ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Домодедовохь теракт йарна таIзар динчу гIалгIачо йехна компенсаци 14-зза лахйина


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ГIалгIайчуьра Лакхарчу кхело тIечIагIбина Наьсаран кIоштан кхело велла дIаваллалц чохь латтон хан тоьхначу Яндиев Ислама чуйеллачу искехула бина сацам. Хабаровск-махкара таIзар кхочушдаран федералан урхаллина а, номер 6 йолчу колонина а дуьхьал латкъам бинера цо. "Домодедово" аэропортехь теракт йарна таIзар динчунна хIиттийначу хьелашна духьал компенсаци йалар къовса гIоьртинера набахтен хьукмат.

Искехь Яндиевс билгалдаьккхина, 2018-чу шеран дечкен-баттера схьа дуьйна Хабаровера номер 6 йолчу колонихь латтош ву ша, цу чуьра хьелаш адамаллица догIущ дац, стеган сий дойу кепара ду аьлла. Цо охьадагардинчех дара шина шарчохь довха хи цахилар, телехьожийле хьежа а йиш цахилар, нормативашца йогIуш йоцу дIасаволавала йеллачу уьйтIен барам готта хилар. Цул совнах, Яндиевна низамехь дац аьлла хета дийнахь а, буса а видеокамераш латийна йитар, хIунда аьлча, дIайаздинчуьнга белхахой-зударий а цхьаьна хьуьйсуш хиларна. Цо "ийзаволуьйту иза динца а, къоман менталитетаца а, шен амалца а доьзна" а йаздинера цо латкъамехь.

Ахмиллион сом компенсаци йехнера ГIалгIайчуьра вахархочо, амма Наьсаран кIоштан кхело 14-зза лахбина и барам – 35 эзар соьмана тIе кхаччалц. И сацам хийцаза битина мехкан Лакхарчу кхело.

  • 2013-чу шарахь 34 шо долчу Наьсарара вахархочунна Яндиев Исламна велла дIаваллалц набахтехь йаккха хан кхайкхийра Москван кIоштан кхело "Домодедово" аэропортехь эккхийтар кечдарна. 2011-чу шеран дечкен-беттан 24-чу дийнахь эккхийтар хилира Домодедово аэропортехь. И бахьанехь велира 37 стаг. 170-нна чевнаш хилира. Оьрсийчуьра боцурш а бара царлахь Австрин, Украинан, Германин, Британин, Францин бахархой. Цу эккхийтарх долу жоьпалла тIелаьцнера "Имарат Кавказ" организацин лидеро Умаров Доккас.
  • "Яндиев а, кхинберш а Оьрсийчоьнна дуьхьал" гIуллакхан гурашкахь 1000 евро кхачийна 34 шо долчу Яндиев Исламна. Кхело бакъдина 2017-чу шеран гIуран-баттахь а, 2018-чу шеран дечкен-баттахь а этапе вохуьйтучу заманчохь цунна латтон деза хьелаш эшийна хилар. Тутмакхашна леринчу тIех йуьзначу вагон чохь вигинера Яндиев, цу чохь шийла а, бодане а хиллера, чоьна чу мохк кхоьтуьйтуш ца хилла, ца хилла цу чохь къастийна хьаштагIа а.
  • Терроран артиклехула таIзар динчу Дагестнера вахархочо Муртазалиев Омара дIахьедира, колонихь шен могушалла талхарх, ишта ФСИН-н белхахоша кхерамаш тийсарх а. Цунна хетарехь, цунна бекхам бан хьийза дуьхьало йеш мацалла кхайкхорна а, чохь латточу хьелашна латкъамбарна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG