ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьхьалойаран операци: стенна совгIаташ дина "Ахмат-Россия" полкана Москвахь теракт йинчул тIаьхьа


Нохчийн эскархой бу Соьлжа-ГIалара гайтамехь, 2024 шо, дечкен-бутт. Гайтаман сурт
Нохчийн эскархой бу Соьлжа-ГIалара гайтамехь, 2024 шо, дечкен-бутт. Гайтаман сурт

"Крокус Сити Холлехь" теракт йинчул тIаьхьа совгIаташ декъна нохчийн "Ахмат-Россия" полкан эскархошна – тIелатар динарш бу боху нах лоьцуш накъосталла дарна билгалбаьхна уьш. Билггал кадыровхоша цу операцихь хIун дакъа лаьцна хууш дац, ткъа тIеман министралло хьаххане ца хьахадо Путин Владимиран сурт тIехь шевронаш лелон "Ахмат" дакъа. Оцу полках лаьцна хууш хIун ду, стенца доьзна ду цунна совгIат дар, къастийра Кавказ.Реалии сайто.

"Крокусехь" теракт йинчу шолгIачу дийнахь, зазадокху-беттан 23-чохь, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира махкара эскархошна совгIаташ дийр ду аьлла. Цо бахарехь, доза лардечу "Ахмат-Россия" полкан эскархоша дакъалаьцна шеконашкахь волу виъ стаг Брянскан кIоштахь лоцуш, оцу тIехула баркалла элира царна Малхбузен тIеман гонийн эскарийн буьйрачнас Никифоров Евгенийс, цо дош деллера, царна совгIаташ дан.

Буса кхо сахьт долучу хенахь кхаьчнера нохчийн эскархой шайга йеллачу координаташца террорхой бу бохурш лаха, къайлахчу сервисийн белхахошца а, Ленинградан тIеман гонашкара Оьрсийчоьнан ТIеман ницкъийн гIуллакхдархошца а цхьаьна оцу меттигехула чекхбевллера уьш, билгалдаьккхира шен телеграм-каналехь Кадыровс.

Кадыровс ша дагадаийтина хила тарло и хIума- совгIаташ дийр ду аьлла дIакхайкхийна, цул тIаьхьа дан дезна

Цо бахарехь, "Ахмат-Россия" полкан эскархоша дакъалаьцна шеконашкахь болу нах лоцуш. Делахь а, цхьана а кепара цунна тоьшаллаш дац – тIехь ницкъбина, лецначаьрга хеттарш дечу хенахь йаьккхинчу видео тIехь а нохчийн эскархой йа гуш а, хезаш а бац.

Иштта кадыровхоша операцихь дакъалацарх хаамбира пачхьалкхан "Россия" телеканалан корреспонденто хиламаш нисбеллачу меттигехь. Оцу йукъанна цо билгал ца даьккхира "Ахматан" муьлха дакъа дара и – мел лахара дейтта ду уьш.

"Таджикистанан оцу бахархошка хеттарш ден, царна тIехь Iазапаш хьоьгу нах аьттехьа а тера бац Нохчийчуьра эскархойх. ТIера духар а тайп-тайпана ду церан, могIарерчу нехан духар ду цхьаболчарна тIехь. ТIеман кепехь комбинезон йоьхна цхьаъ ву царлахь. Биссинарш бес-бесара курткаш йоьхна, кӀажаръяхийтина мачаш йоьхна бу. Ма-барра болу "Ахмат-Россия" полкан эскархойх тера а бацара", - дуьйцу лецнарш тIехь болуш дIайазчинчу видеох лаьцна тIеман-политикан аналитико Федоров Юрийс.

Территориалера эскархой гайтина хила тарло видеош тIехь, боху цо. Къамелдечунна хетарехь, иза ишта хилар гойту брезентан доьхкашна тIетийсинчу Калашниковн шира автоматаша. Кадыровн вовшахтохараллин ишта гIирс хуьлийла дац аьлла хета Федоровна.

Зазадокху-беттан 24-чохь, "Крокусера" терактехь беллачарна аьлла Оьрсийчохь тезетан де кхайкхийра, Кадыровс дIахьедира, "Ахмат-Россия" полкан эскархошна мидалш йелла аьлла. Эскархошца йаьккхина видео а хIоттийра цо. Цу тIехь декъан командир Элимханов Заурбек ву шен бIахошна йукъахь лаьтташ – церан экипировка билггал къаьсташ йу шеконаш йолу нах лецначул тIаьхьа ницкъахошна тIехь хиллачух.

ТIеман аналитико Михайлов Кирилла тIечIагIдо: лецначаьрца йаьккхинчу видеош тIехь а, йа суьрташ тIехь а "Ахматан" эскархой хиларх билгалонаш цахилар. Цуьнан дешнашца, нагахь санна кадыровхой Брянскан кIоштахь хиллехь а, тылан кIошташкахь бу уьш. "Иштта турпалаллица доза лардо цара", - элира къамелдечо.

Зазадокху-беттан 25-чохь тIеман министралло видео зорбане хIоттийра Брянскан кIоштахь дIайаьхьначу операцихь дакъалаьцначарна совгIаташ деш. Хаамехь а хаьхийна йац "Ахмат-Россия" полк – цу тIехь билгалдаьккхира, "пачхьалкхан доза лардечу тобанашна" совгIаташ дина аьлла. Гойтурш бу дукха хьолахь славянхойн куц-кеп долу эскархой цхьаннан шеврона тIехь йаздина "Курск" ду. Амма ву царлахь Элимхановца йаьккхинчу видео тIехь хиллачух тера ши эскархо а.

Масех сахьт даьллачу хенахь изза видео зорбане хIоттийра нохчийн пачхьалкхан "Грозный" телеканало а – амма тIеман министраллин логотип а йоцуш, "Ахмат-Россия" полк йоцург кхин цхьа а дакъош ца хьехош. Кадыровхошна мидалш йелира "Доьналлина" аьлла – дукха хьолахь уьш йоькъу президенто, иштта "ТIамехь билгалвалар" аьлла мидалш а (уьш луш йу тIеман министран омраца).

Федоров Юрийна хетарехь, дукха чIогIа сихонца дира эскархошна и совгIаташ. Шен политикан ресурсех пайдаэцна хила тарло Кадыровс оцу гIуллакхана аьлла хета къамелдечунна, КъорIан дагорна СИЗО-хь латтош хиллачу Журавель Никитина йиттинчул тIаьхьа цуьнан кIантана Адамна совгIаташ дар а санна.

"Сил беса "Ахмат-Россия" полкан эксархоша билггал дакъалаьцнехь а, йа шайггара дийцахь а, цкъа делахь, товш дацара и пачхьалкхехь хIоттийна тезет хиларна. ШолгIа делахь, совгIат ден сацам беш цхьа кечам беш хуьлу. Бюрократин процедурех чекхдоху кехаташ: уьш гойту, дийцаредо, куьгйаздан хьо. Ткъа кхузахь, хетарехь, Кадыровн дехарца, цхьана лакхарчу хьаькамо и омра динчух тера ду. Йа тарло Кадыровс шеггара совгIаташ дийр ду аьлла дIакхайкхийна хила а, тIаккха ца бевллачу денна дан дезна", - аьлла хета тIеман-политикан аналитикна.

Оцу йукъанна, Федоровс билгалдоккху, нохчийн эскархошна пачхьалкхан мидалш йекъале хьалха мухха делахь а президентан администрацица дагабевлла хила безара.

Зазадокху-беттан 26-чохь "Ахмат-Россия" полкан эскархошна керла совгIташ дийкъира Брянскан кIоштан губернаторо Богомаз Александра. Сийллаллин граматаш а, билгалонан седарчий а делира цо, билгалдаьккхира Кадыровс оцу операцихь дакъалаьцна хилла кхин долу дакъош хьаха а ца деш. Ткъа Богомаза, мелхо а, билгалдаьккхира, пачхьалкхан доза Iалашдечу тобанан декъашхошна совгIаташ догIу аьлла. "Ахмат-Россия" полк тIаьхьа а теттина, губернаторо нохчийн эскархошца цхьаьна баркалла элира ФСБ-н а, Росгвардин а, дозанан урхаллин а белхахошна.

Мухха делахь а, совгIаташ доькъучу церемонихь йазйинчу видео тIехь гуш ду, Богомазца хиллачу цхьанакхетарехь кадыровхой а хилар. "Ахмат- сила!" лозунг олу цара; Брянскан губернатор царна йуккъахь лаьттта къежа а къежаш.

Федералан бюджетан чоьтах Кадыровн арми

"Ахмат-Россия" полк вовшахтоха йолийра "тIеман министраллехула" стохка стигалкъекъа-бутт бовш – "Ахмат-Чечня" полкаца цхьаьна. Кадыровс дIахьедира, царна аьлла 2400 эскархо билгалваккхарх. "Со тешна ву, вайн пачхьалкхехь уггар тоьллачех а, тIамна кхиаме йолчех а хир йу и полкаш", - билгалдаьккхира шен телеграм-каналехь мехкан куьйгалхочо.

