ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Реза хила, къера ву моттийта". Нохчийчу йухаберзийна ницкъ лайна болу нах камершна хьалха къера хуьлу


Соьлжа-ГIала, Нохчийчоь. Архивера сурт
Соьлжа-ГIала, Нохчийчоь. Архивера сурт

20 шо долу Исмаилова Селима лачкъийна шиъ, ах кIира даьлча бен гучу ца йелира цунах лаьцна официалехь информаци – доьзалехь ницкъбарх йада гIоьртинера йоI, амма иза лаца а лаьцна, нохчийн ницкъахошка дIайелира. Меттигерчу телехьожийлан эфирехь цо дIахьедира, ша кхерамазаллехь йу, ша Iадда йита, аьлла. Иза дуьххьара дац Нохчийчу йухабахкийначу, таIзар лайна хиллачу наха шайн проблемаш йац бохуш къамел дар. Бакъоларйархоша оцу кепара и видеош кеп хIиттош йаьхна йу олу, тIаккха лаьцна латточу нехан нуьцкъаха и къамел дан деза.

Воккха а, жима а Рамзан

Нохчийчуьра йахархо Исмаилова Селима шен виъ вешица, йишица, деца-ненаца Германерчу Эстрих-Винкель гIалахь йехаш йара. Да-нана девнашкахь хуьлура сих-сиха, йоI таIзарш ловш хуьлура шен ненаца йолчу йукъаметтиг бахьанехь. 2021 шеран аьхка иза шен ден нана йолчу хьошалгIа йигира ТIехьа-МартантIе. Цхьа хан йаьлча цIавирзинчу дас цунна кхерамаш тессира, таIзар дийр ду бохуш. Цо кхоьхьуьйтучу озан хаамашкахь цо бохура, ша "заьIапхойн гIанта тIе хаор йу" иза, "куьйгаш, когаш кегдийр ду", ур-атталла йуьйр йу олура, Нохчийчохь иза йер цхьамма толлур дац, олий тIе а тухуш.

Оцу историна тидам бира масех бакъоларйаран цхьанакхетараллаша. Республикера ара а йаьлла, Европе кхача кехаташ дохуш гIо дира цара цунна. Мангалан-беттан 12-хь Москварчу "Внуково" аэропортехь лецира иза, цунна дуьхьал долийна хиллачу хIума лачкъор бохучу гIуллакх бахьанехь – гергарчу наха арз дина хиллера, цо 85 эзар сом даьхьна аьлла. ШолгIачу дийнахь йеддарг Нохчийчуьрчу МВД-н белхахошка дIайелира, товбеца-беттан 7 дийне кхачалц цунах дерг хууш дацара.

ТIаккха ЧГТРК "Грозный" телехьожийлехь вистхилира Нохчийчоьнан куьйгалхочунна уллора стаг, адамийн бакъонашкахула векалвина волу Солтаев Мансур. Цо Селиме доцца хеттарш дора, тIаккха вукхо камерина хьалхо олура, шена цатам беш стаг вац. Нохчийн маттахь ша паргIат йаха йита олура цо. Ша омбудсмено бохура, йоI хIинца шен ден ненаца, кхинболчу гергарчаьрца, иза дукха йезаш волчу деца а йехаш йу иза Нохчийчохь. Хьаькамо бахарехь, цунна кхерам болуш хIумма а дац, тIаккха йада аьлла цунна коьрте диллинарг "Малхбузера агенташ" бара.

"Арахьара агенташ бу уьш, доьзалехь ницкъбарх шаьш Кавказера зударий кIелхьарабоху бохуш дIахьедеш… Церан коьрта Iалашо – Кавказана а, Оьрсийчоьнна а дискредитаци йар ду", – дIахьедира Солтаевс.

Нохчийчохь адамийн бакъонашкахула векалвина волу Солтаев Мансур а, доьзалехь ницкъбарх йада гIоьртича лаьцна йолу Исмаилова Селима а
Нохчийчохь адамийн бакъонашкахула векалвина волу Солтаев Мансур а, доьзалехь ницкъбарх йада гIоьртича лаьцна йолу Исмаилова Селима а

Бакъду, нохчийн Iедалан телехьожийлан сюжетехь ца дуьйцу цунна дуьхьал даьккхина бохучу бехктакхаман гIуллакхах – Исмаилова дIалацаран формалан бахьана хиллера цунах. Бакъоларйархоша бахарехь, и видео кеп хIоттош йаьккхина йу.

"Цу видео тIера вайн билггал кхета: адам хьийзийна, амма дийна ду. И видео леррина арахецна, бакъоларйархошка иза йийна хила тарло аьлла арз чу ца далийта, официалехь гIуллакх листа ца доладайта а. И церан карахь хилар тидаме эцча, ишта роликаш йаха хала дац", – боху Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь "Марем" бакъоларйаран проектан хьалханчас Анохина Светланас. Цара гIо дина Селимина Нохчийчуьра дIайаха.

Нохчийчоь – иза Оьрсийчоь олучу йоккхачу концлагерехь йолу жима концлагерь йу

Къамелдечо бахарехь, ЧГТРК-н видео арахецначул тIаьхьа бен ца веана цуьнан да Исмаилов Арсен цIа – цо хьалхо цунна тийсина кхерамаш тидаме эцча, коьрте дан тарло, кхин дIа Селимех хиндерг. Сатийса бен ца дуьссу, йукъараллин резонансо, тидам беш хиларо а Исмаилова Селима гергарчаьрга йоьйтург цахиларе.

"Нохчийчоь – иза Оьрсийчоь олучу йоккхачу концлагерехь йолу жима концлагерь йу. Iедалан вертикал кхузахь йерриг йукъараллех чекхйолу: шена дуьхьал дош ала йиш йоцу Рамзан ву, тIаккха хIора да-нана, доьзалехь воккханиг, – жима Рамзан ву. Иштта патернализм йу-кха, реза воцучунна таIзар деш, сийсазвеш. Оцу зуламечу системехь цхьанна а ша кхерамазаллехь ца хета, муьлхха а стаг тохарна кIел нисвала тарло", – дерзадо Анохинас.

"Малхбузера агенташ" а, "дIахIиттина мехаллаш а"

Нуьцкъаха Нохчийчу бахкийначех уггар зевне истори хилира 2019 шеран аьхка. ХIетахь доьзалера йедира 20 шо долу Сугаипова Заира – гергарчу наха нуьцкъаха иза маре йала гIерташ хьийзайора, ур-атталла йен а кхерам бу бохура. Москохарчу "Китеж" кризисан центрехь лечкъина Iара иза масех дийнахь, амма доьзална схьа а карийна, республике йухайалийра иза.

Сугаипова Заира
Сугаипова Заира

"Ша Нохчийчу йига билеташ эцна долчу кеман рейсан номер йийцира цо шен доттагIчуьнга, Iодика йира, орца дийхира, шена фенибут а, молханаш а диттина элира. Шена тIе куьг дахьа гIертара ша бохура, амма дас-нанас сацийра ша", – дийцина жигархочо Серенко Дарьяс. Дукха хан йалале ЧГТРК "Грозный" телехьожийло видео гайтира, шена тIехь ницкъбар Заирас харцдеш, "феминисташа иркархIоттийнера" ша цIера йада бохура.

2021 шарахь йукъараллин резонанс гIаттийра нохчийчн ницкъахоша Тарамова Хьалимат лачкъийча – Кадыровн уллорчу хьаькаман, "Гранд парк" йохк-эцаран центран директоран Тарамов Аюбан йоI. Кхечу зударшца ХIинжа-ГIаларчу шелтерехь лечкъина Iара иза – цу чура ара а такхийна, йиттира царна. Тарамова полице йигира, тIаккха нуьцкъаха республике дIайигира.

Тарамова Хьалимат
Тарамова Хьалимат

Цул хьалха Тарамовас видеокхайкхам дIабазбира, цу тIехь цо бохура: шен лаамца битина ша доьзал, ша кхин йоIе безам болуш хиларна цIахь ницкъбарх кIелхьарайала гIерташ. ТIаьхьо Нохчийчуьрчу Iедало дIахьедира, лачкъийнарг латкъамаш беш йац, тIаккха ЧГТРК "Грозный" телехьожийло сюжет арахийцира, гергарчеран шеца дика йукъаметтиг йу бохуш. Ши бутт баьлча иза йуха а йада гIоьртира, бохуш дуьйцура, тIаккха зорбанан министр волчу Дудаев Ахьмада видео арахийцира, Тарамовас шеца дерриг дика ду бохуш.

