Дахначу кӀиранах Шемахь "ХIаят ТахIрир аш-Шам" тобано (Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь а, Оьрсийчохь а террорхой болам санна къобалйина йу иза) маса тӀелатар дар бахьана долуш, махкахь оьмаран доьалгӀа да̃къа гергга урхаллехь лаьттинчуа Асад Башаран Iедал дохийна. Оцу халкъан тIамехь дакъалоцуш Къилбаседа Кавказан мехкашкара дуккха а бахархой бара, шайлахь гоьваьлла нохчийн буьйранчу Шишани Муслим а волуш. Таханалерчу хиламашкахь цара лоцучу декъах лаьцна ду тхан редакцин материалехь.
"ХIаят ТахIрир аш-Шам" - Шемара уггаре а йоккха тӀеман ницкъийн цхьанакхетаралла йу, Димашкъерчу официалан Ӏедалшна дуьхьал а йолуш, амма туркойн Ӏедалшна муьтӀахь. Цуьнан агӀончашлахь бу хьалха Советан пачхьалкхана юкъайогӀуш хиллачу республикашкара нах: узбекаш, таджикаш, нохчий, дагестанхой
ХТШ (Iарбойн маттера гочдича – "Левант маьршайаккхаран Организаци" йу) кхоьллина йу 2011-чу шарахь, йуьхьанца "Джебхан ан-Нусра" олура цунах. Оцу цIарца и йевзаш йара джихIадхойн "Ал-Къайда" (Америкехь а, Оьрсийчохь, Туркойчохь террорхойн лоруш йу) организацин накъост санна. ХТШ вовшахтоьхначех цхьаъ вара Абу Бакр ал БагIдади – "Исламан пачхьалкх" (ишта цхьа могIа пачхьалкхашкахь терррорхойн лоруш ю иза а) боламан куьйгалхо
2016-чу шарахь шемахойн ХТШ тобанан лидеро Абу Мухьаммад ал-Джуланис массарна а гуш, хезаш дIакхайкхийра "Ал-Къайдех" дӀакъаьсташ хиларх а, "Джабхат ан-Нусра" дIасайаккхарх а, ша керла организаци кхолларх а. Кхечу оцу кепарчу тобанех дIаийна шо даьлча хӀинца "ХӀаят ТахӀрир аш-Шам" цIарца йевзаш йолу цхьанакхетаралла хилира цунах.
Шемахойн Че Гевара?
Абу Мухьаммад ал-Джулани (бакъйолу цIе йу – Ахьмад Хьусейн ал-ШараIа) вина 1982-чу шарахь Эр-Риядехь (СаIуда Iаьрбийчоь), 1989-чу шарера схьа дуьйна шен доьзалца Шемахь вехара иза. Шен 17 шо долуш интифадаца шен некъ билгалбаьккхира цо. Шен 20 шо долуш "Ал-Къайда" тобанца уьйр тесира цо, оцу тIехула 2006-чу шарахь америкахоша лаьцнера иза. 2006-чу шарера 2011-чу шарахь Шемахь революци йолаяллалц набахтехь латтийра иза.
Кхин а цхьа шо даьлча, 2012-чу шарахь, Шемахь ша кхоьллинчу "Ал-Къайдин" гаранан куьйгалхо хуьлу иза – "Джебхат ан-Нусрас" ша шех "Исламан пачхьалкх" олучу организацин хьалханчаца Абу Бакр Ал-БагIдадица уллора уьйраш а латтийра. 2019-чу шарахь вийра Ал-БагIдади.
ДаIишан куьйгалхочуьнца Ал-БагIдадица барт ийгIира ХТШ-н доллу дуьненахь халифат ца хIоттош, даIишхошна лууш ма-хиллара, йеккъа цхьана Шемахь исламан пачхьалкх кхолларх хIоьтттина хаттар бахьана долуш. Шеман кханенах лаьцна шайн хьежамаш "Исламан пачхьалкх" тобанан хиллачу агIончаша хийцина хилар доьзна хила тарлора "Джебхат ан-Нусра" арахьарчу гIорторах йаларца а, селхана цуьнан хилла йукъархой президентца Асад Башарца зӀе латтош хиларца а. Ал-Джуланина масал хила тарлора СаӀуда Ӏаьрбийчоьнан политика, иттаннаш шерашкахь луьра радикалан некъ лелийначул тӀаьхьа, хийцайала йолайелира юкъаралла а, пачхьалкх а дуьненехьа а йоьрзуш.