Мангал-беттан йуьххьехь цо билгалдаьккхира, керла вовшахйиттина полкаш Нохчийчохь куп тоьхначу 42-чу дивизина йукъахь хир йу аьлла, ткъа и дивизи БуьритIехь штаб йолчу йукъарчу 58-чу армина йукъахь йу. "Дукха ца Iаш", чIагIдора Кадыровс, "Ахмат-Россия" а, "Ахмат-Чечня" а Украине гIур йу, ший а дакъа "зеделларг долчу эскархойх" йуьзна йу аьлла, тIе а чIагIдеш.

Оьрсийчоь цхьа лартIахь демократин пачхьалкх хилча, ФСБ-га хеттарш хир дара кхелан

Оьрсийчоьнан тIеман министраллин декъехь Кадыровн керла полкаш кхоллар нисделира ЧВК "Вагнеран" куьйгалхо хиллачу Пригожин Евгенийца дов иккхинчу йукъанна. ХIетахь, мангал-баттахь, иза дуьхьал хилира армица контракт йан, цул тIаьхьа бунт гIаттийра цо, кхин а ши бутт баьлча кема а духуш, велира иза. Америкахойн тIом зуьйчу Институтан (ISW) хаамашца, иза ве аьлла омра динарг Путин Владимир "волчух тера ду".

ТIаккхахула Кадыровс дагадаийтира "Ахмат-Россия" полк хилар 2023-чу шеран лахьан-бутт бовш. Оцу полкан а, кхечу дакъойн а эскархойн гайтаме вахара иза, цо билгалдаьккхира, Гуьмсера Оьрсийчоьнан спецназан университетехь Iаморашкахула чекхбевлла уьш, "хIинцале а кийча бу СВО ("леррирна тIеман операци"- иштта олу Оьрсийчохь Украинехь болийначу тIамех – Редакцин билшалдаккхар) йоьдучу зон баха аьлла.

"Ахмат-Россия" полкан командир ву Элимханов Заурбек (хьалхо Оьрсийчоьна спецназан университетан куьйгалхочун гIовс вара иза), оцу эскархойн гайтамехь цо дуй биира Кадыровна тешаме хила, дIахьедира, муьлхха а цуьнан омра кхочушдан ша кийча хиларх.

Керла полкаш тIамехь дакъалаца кийчу йу баьхнехь а, уьш Украине ца йахийтира, гIуран-беттан йуьххьехь бен ца йелира царна "шайн автопарк" а, дронаш а, зIенан гIирсаш а. Дечкен-баттахь эскархой Iаморашкахь бара, хIетахь царна лерина базаш йан йолийра Нохчийчохь. Керла вовшахтохараллаш кхуллуш, царна тIеман гIирс латтош Кадыровс уггар а хьалха чIагIйо шен долара арми федералан бюджетан чоьтах, билгалдаьккхира Кавказ.Реалиин редакцица къамелаш динчара.

"Нохчийчохь сов ду тIеман дакъош. Гуш ду, Кадыровн а, цуьнан рожан а интересашкахь, Оьрсийчоьнан Федерацин федералан Iедалан интересашна дуьхьал а и деш хилар", - чIагIдо политолого Савва Михаила.

"ТIера тидам дIабоккху барамаш"

"Ахмат-Россия" полк Брянскан кIошта дехьйаьккхича, официалехь цунах лаьцна зазадокху-беттан йуьххьехь бен ца хаийтира, "Крокусехь" теракт хилале ши кIира хьалха. ХIетахь Кадыровс дIахаийтира, "леррина полкана" аьлла кхачанан сурсаташ а молханаш а дIакхачийна аьлла. Машане хIоттийначу видео тIехь гуш гIишлона тIера у ду - "Долботовское отделение общей врачебной практики" аьлла йоза тIехь – Украинана а, Беларусина а гена йоцчу Брянскан кIоштан Долботово эвлахь йу и. БIеннашкахь километраш йу цигара дIа тIемаш боьлхучу зоне кхача.

Украине тIемаш боьлхчу хьалхарчу позицешка ца бахийта хьийза Кадыров Рамзан нохчий, хIунда аьлча, церан кхалхарх цунна проблема хила тарло республимкехь аьлла хета Прагера Карловн университетан политологин факультетан профессорна Аслан Эмильна: "Дукха ца хиллехь а, меттигаш бара, кадыровхоша билггал тIемашкахь дакъалаьцна. Амма тIаьхьа кхийтира иза, тактика хийца йеза, адамаш а лардан деза аьлла".

