Подмосковьера "Крокус Сити Холл" концертан хIусамчохь байъинчийн терахь 140 стаге хьаладаьлла. Дуьненайукъарчу террорхойн "Исламан пачхьалкх" организацино динчу тIелатарх жоьпалла шайна тIелаьцна хIинцале а, лаьцна ву 12 стаг. Цкъачунна Оьрсийчоьнан Iедалхоша дийцаредо стаг вуьйш могуьйту низам йухадалон дагахь, зорбанан гIирсашкахь дийцаредо лаьцначарна тIехь Iазапаш лелор. Оцу кепара хIума Къилбаседа Кавказехь лело дуккха а хан йу, даим аьлча санна, таIзар доцуш дуьссу, боху "Iазапен" гIуллакхашца болх бечу бакъоларйархоша. Ницкъбар тахана диллина схьа стенна гойту-те федералан ницкъахоша?
ТIетохар "магийта йиш йоцург"
"Крокусехь" динчу тIелатарца доьзна лаьцначух волчу Мирзоев Далерджонан йуьхь тIехь сийна таммагIаш ду гуш, ткъа кочахь тIоьрмиган йуьхьиг, зазадокху-беттан 24-чохь Басаманан кхелехь йаьхначу видеош тIехь гуш ду и дерриг а. Шайн каравеъначу садукъочу хенахь лелош бу тIоьрмиг. Лоцучу узаманчохь Саидакрами Муродали Рачабализодун лерг даьккхина, цуьнга и даийтина. Видео йаржийна ЧВК "Вагнерца" йоьзначу Grey Zone телеграм-канало. Фаридуни Шамсидинна тIехь гIело латтош даьхна суьрташ а зорбане даьхна – цунна ток йеттийтина, цуьнан бехкечу меттиге серий а тийсина. ВоьлагIа лаьцна Файзов Мухьаммадсобир гIудалкх чохь валийра кхеле, дерзинчу дегIа тIе йоьхна лоьрийн халат йолуш – кхел йоьдучу заманчохь кхетамчохь а вацара иза.
И суьрташ нахаладаьхначул тIаьхьа, пачхьалкхан зорбанан гIирсашкхаь а цхьаьна дара уьш, "Iазапашна дуьхьал Командин" векалша дIахьедар арахийцира, ницкъахоша динарг йемалдеш.
"Полицин гIуллакх – лаьцна зуламхо кхеле дIавалар ду. Кхело сацамбо, хIун таIзар дан догIу зуламхочунна. Полисхочун, йа прокуроран, йа талламхочун гIуллакх дац и, кхелан бакъо йу. Цхьана а зуламаша, мел чIогIа уьш инзаре хиларх, бакъо ца ло Iедалан векалшна царна дуьхьал зуламашца жоп дала", - аьлла ду бакъоларйархойн дIахьедарехь. 20 сов шераш ду "Командо" пачхьалкхан кеп-кепарчу регионашкахь, иштта Краснодар махкахь а, Къилбаседа Кавказехь а, бакъоларйаран структурийн белхахоша ницкъбеш, уьш бакъонел совбоьвлла меттигаш толлу.
Оьрсийчоьнан омбудсмено Москалькова Татьянас ши де даьллачул тIаьахьа дIахьедира ницкъбар мегар дац аьлла, амма билгалдаьккхира: "Лоцучу заманчохь зен дарх жоьпалла тIехь дац" аьлла.
Социалан машанашкхаь тайп-тайпа дара и суьрташ гинчарна хетарг: дукхахберш Iадийнера Iазапаш хьегийтар магорна, кхинберш, дукха хьолахь Iедалхошкахьа йолчу "Z-каналаша" къобалдира ницкъахоша лелийнарг.
Шиша, ток, тIоьрмиг
Нах хьийзор къаьсттина дукха леладора Нохчийчохь тIом болуш бохуш, билгалдохура бакъоларйархоша – оцу конфликтан шина а агIоно лелийна ду и хIуманаш. Мехкан дозана тIехь федералаша шайн контроль дIахIоттийначул тIаьхьа "ваххабизмаца" шайн боьзна бу аьлла хетачу нахана тIехь къизаллаш лелайора цара.
