Саламова Елена
Официалера хаамаш нехан дегнаш айдан лерина белахь а, Керла Шо тIекхача денош кIезиг мел дуьсу, бесташ го юуучун мехаш Дагестанехь а, Нохчийчохь а.
Йохк-эцар жигараяьлла Оьрсийчохь. Ткъа экономисташа, даима а олуш ма-хиллара, кхуьур бу боху кхачанан мехаш. Оцу «къовсамехь» хьалхаевллачу регионийн декъахь ю Нохчийчоь а, Дагестан а, Кхарачой-Чергазийчоь а.
Ткъа Iаьнан муьрехь и мехкаш «хьалхабуьйлу» ду пхи шо а, дуьйцу экономисташа. Кху баттахь Нохчийчохь мехаш бистина 2,12 процентна, Дагестанехь – 1,83, Кхарачой-Чергазийчохь – 1,8.
Дустархьама аьлча, Москох инфляцин процент яц 1, 35 бен, ткъа Нохчийчохь – шозза дукха. "Финэкспертизан" векалша яздарехь, Соьлж-ГIалахь, ХIинжа-ГIалахь, Черкесскехь кхачан мехаш бистина ерриг а пачхьалкхехьчул 30 процентна.
Делахь а, терахьашца гайтича, доьзалан бохчанна тIех Iаткъамбеш а ца хетало хIуттучу суьрто. Масала, 10 туьма доьхучу сурсатна тIекхетарг дац 2, 12 соммий бен.
Бестар бац мехаш, хаамаш бо Дагестанан экономикан министралло а. хьакамаша бахарехь, инфляци 1,4 – 1, 7 процент бен хир яц.
Ткъа хьал дахаре диллича, хеза Дагестанерчу а, Нохчийчуьрчу а наха бен леткъамаш.
Мехаш хьаьвдда лела дуьйлира кхачанна санкцеш тоьхначу хьалхарчу беттанашкахь – 2014-2015-чу шерийн Iай.
ХIетахь нехчан мах 160 сом бара Дагестанехь, Нохчийчохь – 260; Iежийн мах Черкесскехь 53 сом бара, ткъа Несарахь – 100; Нохчийчохь даьттан мах 348 сом бара, ГIалгIайчохь – 287. Бахьана а доцуш мехаш бесторна иттаннаш административан бехктакхаме девнаш айдира.
Оццул мехаш дестар дац кху Iай, амма мелла а лакха-м девр ду, боху "Кавказ.Реалиино" хеттарш динчу бахархоша. Цара тоьшалла дарехь, стохка Керла Шо тIедогIуш уггаре оьшучу кхачанан – шурин, жижиган, гарзанийн, хIоьийн мах бистира, Дагестанехь а, Нохчийчохь а 40-50 процентна. Цундела цигахь кхушара хIинцале а эца долийна наха гIорийна жижиг – кхана кхин а безачу мехашкахь ца эцархьама.
«Мехаш Дагестанехь а, Нохчийчохь а беста, хетарехь, я цигахь а, я цигахь а Оьрсийчоьнан гипермаркетийн туьканаш цахиларна. Масала, мандаринаш, апельсинаш меттигерчу совдегарша кхоьхьу Дагестане а, Нохчийчу а, юхку туьканашна, ткъа оцу туьканашкара оьшу наха – са йоккхуш ву оцу тIехь кхачанан 4-5 «да», - дуьйцу Eurasia Daily газетан экономикан редакторо Проценко Николайс.
Кхача кечбеш ян а юй-те юй-те бохучу хьелашкахь ю Нохчийчоь. Пачхьалкханна сурсаташ кечдечийн могIаршкахь тIаьххьарчу меттехь ю иза. Регионо кхача берриг а санна тIебохьург буу. Долу хьал иштта ду, 2013-чу шарахь Кадыров Рамзана, Нохчийчоьно шенначул кхиийна ца Iаш, Москох а, кхечу гIаланашка а кхачабо ша кхиийна кхача, баьхнехь а.
Цундела аьтто болу кхача юхабухкучийн бахархошкара ахча тIедаккха. Нохчийчоьнна боккха аьтто бу 2016-чу шарахь гипермаркетан «Лента» системин туька схьаеллар. Амма и система йоцург, кхин цхьа а гипермаркет яц цига кхаьчна.
Изза хьал Дагестанехь а ду. Цига кхача кхачораш ю меттигера супермаркеташ, долара туьканаш, базарш. Амма яц арахьара чуялийна гипермаркеташ. Кхерамзалла ледара хиларна, я лаам а бац «яккхийчу туьканийн дайн шайн бизнес Дагестане кхачон.
«Магнит» туьканаш Дагестанехь яхка гIиртира Iедал дукхазза а, амма ца ехкина – 3 миллион стаг веха мохк белахь а, кхерамзалла ледара хиларо ца хIуьттуьйту совдегарш цига бахка», - аьлла хета Проценкона.