Путинан хьадалча хилла вуьссур волуш ву Кадыров, шен мафиозин низамашца берш а шегахьа баьхна цо

"Ахмат-Россия Брянскан кIошта хьажор хила тарло боху тIеман-политикан аналитико Федоров Юрийс, Украинехьа тIемаш бечу талламан-диверсин тобанаш чугIорта кхерам латтарна.

"Ойла йича, хила тарлун хIума ду и. Амма вуьшта [оцу кIошта Нохчийчуьра эскархой дехьабохуш хиларх тIеман министралло] официалехь дIакхайкхон дезаш дара, мича Iалашонца уьш цигахь нисбелла а кхетош. Иштта дацахь кеп-кепара конспирологин версеш кхоллайала тарло", - бохура аналитико, "Ахмат-Россия" декъан эскархой болчу агIор "Крокусехь" теракт йинарш бу бохурш бахарх лаьцна дуьйцуш.

Мухха делахь а, гIаттамхой бара бохурш лецар дуьххьарлера операци йара полко йукъахь дакъалаьцна. Эскархошна оцу сохьта совгIаташ а делира. СовгIаташ далар сихдар дузу политолого Орешкин Дмитрийс терактана тIера а, къайлаха сервисашкара а, пачххьалкхан куьйгаллера а йаьллачу ледарлонна а тIера тидам мел а дIабаккха гIортарца.

"Нагахь санна, Оьрсийчоь цхьа лартIахь демократин пачхьалкх хиллехь, ФСБ-га хеттарш дан догIура кхелан. ХIунда аьлча, цаьрга дIахаийтина дара, (ишта Оьрсийчоьнан рожан агIончашкахула а). Амма къайлахчу сервисаша и ца дира, цхьа эзар ахэзар адам хIаллакдайти цара. ХIинца мел а цу тIера тидам дIабаккха хьийзаш барамаш дIакхоьхьу. Царех цхьаъ – кадыровхошна катоьхна совгIаташ дар", - кхетийра къамелдечо.

Цул совнах, кхин дIа дуьйцу Орешкина, Нохчийчуьра полках пайдаэцна хила тарло "тIера тидам боккхучу барамашкахь" Оьрсийчоьнан исламан йукъаралла цхьаьна йу бохуш, сурт хIиттош: "ХIара хила тарлун сигнал цу йукъараллина лерина йина – исламисташ а бу, "бакъволу Кадыров" ву. Оцу йукъанна билгалдоккху политолого, оцу "дуьхьалойаран операцихь" дакъалацарца Нохчийчоьнан куьйгалхочо ша кхин а чIогIа Кремлах возуш хилийтина аьлла.

"Путин Владимиран хьадалча хилла вуьссур ву иза, массо а тайпа кепашца шен мафиозин бакъонашца верриг а шех воьзна хилийтина Путина. Цуьнан гонера нах кхеташ бу, шайн дахар, церан хьал-бахам ас дийца а ца дуьйцу, дерриг а Путинах доьзна дуй, мел лаьттар ву иза Iедалехь бохучух. Цундела хIара доллу хьал гуш ду ма-дарра, кхеташ ду, сийсаза а ду", - дерзийра Орешкина.

  • Теракт кечйеш гIо дина бу аьлла шеконаш йолуш Дагестанехь нах лецарх хаийтира Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша. Уьш бу боху "Крокус Сити Холлехь" динчу тIелатарна гунахь. Кавказ.Реалии сайто йаздира лецначех лаьцна хууш долчух а, къайлахчу сервисийн дIахьедарех тоьшийла йуй а.
  • "Крокусехь" дуккха а нах байъарх жоьпалла шайна тIелецира "Исламан пачхьалкхан" афганхойн гарано. Кремле хаийтина хиллера террорхойн тохарш дан тарло аьлла, амма эххар а Оьрсийчоьнан Iедалхоша бохамах пайдаийцира Украинана а, Малхбузена а бехкаш дохкуш –цара йухатеттира шайна дохку бехкаш, дIахьедира къайлахчу сервисаша шайгара ледарло йалийтина аьлла. Цхьахйолчу версица, цу тIе кхачийна хила тарлора терроризмаца къийсам латтабо, иштта Къилбаседа Кавказехь а аьлла, сурт хIотторо.
  • "Крокус Сити Холлехь" йинчу теракто меттахйаьккхина Оьрсийчохь Йуккъерчу Азера баьхкинчу нахаца ксенофоби лелор. Цхьайолчу регионашкахь дихкина тIебаьхкинчарна такси тIехь болхбар, Таджикистанера бахархошца дIасабаха пассажираш дуьхьал хилча. Ксенофобин тулгIе йакхайелла иштта Къилбаседа Кавказера бахархойх а цхьаьна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG