларйархойн гIоьнца йоьIан ка йелира йуха а йада
- "Iазапашна дуьхьал Командин" декъашхочунна Аламов Мохьмадна хууш дацара Яндиева Маринин гIуллакхех лаьцна, ша иза дIайуьгучу хенахь: цуьнга ца дийцинера ма-дарра кхерамзалла ларйеш. Бакъоларйархочун пхи бер ду, цомгаш да а.
- "СК SOS" тобанан хаамашца, Яндиеван цхьахволу деваша республикера МВД-н урхаллехь болх беш ву, вукхуьнан уьйраш йу Оьрсийчоьнан тIеман министраллин гIовсаца (цуьнан цIе ца йаьккхина, тарло вуьйцург ГIалгIайчоьнан хилла куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек. – Билгалдаккхар). Цул совнах, могушалла Iалашйаран министран декхарш республикехь кхочушден Антошкиева Зарема – Яндиева Маринин ненайиша йу.