Карарчу хенахь ницкъахоша Iазапаш хьегийтарх лаьцна дIахьедарш кест-кеста кхочу Къилбаседа Кавказан мехкашкахь лецначаьргара. Уггар а чIогIа дийцинчех дара: ГIалгIайчуьра вахархо Долиев Мохьмад 2016-чу шарахь полицин декъахь ток йеттийтина, садукъийна вер, Нохчийчохь лачкъийна вигина, гIело хьегийтина ши ваша Магомедов Салахь а, Исаев Исмаил а, 1АДАТ оппозицин телеграм-каналан чатан администратор Тепсуркаев Салман, шишана тIе а хаор, цул тIаьхьа, хетарехь, вийна иза.
ГIело хьегийтар, дозалла дар а санна, Нохчийчуьра схьадогIуш ду
2016-чу шеран гIадужу-баттахь ницкъахоша лачкъийра Нальчикера йохкархой Князев Александр а, Левдик Валерий а, тIехь ницкъбина, миллион гергга соьмана хIума лачкъийна алийтира цу шинга. Лаьцначара шаьш дийцинера, шаьшшиъ хьийзор ву бохуш, кхерамаш тийсинера, тIоьрмигца садукъийра, буйнашца, мийрашца йиттинера аьлла. Коьртан хье лазийна хилар а, йуьхьа тIехь цIий сецна меттигаш а, некхан ун лазийна а, чоьхьара некхан пIенда кагбина а хилар тIечIагIдинера лоьраша.
Уггар а тIаьххьара, дукха дийцинчех ду – 2023-чу шеран дечкен-баттахь ХIинжа-ГIалара Советский кIоштара полицин декъехь 35 шо долу Далгатов Курбанан кхалхар. Цуьнан докъа тIехь дуккха а лазийна меттигаш бара, цIий сецна ларраш а. Цуьнан гергарчара дIахьедира, садукъийра шен, ток йеттийтира аьлла. Карарчу хенахь оцу гIуллакхехула бехкевина левеш ву мел лахара а 13 стаг.
Пачхьалкхан кIомсарш
Тоххара шаьш гIело хьегийтар ницкъахоша бакъ дац баьхнехь а, хIинца "Крокусехь"теракт йарна бехкебечарна тIехь динарг – сингаттаме сигнал йу, элира кризисан СК "SOS" тобанан векало Мирошникова Александрас Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу къамелехь.
"ХIинццалц схьа Оьрсийчоьнан ницкъаллин структураш ишта лелла йац, шаьш гIело хьегийтина бохуш, баьржина хаам а дIабайъа хьийзара, таллам бийр бу, бехкечарна таIзар дийр ду олура. ГIело хьегийтар, дозалла ден хIума долуш санна хетар а Нохчийчуьра схьадогIуш ду. Ток йеттийтар а, коьртах тIоьрмиг боллар а кадыровхоша лелон хIуманаш ду", - билгалдаьккхира спикеро.
Цуьнан дешнаш тIечIагIдо "Iазапашна дуьхьал Командо" арахецначу "Арифметика пыток" рапорто а. Цу тIехь боху, Къилбаседа Кавказера 75 процент хиламашкахь латкъамаш бечара дуьйцура буйнаш беттарх, 56% - ток йеттийтарх, 53% йиттинера мийрашца. Оцу йукъанна и дерриг а цхьана лелош меттиг а нислора.
Мирошникован дешнашца, нохчийн Iедалхоша репутаци йаьккхина шайна, мел а шогачу кепашца терроран акцешца йистйаккха шаьш гунахь хиларх. Урхалла дечу шен аьчкан куьйгах диллина дозалла до Кадыров Рамзана. Тахана оцу тайпа практика цхьана махкара арайаьла йоллу федералан тIегIане кхаьчна.
"Эмоционале йукъараллехь реакци йарх лаьцна дийца хьалхе ду. Амма кхузахь дагалоцийла йу 1999-чу шарахь а, 2000-чу шерийн йуьххьехь а теракташ хиллачул тIаьхьа Оьрсийчоьнан йукъараллин хеттарш хIунда ца хилира, Нохчийчоьнца а, нохчашца а иштта хIунда хуьлу аьлла. ОьгIазалло а, царна хьалха кхераро а муьлхха а ницкъбар хила йиш йерг хетийтира"- масала далийра кризисан СК SOS тобано.