2016-чу шарахь дуьйна шен Ӏуналлехь йолчу тӀеман дакъошка болу хьежамаш хийца гӀерташ вара ал -Джулани, церан террорхошца уьйраш ца хилийтархьама. Ша "Ал-Къайдах" дӀакъаьстина хиларан тоьшаллаш деш, цо шен Ӏуналлехь йолчу территореш тӀехь "Исламан пачхьалкх" тобанан декъашхой лоруш долчу дакъошна тIаьхьаваьлла а лелаш, уьш хӀаллакдора.
International Crisis Group аналитикан центро шен 2020-чу шарахь довзийтинчу рапортехь дӀахьедира, ХТШ-на эволюци хилла, "дуьненаюкъарчу джихIадизмах дӀа а къаьстина" аьлла. Алеппо схьайаккхарца доьзна экспертех цхьаьнца хиллачу къамелехь Джаланис дӀахьедира, ша кийча ву Шеман халкъан тайп-тайпаналла тидаме эца аьлла.
Амма хIетте а цкъачунна Вашингтонера цхьа а сигнал ца кхаьчна, Америкехь террорхойн тоба лоруш йолчу "ХIаят ТахӀрир аш-Шам" тобанца болу некъ хийцарх лаьцна. Цул совнаха, тобанан куьйгалхо ал-Джулани волчу меттигех лаьцна шайга хаийтинчунна 10 миллион долларшкахь кхаъ лур бу аьлла, Пачхьалкхан департаменто бина кхайкхам а юхабаьккхина бац. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино а къобалйо ХТШ террорхойн организаци санна, кестта и статус хийцарх дийцаре дан а дагахь йац иза.
2021-чу шарахь PBS телеканалана интервью луш, ал -Джуланис бохура, шен тоба террорхойн тоба йу аьлла билгалъяккхар "нийсо йоцуш" а, "политикан" а хIума ду аьлла. Ша регионехь Малхбузенан политикана критика йеш хиллехь а, "оха ца элира (цаьрца) тӀом бан лаьа", "Ал-Къайданца" юкъаметтигаш дӀаяьхна хилар а, хьалха а шен тоба "Шеман дозанал арахьа дӀахьочу операцешна дуьхьал" хилар а хьахийра цо.
ГIадужу-бутт чекхболуш пачхьалкхехь шолгӀа, йоккха лоручу Алеппо гӀалина цӀеххьана тӀелатар дарца болабелла хиламаш хиллалц, Шемара конфликт сацийна лоруш йара. ГӀаттамхойн дакъоша Ӏуналла деш дара Идлиб кӀоштан цхьана декъан, Асад Башаран эскаршка хьал хийца а ца лора, йа пачхьалкхан и дакъа схьадаккха ницкъ ца кхочура. 2018-чу шарахь Оьрсийчоьнна а, Туркойчоьнна а йукъахь хиллачу Сочера берташца а догӀуш, Идлибна гонаха кхоьллира "деэскалацин зона", Оьрсийчоьнан а, Шеман а эскарийн цхьаьна патрулш а йолуш. Туркойчоьно Идлибна гергахь бина тӀеӀаткъам бийца йиш йу, мел кӀезга а, цу регионехь официалан ахча туркойн лира хиларна тӀе а тевжаш. Шеман ахча дац цигахь лелаш.
Джулани дуьхьал ву Шишанина
2021-чу шарахь ХТШ-н а, Шемахь тIемаш бечу нохчийн а йукъаметтигаш кхин галйовла йиш а йоцуш, телхира. 2021-чу шеран аьхка "ХIайат ТахIрир аш-Шам" тобанан кьуйгалло кхайкхам бира гоьваьллачу командире Шишани Муслиме (ПIаьнказара Маргошвили Мурад ву иза, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто террорхойн могIаршка ваьккхина, Интерполон лехамашкахь ву иза) Идлиб провинцера аравалар доьхуш. "ХIайат ТахIрир аш-Шам" тобано ультиматум хIоттийра цунна: шайн организацих схьакхета, йа дIагIо аьлла. Шишани дуьхьал хилира, хаамбира ингалсан маттахь йаздечу шемахойн OGN хьосто мангал-беттан 27-чохь.
Цунна дуьхьал жоп луш, ХТШ-н тIемалоша нохчийн командиран штаб-петар дIалецира. Шемара аравала дуьхьал хиллачу кIезигчу нохчех ву иза оцу хенахь "Джунуд аш-Шам" тобанан эмир вара иза.
Де-буйса даьлча Шишанин аьтто хилира штаб-петар церан карара йаккха. OGN-н корреспонденто Билал Iабдул-Каримана хетарехь, ХТШ-на лаца лиънера Шишани Муслим, амма иза дукха чIогIа вевзаш стаг хиларна, ка ца йелира церан.
Оццу шеран гIуран-баттахь Оьрсийчоьнан президентан Шемахь волчу векало Лаврентьев Александра дӀахьедира, Оьрсийчоьнан тӀеман кеманаша тохар дар бахьана долуш вийна нохчийн аренан буьйранча Шишани Муслим аьлла. Оьрсийчоьнан хьостанаш доцург, цхьаммо а тӀечӀагӀдина дац иза велла хилар, ткъа иза схьаваьллачу цуьнан даймахкахь Панкисехь цуьнан гергарчара хIоттийна тезет а йац.
Къилбаседа Кавказера бахархоша Шемарчу тIамехь дакхъалацарх хаа йиш йу, масала, "Аджнад ал-Кавказ" тобанан эмиро Iабдулмалик Маджида бинчу кхайкхамехь а. Масех тIеман барзакъ доьхначу нахана йуккъехь, дуьйлуш хезаш герзаш а долуш, цо дийцира Шемара ХIама схьайаккхарх.
Прагера Карловн университетан политологин профессоро, Шемарчу тIамехь Къилбаседа Кавказаера наха дакъалацарх теллинчу Эмиль Аслана тхан редакцица хиллачу къамелехь билгалдаьккхира, тахана пачхьалкхехь долу хьал, революци хиллачу шерашкахь санна ду аьлла.
— Америкахоша террорхо лору Джулани, цуьнан коьртах мах кхайкхийнера, ткъа хIинца дийцарш муха дIадахьа деза цара?
— Суна хетарехь, формалехь Шеман куьйгалхо хила аьлла ма дац Джулани. Нагахь санна, америкахой, тоххарлерачу ойланца белахь, Джуланис оцу пачхьалкхан формалехь доцуш Iуналла дийр ду, ткъа цхьана кхечо толам боккхур бу халкъан харжамашкахь, иза Iедалан коьртехь а хир ву.
- Цуьнан тобанехьа тIемаш бина Къилбаседа Кавказера а, Советан пачхьалкхана йукъа йогIуш хиллачу республикера а дуккхаъчара. И стенца доьзна хилла?
— Къилбаседа Кавказера нах, дукхахьолахь, джихIадхойн тобанех дӀакхета гIертара, шайна юкъахь Джулани коьртехь волу "Джабхат ан-Нусра" а йолуш, хӀунда аьлча, царна шайн гӀуллакх Шемарчу национализмехь а доцуш, джихIадхойн йа исламистийн интернационалехь гуш дара. Шемара хьал дIанисдалар, йа Асадан Iедал дохор дацара церан сагатдийриг, амма дуьне хийцалур долу джихIадхойн революци йра. Ткъа тӀейогӀучу хенахь шайн Къилбаседа Кавказан даймохк паргӀатбаккхаре кхачош, цул тӀаьхьа йерриг а регионехь исламан пачхьалкх кхуллуш. Амма Джуланина а, Къилбаседа Кавказера а, кхечу пачхьалкхашкара а тӀемалошна а йукъахь кхин зӀе а йацара.
— ХIун ала тарло тахана Къилбаседа Кавказера бахархоша, къаьсттина нохчаша а, дагестанхоша а Шемарчу хиламашкахь дакъалацарх лаьцна? ХТШ-н могIаршкахь тахана мел бу-те уьш?
— 2020-гIа шо дирзинчул тIаьхьа Шемахь Къилбаседа Кавказера дукха нах бисина аьлла, ца хета суна. Царех дукхахберш дIакхелхина, цхьаберш Туркойчу йа шайн даймахка йухабирзина. Масех иттанашкахь, схьагарехь, Шеман къилбаседан-малхбузехь, Идлибан кIоштахь севцца, меттигера зударий а балийна. Шемахь цаьрца дискриминаци лелайора, уьш набахте хьийсабора джихIадца къийсам латтийнарш санна, цундела полицина а, Асадан къайлахчу сервисашна а гена а бевлла, дIатарбалар бен царна кхин дуьсуш хIума дацара.
— Асададан Iедал доьхначул тIаьхьа, Къилбаседа Кавказера лааамхойн керла тулгIе цига йаха гIоттур йу аьлла, мел тоьшийла йу?
— Джуланин шемахойн повестка йу, джихIадхойн риторика а йоцуш. Цуьнан толамо Къилбаседа Кавказера бахархошна Iаткъам бийр бу аьлла, ца хета суна, хIунда аьлча, транснационалан исламистийн повестка цахиларна.
Джулани а, Къилбаседа Кавказ
Канадхой талламхо Рателли Жан Франсуа йеххачу заманчохь луьстуш вара Къилбаседа Кавказера радикалан тобанех лаьтта хеттарш. Цунна хетарехь, Къилбаседа Кавказера исламхойн тобанашна Iаткъам ца бойла дац хиллачо, и тобанаш тахана Европан а, Азин а пачхьалкхашкахь дIасайаьржина йу.
— Шемахь бисинчу Къилбаседа Кавказан бахархошна тIехь Шемара хьал муха доьрзур ду?
- Шемахь бисиначу Къилбаседа Кавказан бахархойн аьтто хир бу Ӏедалан даржаш дӀалеца а, САР-н Ӏедало куьйгалла дечу Шеман кхерамзаллин ницкъийн могӀарех дIакхета а, аьлла хета суна. И аьтто Къилбаседа Кавказехь а, Нохчийчохь а Оьрсийчоьнна дуьхьал дӀахьочу гӀуллакхашна гӀортор йан рогӀера йоцу трамплин санна го. Украинехь Къилбаседа Кавказан ницкъаш Оьрсийчоьнна дуьхьало йарна тӀехьажийна бу. Шемахь тӀемалойн аьтто хир бу вовшахтоха а, шайн ницкъаш Къилбаседа Кавказехь революцин Ӏалашонаш кхочушъярна тӀеберзо а.
- Муха хаалур ду хьал Къилбаседа Кавказана тIехь?
— ХIокху хьолехь Къилбаседа Кавказан ницкъаша Шемах йеххачу ханна шайн ницкъашна, националистийн а, джихIадхойн а, гIортор йийр йу. Делахь а, кхуьнга Къилбаседа Кавказана Iаткъам байта, Гуьржийчура хьал дIанисдала деза.
Билгале ду, ХТШ-н толамо дог ира-карахIоттадо Къилбаседа Кавказера мобилизацин, цо дIагойту, дуьхьалойаран сема (ось) а, Оьрсийчоь а эшон тарло, Шемахь санна революцин ницкъаш цхьанакхетахь.
— Джуланис толам баккхахь, цуьнан идейш кхин а тIе йаьржар йу аьлла хетий хьуна?
— ХӀаъ, исламхойн тобанашна йукъахь къийсамаш хир бу, эвсарчу урхаллин а, коалицин стратегин а некъаца Оьрсийчоьнан санна йолчу режимашца къийсам латто дика кечбина революцин ницкъаш кхио йиш юй бохучух лаьцна. Оцу толамца Оьрсийчохь исламистийн авторийн керла тайпа коалици кхолла мегаш йу, Къилбаседа Кавказехьчул а шуьйра.
— Москваца Джуланис дийцарш доладахь, Къилбаседа Кавказера бахархой дхьабала болор буй-те?
— ЧӀогӀа цецвоккху хIума дара, нагахь санна, Москваца дозаделла цхьаьнаболхбар, къаьсттина Оьрсийчоьнан базанаш латторан гӀуллакхашкахь, Къилбаседа Кавказера бахархой махкахбахаре кхачийнехь.
Амма, нагахь санна Москваца цхьаьнаболхбаран сценарий кхочуш хилахь, тӀаккха, дукхах долчу хьолехь, Джулани реза ца хила мега Оьрсийчоьне Шемарчу гӀуллакхашна гӀортор йайта, йа Къилбаседа Кавказера бахархой бертаза Туркойчу дIабахийта а тарло цо.
— Муьлхачу кхечу тобанашкахь тахана болуш бу Къилбаседа Кавказера бахархо?
— Суна хетарехь, "Аджнад ал-Кавказ" тоба Къилбаседа Кавказан коьрта зIе хилла йуьсуш йу, амма, тIаьххьарчу деношкахь дIахьочу тIеман операцешка хьаьжча, дуккха а нохчий дIауьйш бу Джуланин шуьйрачу ницкъех, кхин цара вовшах ца йетта, 2010-чу шерашкахь санна, йозуш йоцу тобанаш.