Цунах тера истори хилира 28 шо долчу нохчийн гейца Арсамиков Идрисца. Шен ориентаци бахьанехь Iазапехь латтийнера иза Нохчийчохь, тIаккха 2018 шарахь ведира иза республикера, Голландехь мухIажаран статус а йаьккхина. Дайначу шарахь иза шен да веллачу тезета дахмехка веара – кадыровхоша цуьнгара кехаташ схьадехира. Республикера дIаваха гIоьртира иза йуха а, бакъоларйархоша Москоха кхача билет ийцира цунна, пачхьалкхера дIаваха билеташ кечдира. Амма чиллан-беттан 15-хь "Домодедово" аэропортехь веддарг лецира нохчийн ницкъахоша, цхьа хьенехан хьарамлонаш лелийна бохуш цхьа гIуллакх ду аьлла бух балийна.

Арсамиков Идрис
Арсамиков Идрис

Ши де даьлча шен "ВКонтактерчу" агIонехь цо видео арахийцира, бакъоларйархошка ша паргIат ваха вита бохуш. Цо тIетуьйхира, шен хьал дика ду, тIейогIчу хеначохь ша зуда а йалийна, Украинерчу тIаме ваха кийча бохура.

Арсамиковна гIо деш хилла йолчу "СК SOS" кризисан тобанехь Нохчийчу нуьцкъаха дIабигинчу нехан кхолламех дерг довза гIерта. Дукхачу хьолехь иза социалан машанашкахула леладо, стаг онлайне волий хьоьжуш, керла посташ хIиттайой ладоьгIуш, боху Кавказ.Реалиин сайтаца динчу къамелехь тобанан векал йолчу Мирошникова Александрас. Шайга орца дехнарг дийна ву-вац дуьйцу меттигехь хьал девзачара, Арсамиковн хьал довза ваханера цуьнан эвла волонтер – ишта хиира цунна иза дийна хиларх.

"Iедалан кхин харжам бац адам доьзалехь ницкъбарх хIунда дедда дийца, бакъоларйархойн бехк бу олий дIадерзадо. "ДIахIиттина даьлла ламасташ" талхо гIерташ йолчу Малхбузенах дуьйцуш йолчу оьрсийн пропагандас дуьйцучуьнца догIуш нисло иза. Амма жоп ца кардо царна, Идрисова Селимин дега оцу тапйа аудио-хаамаш дIайдайта муха "коьте деана" царна? Баккъала шен бер дезаш волчу дас оцу тайпа къамел дийр ду бохучух теша хала ду. Берриг бакъоларйархойн а, "малхбузенан агентийн" бехк бу алар – иза атта нарратив йу, баккъала а йолу проблема ца гуш санна йита", – тешна йу Мирошникова.

Массочу хIуманна "хIаъ" бахар, реза хилар

Кавказ.Реалиин сайто 28 шо долчу Сулеймане (цIе хийцина йу) хеттарш дина, оцу кепара "къера хуьлуш" видеош муха йоху ЧГТРК "Грозный" телехьожийло. Оппозицин пабликашкахь комментари йазйарна кадыровхоша лаьцна вигира иза, "къайлахчу набахтехь" латтийра, цул тIаьхьа телехьожийло цунах лаьцна видео арахийцира. Девзаш доцучу бахьанашца, иза эфире ца йаьккхира, тIаьххьаре Сулейманан аьтто белира Нохчийчуьра а, Оьрсийчуьра а дIаваха.

Телехьожийлан белхахочо кIезга хи мала элира – тоько беш болу ницкъ кIезга хир бу

Хьашташ кхочуш ца дойтуш, йа серло, йа лоьрийн гIо доцуш шина кIирнахь латтийра лачкъийнарг, тIаккха хIусамехь санна кечйина чоь чу вигира. Цигахь телевизор йара, йийбар, палас бара лаьттахь. ТIаккха ЧГТРК "Грозный" телехьожийлан белхахо Батукаев Хьамзат, оператор, ши ницкъахо а чоьхьавелира, и шиъ камерана гучу ца волуш Iара – Сулеймана совнаха хIумма олий хьоьжуш.

"Цхьамма йуьхьанца хIумма ца дийцира, кечамаш ца бира. Лаьцна латтийна 14 де даьлча уьш оьшуш йац. Хьуна хьайна дика кхета, хьоьгара оьшург хIун ду, хьайн дегI кIелхьарадаккхаран инстинкт хьалалета. Батукаевс хеттарш дора, карахь телефон латтош, суна дага ца догIу, сан телефон йара иза, йа ас Нохчийчуьра низамашна критика йеш скринаш йара цуьнгахь. Цунна дукха дика хаьара, со лачкхийна вуйла, хаьара, ишттачу наханна тIехь хIун до. ТIаьхьо, тхойша къамеле ваьлча, цо хьехар дира суна: кIезга хи мелча тоько беш болу ницкъ кIезга хир бу", – дийцина Сулеймана.

"ХIусамехь" йаьккхина йолчу интервьюхь каналан белхахоша кхин а цхьа видео йаьккхина паркехь Соьлжа-ГIалахь – Сулейман а, Батукаев Хьамзат а аллейхула волавелла лелаш, тIаккха царна уллохь хадеш хьалха хилла болу ницкъахой хиллера. Аз дIадаздеш доцучу хенахь Батукаевс дийцира, оцу кепара видеош ша хьалха а йинера низамехь йоцучу герзаца йолчу цхьанакхетараллин декъашхошца, амма иза царах тера вац аьллера цо. ТIаккха РОВД-н кертарчу залехь Сулейман шен гергарчаьрца цхьанакхеташ видео йаьккхира, вукхара камерина хьалха иза йемалвира.

Хьайца иза хиллачул тIаьхьа хьо массочу хIуманна реза хир ву, "хIаъ" бохур ду

"Батукаев со харц хиларх со тешо гIертара. Кадыровс шен некъ хIинца бен дIа ца болийна, амма со санна болчу наха цунна новкъарло йо шайн критикаца, республика кхуьуш хилийта дуьхьалонаш йо. Тхо саннарш дIадаха деза бохура. Цо бохучунна дерригенна реза волуш санна кеп хIиттайора ас, со хьалха нийса ца хилла бохуш жоьпаш лора", – дуьйцу Сулеймана.

Къамелдечунна хетарехь, лачкъийна хилар нахаладаккхар коьрта ду, амма цо гIо ца до хIоразза а. Цаьрга вен ца вейта, йа туху хан кIезга хилийта а гIо до цо, амма дерриг меттигерчу хьолах, стеган леларх доьзна ду.

"Хьайца оцу кепарниг хиллачул тIаьхьа хьо массочу хIуманна реза хир ву, "хIаъ" бохур ду, хьой дIахецчахьана. Хьой кхетча санна кепаш хIиттош. ТIаккха оцу хенахь вада планаш лоьхуш", – тIетоьхна къамелдечо.

Доьзалера Iазап - Къилбаседа Кавказера уггаре йоккха проблема йу. Меттигерчу йахархошна гIело йо шайн майроша а, кхечу гергарчара а. Дукхахьолахь полицино уьш тергал ца бо. Нагахь бехктакхаман гIуллакх доладахь, кегийчу таIзаршца дIадерзадо.

  • Нохчийчухула йолчу Талламан комитетан урхалла дуьзьал хилира Москвахь Нохчийчуьра гей Арсамиков Идрис лачкъорна тIехула. Иза Домодедово аэропортехь дIа а лаьцна, республике дIавигна ву - цул тIаьхьа цунах хилларг хууш дац.
  • Мангал-беттан 1-хь дуьйна "Насилию. нет" цхьаьнакхетаралла кийча хир йу Оьрсийчоьнан массо регионашкара аьрзнаш тIеэца - генара а, онлайн а гIо дан хьовсур ду аьлла дош делла цара, йаздо Свобода радионо. Доьзалехь гIело ловш болучарна юридикан, психологин гIо до центро, карьерин консультацеш ло, йукъараллина чолхенаш йовзуьйтуш болх а бо. Центраца зIеневала аьтто хир бу телефонехула, сайтехула, социал-машанашкахула, мессенджерехула.
  • ТIаьхьарчу иттех шарахь доьзалерчу Iазапах лаьцна пачхьалкхан думехь 40-за низаман проект хьалхатеттира, амма царех цхьа а дIайешна йац. 2017-чу шарахь Оьрсийчоьнан Бехктакхаман кодексера дIайаьккхира доьзалехь ницкъбарна йолу артикал, амма йукъадаьккхира административан жоьпалла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG