Курскан кIоштахь Украинан тIеман ницкъаша тIелатар динчул тIаьхьа гезгамашин-баттахь машанашкахь видео йаржийра пхиъ кадыровхо тIехь а волуш. Царлахь вара – нохчийн цхьахйолчу эвлахь цхьана заманчохь йуьртда хилларг а. Цо дIахьедора, ша могIархо вара, марсхьокху-беттан 14-чохь Суджан кIоштахь йийсаре вахара, дуьхьало ца йира ша, ткъа тIом бан бертаза хьажийна вара аьлла. Билгалдоккху, интервью и стаг шен лаамехь воцчу хенахь дIайазйина хилар, цундела хIара информаци билггал бакъ йу олийла дац тхан.
"ХӀинца Нохчийчохь хIара тайпа диктаци йу (хетарехь, диктатура ала гIерта иза.-Редакцин билгалдаккхар), хьо хьуо цига вахана, хьайнна хаа дезаш хIума ду. Уьш нуьцкъала [тӀаме] дӀахьежош бу", - боху йийсархочо.
Кадыровхошца видео гучуйаьллачул тIаьхьа "Ахмат" спецназан командиро Алаудинов Аптис дIахьедира, шайн лаамехь карабахна нохчий хийца беза аьлла ца хета шена. Иштта цо тIетуьйхира, дуьхьало ца йеш карабахнарш "баха хьакъ бац", цо кхайкхамбира, "шаьш дайъийта, хIуъа а дай" аьлла.
Муха аьтто баьллера кадыровхошца видео дIайазйан, муьлхачу хьелашкахь уьш латтош бу, шаьш хийцаре са а туьйсий цара – хIара хеттарш дийцаредира Кавказ.Реалиин редакцино, и видео дIайазйинчу украинхойн фотографца Ян Доброносовца.
– Муха ницкъ кхечира хьан йийсархошна тIе а кхаьчна, цаьрца къамел дан?
– Редакцин тIедиллар дара и. Камера а эцна, дIавахара со. Массо а хIумане хьоьжу со, суьрташдохург санна. Йийсархой латточу меттигашкара сайн белхан накъосташа йечу репортажашка хьоьжура со хьалха. Суна а лаьара иштачу меттиге кхача, цаьрца къамел дан, сайна хетарг довзийта, цара дуьйцучух хаийта, хIунда аьлча, оцу тайпа сюжеташ сан хIинццалц схьа хилла йацара. ХIара чIогIа интересе тема йу, цунах лаьцна массара а дуьйцуш ду.
– Хьайн махкахой баъйа баьхкинчу нахе хIун дог-ойла йолуш хьоьжура хьо?
– Суна уьш тIеман йийсархой бу. Цаьрца видео йоккхуш, сан алсам ойла хьулу говзаллин мIаьргонех. Ас билгалдоккхура, хьан хIун йоьшу, стенах лаьцна дуьйцу, муха бедарш лелайо. МостагIий бу хIорш аьлла ца хьулура сан царех лаьцна дог-ойла. Историхь лела адамийн йаххьаш санна тIеоьцура ас уьш. Сан аьтто баьллера турпалхошца, цара пурба делира суна, шайн йаххьаш гайта. Кхечу сан белхан накъосташна ишта бакъо йелла ца хиллера цара.
– ХIун аьлла хета хьуна, кадыровхой билггал шайн лаамехь баьхкина буй йийсаре, йа дуьхьал тийсабелларш а бара цаьрца?
– Цунах лаьцна ала хало ду. Шен цIе йовзийта ца лиъначу цхьана нохчочуьнга журналисто хаьттира, стенгахь йу хьан цергаш аьлла. Цо жоп делира: "Со йийсаре лоцучу хенахь дина хIума ду".
– Цаьрца видео хIун Iалашо йолуш йаьккхинера ахь?
– Социалан машанера агIоне нах йазло, дуккха а нах хьуьйсу. Бакъду, монетизаци сан каналехь дIайаьккхина йу, ницкъбеш кадраш хиларна хир ду и. Амма со хьийза интересе йолчу меттигашкахь оцу тайпа къамелаш видео тIе дIайаздан. Соьга цхьаммо а ца дуьйцу, сюжет ас муха вовшахтоха йеза, хьан хIун ала деза, сайн зеделлачух пайда а оьцуш, болх бо ас. Цхьана хенахь телевиденихь оператор хилла ву со.
Цара цIена бакъдерг ца дуьйцу, шайн позици а, шаьш къастийна роль а гойту
– ТIеман йийсархоша дуьйцучух кхоччуш тоьшийла дац бохург нийса хетий хьуна, хIунда аьлча, ишта дуьйцу, шайн дахар вукху агIор болчу эскархойх доьзна долчу наха?
– ХIаъ. Ас цаьрца къамелаш дина шина муьрехь: камера йолуш а, йоцуш а. Цхьаммо а ца хьоьхура царна, ала дезарг. Ас элира, сан хеттаршна жоп ца дала а бакъо йу шун, нагахь санна, шайна ца лаахь. Цара цIена бакъдерг ца дуьйцу, шайн позици а, шаьш къастийна роль а дIагойту. Цара шаьш олу дерг хаза лиира суна. Цо бохура, ша шен лаамехь йийсаре веана, амма суна ца хаьа, и бакъ ду, йа дац. Ас цуьнга ладоьгIура, ткъа камеро дIайаздора. Йийсаре лаьцначу муьлххачо а тхан эскархошка цхьацца истори йуьйцу. Схьагарехь, суна а изза йуха йийцинчух тера дара цо. Прессера иттолгIа векал вара со, оцу нахаца къамелаш дина. Цара ма-дарра дуьйцур ду аьлла, сатесна со а вацара. Сан букъа тIехьа лаьтташ герзах боьттина пенитенциаран системин белхахой бара, цара а Iаткъам бина хила тарлора йийсархочо дуьйцучун чулацамна. Оцу кепарчу хьолехь, суна хетарехь, ас а дуьйцур дацара доллу бакъдерг.
– Хьан репортаж арахецначул тIаьхьа, "Ахматан" командиро Алаудинов Аптис элира, шайн лаамехь йийсаре дахна шаьш боху эскархой, шаьш хуьйцур бац аьлла. Оцу кепара хIума хир ду аьлла дагахь а дарий хьуна?
– Сан репортаж бахьана долуш и хиллехь, суна-м хазахийти. Иштта гIуллакх доьрзур ду аьлла, сан ойла йацара. Амма суна моьттура Нохчийчохь болу церан гергарнаш, бевза-безарш, ишта йийсархойн командираш а цу видеога хьовсур бу.
Амма, со кхетарехь, Алаудинов Аптин карахь дац дIасахийцаран и хеттарш. Оьрсийчохь и хеттарш луьстуш кхин структура йу. Низамехь ма-хиллара, мостагIчо шен нах дIабуьгу. Къаьсттина "кавказхой" мехала хета хуьйцучу хенахь.
– Алаудиновс ишта бехира, украинхойн эскарш Курскан кIошта чу дахара хаалуш а доцуш, Оьрсийчоьнан чIагIонашна а, ишта кадыровхошна а тIехбуьйлуш.
– Дерриг а сиха нисделлера. Дозанхойн эскарш гонехь нисделлера, йийсархоша тхоьга дийцарехь. Хуьлучух хIорш кхетта а бовлале, украинхойн гонехь нисбеллера уьш. Гонна тIехбовлийла дацара, эскархой трассаш тIехула боьлхура. Оццу некъаца уьш баханехь, гуш ма дара, Суджана гергара дозанхойн пункт йерриг а хIаллакйина йара. БIе процентана тIемаш бара цигахь боьлхуш, аренашкахь Iуьллуш йу техника.
Суна хетарехь, Оьрсийчоьнан агIор долчу дозанхойн эскаршна моьттуш ца хиллера чугIуртур бу аьлла, ткъа тхайнаш, мелхо а цунна кечамаш беш бара. Курскан кIоштахь суна гинчо, карладаьккхира суна 2022-чу шарахь гинарг: кхосаберг тIехь йолу машенаш – тхан эскархойн хIинца довзуьйту билгало йу кхосаберг, тIамехь уьш гуш хилийта.
– Йийсаре лецначу кадыровхойн хадархошца йукъаметтигаш муха йу?
– Суна гарехь, вон йац. Йийсархой Украинехь латтош бу дуьненайукъара бакъонаш лар а йеш. Суна гуш ма дуй, хӀайтъаьлла бу уьш, йиттина тIехь таммагIаш дац, массо а бийлабелла хуьлу, цергаш а шайн меттахь йу. Цул совнах, шайн лаамехь цхьацца деза доцу белхаш до цара, шайна цигаьркаш эца, масала, ахча хилийта. Цундела царна лиира хадархошна хьалха а шаьш дикачу агIор гайта.
Иза а украинхошкахьа ду, хӀунда аьлча, йийсархой дийна бу, цара информаци ло, къамеле бовлу, ур-атталла бийла а буьйлу уьш, зорбанан гӀирсашна лартIахь дуьхьала а бовлу. Церан сахьийза, телехьожийла а кӀордийна, ткъа цига оьхучара церан самукъадоккху. Шайна луъург дуьйцу цара журналисташка. Хетарехь, хала хиллачух тера ду царна, цхьа шатайпа йуккъера позици гайта йезна церан, Оьрсийчуьра шайн куьйгалхойн шайх чам ца балийта, хуьйцучийн тептаре а шаьш дахийта.
Йуккъера позици гайта йезна церан, Оьрсийчуьра шайн куьйгалхойн шайх чам ца балийта, хуьйцучийн тептаре а шаьш дахийта
– Кхечу йийсархойх муха билгала хуьлу кадыровхой?
– Кавказхой- шайн амал йолуш къам ду. Тхан къайлахчу сервисашна а, уьш хабаре баха, цхьа некъ карон беза, церан башхалла а лоруш. ТIаккха къамеле бовлу уьш. Тхайчарех ца кхоьру уьш, шаьш йийсарехь доллушехь.
– Оьрсийчоьнехьа тIемаш бан церан мотивацих лаьцна хIун аьлла хета хьуна? 90-чу а, 2000-чу а шерашкхаь уьш шаьш бала хьегна бу Оьрсийчоьнан тIеман агресси бахьана долуш.
– ХIаъ, хIетахь Путин хIоьттира пачхьалкхан куьйгалле, цо кхин дIа даьхьира, Нохчийчохь хаьлахара тIом болийначу Ельцинан гIуллакх. Путин "дика менеджер" хиллера. Нохчийчохь тIом хиллачул тIаьхьа Гуьржийчоьнна тIелетира иза, кхин а масех шо даьлча Украинана а.
– Ахь къамел дина хиллачо, ша шен лаамехь веана вац бохура тIом бан. Оьрсийчоьнца оьгIазло йолу нохчий тIамтIе хьийсоран хIун маьIна ду?
– Суна хетарехь, соьца къамел динарг билггал тIамтIе ваха лууш ца хилла, цо диллина цунах лаьцна дIахьединехь, и ца аьлча а ма волура иза. Амма бу царлахь шайн лаамехь баьхкинарш а. Цуьнан накъосташа соьца къамел ца дира, цундела олийла дац, церан хIун ойла йу оцу мIаьргонехь. Со кхетарехь, соьца къамел динарг воккхаверг вара, нохчийн гIиллакхашца догIуш ма-хиллара.
– Украинхойн агIор болчу нохчех цкъа а Iоттавеллий хьо?
– ХIаъ, Донетчинехь дара и, со цига политикашца цхьаьна ваханера. Шайн йаххьаш гайта хIетахь бакъо ца йелира нохчаша. Вуьшта а хьасене бацара уьш. Шаьш Нохчийчохь довза лиъна хир дацара царна, цигахь церан гергара нах ма бара.
- Нохчийн оппозицин NIYSO телеграм-каналан жигархошна видео тIехь вевзина хиллера Зарахматов Мохьмад. Церан хаамашца, йуьрта хIоттийнера иза Нохчийчоьнан куьйгалхочо тIедилларца, цул тIаьхьа меттигерчу бахархошкара латтанаш дIадаха волавелла хиллера иза. ТIаккха вахийтина тIамтIе.
- Курскан кIоштахь хIинца а йухайаккхаза йу федералан барамехь кхайкхийна чолхечу хьолан раж. Официалан хаамашца, дозанашна уллорчу меттигашкара араваьккхина 130 эзар стаг. Украинхойн эскарша дIалецначу меттигашкахь мел нах бисина – хууш дац, делахь а, болчу хаамашца, мел лахара а бIе хила тарло.
- Украинан эскарша операци дIахьочу Курскан кIоштахь бутт сов хан йу Оьрсийчоьнан эскархойн тобана бинчу "гона йукъахь" йолу. Ишта дIахьедира "Ахмат" спецназан командиро Алаудинов Аптис. Муьлхачу декъан эскархой бу буьйцурш, верриг а уьш маса вара, маса висина, цо билгал ца даьккхина. Оьрсийчоьнан тIеман министралло Алаудиновн информацих лаьцна аьлла дош дац.