Нохчийчохь ницкъбар шордира терроризмана бехкебечарна тIера (цу тIе, лаьцначара а, бакъоларйархоша а шаьш дIахьедарца, дукха хьолахь фальсификацешца гIаттийна гIуллакхашца) долийна боллу бахархошлахь даржа а деш. Пайдабоцчу хIумана тIехула а ницкъ беш, балане вуллу кадыровхоша, масала, Путин Владимире арз дахь меттигерчу хьаькамашна, йа шайна хазахета нохчийн эшарш локхуш, бахархоша йаьхна видеош зорбане йахахь.
Подмосковьехь теракт хилале хьалха Нохчийчоьнан урхалхочун воккхаха волчу кIанта, 18 шо долчу кегийрхойн гIуллакхаш луьстучу министраллин куьйгалхочо Кадыров Ахьмада кхерамаш тесира, социалан машанашкахь оьздангаллех боьхна лелачаьрца "кхетош-кхиоран къамелаш" дийр ду аьлла. Шен ден политика йу цо дIахьуриг, цо а масийттаза чIагIо йира республикехь "маьршачу дахарна новкъарло йийраш" арабохур бу ша бохуш.
ХIокху хьолехь пачхьалкха шен цергаш гайтина
Теракт йинчул тIаьхьа зазадокху-беттан 22-чохь лецначарана ток йоьттуйтуш, лерг доккхуш зорбане даьхна тоьшаллаш йукъараллина дIахаийта дина хIума ду: пачхьалкхан тIегIанехь магийна ду Iазапаш хьегийтар аьлла, тешна ву Avtozak LIVE проектаца йукъарло лелош волу бакъоларйархо. Оьрсийчоьнан репрессин низамаш бахьана долуш шен цIе йаккха ца хIотттира иза.
"ХIинца хIунда могуьйтуш ду и? Суна хетарехь, Украинера хиламаш бахьана долуш. Ша тIом – экстраординаран хьал ду, муьлхха а гIело хьегийта, стаг вен шан бахархошна бакъо луш. Цу тIе тIом харцонца болийна ма буй, мохк схьабаккха Iалашонца", - элира цо.
Йукъараллин реакцих дер аьлча, спикеро тидам тIебохьутйу: оццул йоккха теракт йинчул тIаьхьа вахархочун бакъо йу эмоционале реакци йан. Царна нийсо ца оьшу, бехкам бар оьшу.
"Пачхьалкхан Iалашо – бIостане йу. Стага дина зулам мел доккха делахь а, ирча делахь а, пачхьалкх декхаре йу цуьнан бакъонаш Iалашйан, и принцип массаьрца а лелон йезаш йу. ХIокху хьолехь пачхьалкхо шен цергаш гайтина", - дерзийра Avtozak LIVE проектан векало.
Адамаша мага а деш йукъаралла кхерор?
Iазапаш лелор диллина дIагайта стенна гIерта Iедал бохучух кхетон масех тарлу кхетор ду. Масала, йукъараллин дог-ойла хийца – гIело террорхошна тIехь лело мегар ду аьлла хета Кавказехь куп тоьхначу цхьана бакъоларйаран организацина. "Магош йоцчу" организацин хьокъехь репрессийн низам хиларна цуьнан цIе ца йоккху оха. Цхьана агIор, кхин дIа дуьйцу бакъоларйархочо, йукъараллехь ишта позицина ца хуьлчу далахь тIетайна бара хьалха а. Амма хIинца, лецначарна тIехь муха Iазапаш латтадо гинчара, шайна хетарг хийца мегара, дуьхьал бовлуш.
"Оцу кепара биллина бекхам бар шех девллачу гIалатех бекхам бар хила тарлора. Ницкъахоша йукъах ца йаьккхина теракт, бIе сов стаг кIелхьарваккха ницкъ ца кхаьчна церан, ткха зуламхой дIабахийтина. Таханалера Iедал лаьтта цхьана бIогIамах бу, - ницкъахой – иза ласта а лестина, охьа бужучуьра баьлла. Катоьхна реабилитаци йан йезара цара. Кхин пайден хIуммаъ а дага ца деара царна, лецнарш камери тIе дIа а йаздеш, хьийзор бен, - дуьйцу цхьахволчу спикеро. – Хила тарло, оцу кепара рожо шен дуьхьалончашна а, критикашна а дIагойтуш хила шайн къизалла. Адам кхера а дина, протесте буьйлу некъаш доьхкуш дина хIума хила тарло".
Iазапаш лелор адамийн бакъонаш хьешар ду, уьш цкъа а бакъйойла дац, аьлла хета организацихь. Уьш леладахь йукъараллера хьал талхор ду, Iедалх тешам бовр бу, кхиамечу пачхьалкхашкахь дийцаредийр ду, керла санкцеш тухур йу, кхин дIа а пачхьалкх изоляцихь латтор йу.
"Иштта ирча гIело хьегийтар дIагайтар хIокху тIаьххьарчу шерашкахь пачхьалкхехь низамехь доцу Iазап латтор дан йиш йолу хIума ду ала гIертар ду. Селхана йукъадаьлла дац Оьрсийчохь ницкъбар, кхел йоцуш нах байъар, и шуьйра дийцина хIума ду зорбанан гIирсашкахь, амма даим а Iедалхоша жоп доцуш дуьтура", - билгалдаьккхира Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу къамелехь адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориал" центран юристо, шен цIе а ца йоккхуш.
Оцу кепарчу тIаьххьрачу шерашкахь хиллачу масалшкахь хьахийра цо кувалда тоьхна Вагнеран тобанехь хилла Нужин Евгений вер а, Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь Кадыров Рамзанан кIанта Журавель Никитина йеттар а.
"Крокус Сити Холлехь" динчу терактана бехкебечарна тIехь гIело йар а оцу паттерна йукъара доккхуш дац, цуьнан керла мур бу цо гойтуш. Ток йеттийтаро а, лергаш дахаро а Iадон беза нах, кхел йина аьлла хета ца деза царна. Амма тамаш бу-кх, хIокху процессана йуханехьа некъ карабахь, лакхара охьа дуьйна "байъа уьш" бохуш, детта маьхьарий алсамдуьйлуш ду", - билгалдаьккхира эксперто.
Оцу "маьхьарша", юристана хетарехь, Iедалан структурашна шайна луъург лело а, шайггара кхел йан а бакъо йуьту, дуккха а нах Iадийна дуьхьал ца бовлахь. Террорхо ву бохучунна тIехь тахана массарна а гуш ницкъ бича, кхана "пачхьалкхан мостагIчун", "арахьарчу агентан", йа пайдабоцчу хIумана тIехула лаьцна валийначун лерг даккха хIунда мегар дацара?
- "Левада-центран" зерашца, Украинехь шуьйра тIом болабала масех бутт болчу хенахь хIуъа динехь а стага, цунна тIехь ницкъбан мегар дац аьллера Оьрсийчуьара кхаа декъах шиммо. Ца хуьлчу даьлча а, къаьсттина къиза зуламаш оцу стага динехь а, мегар ду элира хIора пхоьалгIачо. 2022-чу шеран чиллан-бутт бирзинчул тIаьхьа керла оцу тайпа зераш дина дац.
- Зазадокху-беттан 22-чохь Подмосковьера концерташ дIахьочу "Крокус Сити Холл" хIусамана дина тIелатар уггар а доккхачух хили Оьрсийчохь 2004-чу шарахь Бесланера школа дIалаьцначул тIаьхьа. Цигахь беллачийн терахь 137 стаге даьлла, 180 гергга ву цигахь зенаш хилларг. Оьрсийчоьнан Iедалхоша дIакхайкхийна шеконаш йолуш 11 стаг лаьцна аьлла, уьш Украинехь къайлабовла дагахь хиллера боху, оцу тIехула хеттарш диссира экспертийн.
- Хьалхо Кавказ.Реалии сайтаца хиллачу къамелехь адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориалан" Центран кхеташонан декъахочо Черкасов Александра дийцира, теракташ йечийн лелар тIаьххьарчу итт шерашкахь муха хийцаделла а, оцу ирчачу хиламех пайда хьанна бу а, Кремлан политикана цара Iаткъам муха бина а, конспирологин версеш нахалахь сил чIогIа гIарайевлла а хIунда йу.
- Къилбаседа Кавказера "Iазапашна дуьхьал Командин" филиалан юристашна къаьстира Кавказера мел кIезиг а шайга кхачийначу 45 дIахьедарехь волайнхойн бакъонаш хьешна хилар. Кхеле кхачон ницкъ кхаьчна цхьа гIуллакх – Курашова Юлдуза бинчу латкъамца, иза бехкейора наркотикашца доьзна, шайггара долийначу гIуллакхехула. И гIуллакх толлучу гурашкахь къаьстира, полисхой хиллачу Сайпулаев Рамазана а, Алиев Шемала а и гIуллакх бух боцуш дуьхьалдаькххина хила тарло аьлла.