ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дронаш лело Iамош 250 миллион сом дойъур ду Къилбаседа ХIирийчоьнан Iедалхоша


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Къилбаседа ХIирийчоьнан Iедалхоша 250 миллион сом дойъур ду дронаш лелон Iамош а, дешаран оганизацешна гIирс оьцуш а. Украине шуьйрачу тIамаца чугIоьртинчул тIаьхьа къилбан регионашкахь БПЛА лело а, уьш муха йохош 1у а дуьйцуш Iамораш долйина.

Республикера пачхьалкхан цIарах оьшург оьцучу сайтехь ворхI контракт йу дешаран министраллица йина. Тендеран документацица, министралло 29,6 миллион соьмана спортан квадрокоптеран 228 конструктор вала веза, 33 миллионах – кхоъ дрон, ишта тепловизорца йиъ видеокоптер а.

Важа пачхьалкхан цIарах оьцург, 59 миллин соьмана йу, - квадрокоптерий дешаран программийн комплексаш. 82 миллион соьмана эцна йу 375 ноутбук – цхьаннан мах бу 220 эзар сом. 11 миллион соьмана ши тендер – агроиндустрин дрон а, тIома йаха трассийн комплекташ. Кхин а 20 миллион сом хьажийна дронаш дIахеца 13 тренажер-симулятор эца

Республикера дешаран министралла бен хила йац тендеран декъашхо.

Оьрсийчоьнан регионашна кест-кестаа тIелетарш до дронашца – стигалкъекъа-беттан 9-чу буса Краснодаран кIоштара Юровка эвлара мехкадаьттан база йохийра цара, стигалкъекъа-беттан 10-чохь Ростовн кIоштара Таганрогана тIехула тохарш дан гIоьртира, ткъа стигалкъекъа-беттан 12-чу буса Волгоградера мехкадаьтта доккху завод йохон гIоьртира.

  • Оьрсийчоьнан дешаран министралло стохка марсхьокху-баттахь колледжашна керла программа тIечIагIйира, дронийн операторан говзалла йукъа а йалош. Керла шо долалуш ГIебарта-Балкхаройчуьра а, Ставрополь-махкара а дешаран хьукматашкахь ийцира масех комплекс БПЛП операторш кечбан.
  • Махкара 17 школана лерринчу секцишна бархI дрон эцна Нохчийчуьра дешаран а, Iилманан а министралло. Оцу Iалашонашна республикин бюджетера 43,7 миллион сом хьажийнера аьлла ду пачхьалкхан цIарах оьшург оьцучу сайтехь хIоттийначу тендара тIехь.
  • Дронаш лелон Iамош школашкахь урокаш дIахьо хIинца. Масала, Дагестанера Цмуран йуккъерчу школехь дешархой кIиранах масийттаза гулбо коьрта дешар дирзинчул тIаьхьа дронаш лелон Iамочу урокашка. Iамораш дIахьош ду къоман "дешар" проектан гурашкахь кхоьллинчу берийн "Кванториум" технопаркехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG