ХIора а кхолларалан белхахо санна Дудаев Муса шеко йолуш вара баккъалла а похIма дуй-те шегахь бохучух. Амма цхьана дийнахь кехат деана хиллера цуьнга Тевзанара. Цу эвларчу школера зудабераша оьгIазе яздина хиллера актере, хьо дика стаг вац, оццул къиза адам даха ца оьшуш дац кху дуьнентIехь аьлла.
И кехат деана чIогIа хазахетта хиллера Дудаев Муса, хIунда аьлча дешархоша вуьйцург хиллера цо «По следам Карабаира» цIе йолчу кинофилмехь васт кхоьллина волу турпалхо.
Дудаев Мусас дуккха а кинофилмашкахь дакъалаьцна, амма хьовзархошна уггаре а дагахьлаьттарш ду цо комедешкахь кхоьллина васташ. Цундела иза дуьненах самукъадолуш, адамашца ийна, забаре стаг санна вевзаш вара.
Делахь а дахарехь дуьненчу волуш дуьйна халонаш хьегна вара Дудаев Муса. Сталинан террорах бохам баьлла стаг лара мегар дара иза. НКВД-н салтийчо, мийра тоьхна кийрахь воллушехь ши пIенда а кагбина, дуьненчу ваьлла вара Дудаев Муса.
Дудаев Мусан да, Дудаев Iабди, нохчийн вевзаш волу поэт хилла. Иза дийна а волуш, цуьнан «Партизанийн эшарш» цIе йолу байтийн гулар зорбане даьлла 1937-чу шарахь Соьлж-ГIалахь. Оццу шарахь ГIадужу-беттан 24-чу дийнахь Дудаев Iабди лаьцна, цунна вен кхел йира Iедалша.
Дудаев Iабди дIавига баьхкинчу салташа йиттина чолакх йина, 20 шарахь бала а хьегна, бакъдуьнене дIайирзира Дудаев Мусан нана. Актеран да воцург Iедалша лаьцна вийра цуьнан 100 гергга шо долу денда а, деваша.
Ша воккха хилча шен де кхоллам муха хилла къасто хьаьжира Дудаев Муса. Горбачев Михаил Iедале а веана, цо паргIато йелча а бен цуьнах баккъалла а хилларг хаа аьтто ца белира вевзаш волчу актеран. Соьлж-ГIаларчу Чоьхьарчу гIуллакхийн министралло харц кехат делла хиллера, Дудаев Iабди деган цамгар кхетта велла аьлла.
2014-чу шарахь ша кхалххалц къона актераш Iамош а, Нохчийчурча театрна куьйгалла деш а, актеран болх беш а жигара дахар дIахьош вара Дудаев Муса.
Дагехь ондда бала белахь а, дхьахьо ша юьхьарлацнарг бохуш хуьлура иза. Шен дахарх лаьцна язйина «Встать, зверёныш!» цIе йолу книга йитина Дудаев Мусас.