ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дудаев Джохаран гергара стаг лачкъийна Нохчийчохь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Соьлжа-ГIалахь кадыровхоша лачкъийна вигина Нохчийн Ичкерия республикин хиллачу хьалхарчу президентан Дудаев Джохаран шичакIант – Идигов Лом-Iела.

Цунах лаьцна дIахьедина дозанал арахьарчу оппозицин нохчийн 1АДАТ телеграм-каналан авторша. Церан хаамашца, Москвахь бизнес лелош хилла Идигов гезгамашин-беттан 17-чохь Соьлжа-ГIалара Катаямера шен цIа веана хиллера, цигара лачкъийна ву иза ницкъахоша.

БархI де а ду Соьлжа-ГIалара полицин декъехь иза латтон, цхьана а кепара бехкаш ца дохкуш. 1АДАТ-а чIагIдо, Идигов зуламе гIуллакхаш лелош вацара, амма Дудаевн сурт хIоттадора цо шен инстаграме.

Идигов лачкъорах хаам тIечIагIбина Кавказ.Реалиин хьасто а. Цо билгалдоккху, Идигов даим а Нохчийчохь вехаш хилар. Iедалхоша тергамза буьту цуьнан гергара нах, цунах лаьцна цхьа а кост ца кхачош, йа иза чохь латторан бахьанех а ца дуьйцуш, билгалдоккху хьасто.

  • Дудаев Джохар (1944 – 1996) – нохчийн пачхьалкхан гӀуллакххо, республика Оьрсийчоьнах йозуш ца хилийтаран боламан хьалханча а, дIакхайкхийначу Нохчийн Ичкерия Республикан хьалхара президент вара. Советан заманахь — авиацин инарла-майор, Ичкерихь — генералиссимус. Боснехь а, Герцеговинехь а, Латвехь а, Литвехь а, Польшехь а, Туркойчохь а, Эстонехь а, Урдунехь а цуьнан цӀе тиллина урамаш ду.
  • Дудаев вийна 1996-чу шеран охан-беттан 22-чохь Соьлжа-ГIалина 30 чакхарма генарчу Гехи-Чохь. Оьрсийчоьнан эскархошна хаавеллера иза волу меттиг цуьнан спутникан телефонехула кхаьчначу сигналца. Оьрсийчоьнан пачхьалкхан думин депутатца Боровой Борисца къамел деш хиллера политик, Су-24 кемано ракеташ тухучу хенахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG