Нохчийн студенташ йукъахь а болуш Курскехь лабараторихь кечйина "Союз" ракети тIехь "Ахмат-1" спутник хецна мангал-беттан 27-чохь. Оцу кепара аппарат йан тарло каталагашкахула, ша "Ахмат-1" кхин къаьсташ йац Дуьненан орбите эхийтинчу эзара оцу тайпа спутникех, боху профилерчу эксперташа Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь. Оцу йукъанна и хилам "бIаьрла" лерира Нохчийчохь, ткъа меттигера пропагандана Кадыров Рамзанан дакъа гира цу тIехь.
Хаам барца, спутник вовшахтоьхна федералан грантан ахчанех. Цо тIехь терго латтор йу хIаваан кеманийн дIасалеларна, иштта Нохчийн Пачхьалкхан Университетан студентийн аудиоца маршалла хаттар а гойтур ду, дийцина шен телеграмехь Нохчийчоьнан урхалхочо. Йиллинчу хьасташкахь информаци йац, мел ахча дайина и аппарат йеш.
"Роскосмос" пачхьалкхан корпорацино мангал-беттан 27-чохь хаамбира, оьрсийн а, арахьарчу пачхьалкхийн а 39 спутник лаьттан орбите йаьккхина хиларх, йаздо РИА "Новости" агенталло. Оьрсийчоьнан космонавтикана рекорде ду цхьабосса оццул дукха спутникаш хецар. Нохчийчуьра студенташ а, Курскан кIоштара говзанчаш а боцурш, царна йукъах хилла иттаннашкахь Оьрсийчуьра лакхарчу доьшилийн а, НИИ-н наноспутникаш а. "Ахмат-1" бахьана долуш пилотийн а, авиадиспетчерийн а йиш хир йу кеманан дIасалеларна тIехь нийса терго латтон а, иза долчу меттигах хаамаш кхачон а, дуьйцу цунна тIехь пайдаоьцур болчу технологех лаьцна "Наука.РФ" портало.
"Эзаршлахь цхьаъ"
"Ахмат-1" – ма-дарра дийцича кубсат микроспутник (англ. CubeSat - "куб" дашах а, "спутник") ю. Дуьххьара шо дац Оьрсийчоьнан лакхара доьшийлаш а, школаш а стратосфере хьалахоьцу, боху Кавказ.Реалии сайтаца къамел дечу астрофизикин а, космос карайерзоран а декъан эксперто, Оьрсийчуьра цхьахйолчу Iилманан-талламийн институтан белхахочо. Оьрсийчоьнан репрессийн низамаш бахьана долуш, цо дехар дира, шен цIе ма йаккха аьлла.
И йузаран доккхаха долу дакъа маьршша, каталагашкахула кечдина духкуш ду
"Хала ду зорбане даьккхинчу "Ахмат-1" шина суьртаца мах хадон. Цкъа делахь, хьан, хIун дина хууш дац. Кубсат кхуллуш дIоггара йаккхий техникан проблемаш ца хуьлу, цуьнан доккхаха долу дакъа маьршша каталагашкахула кечдина духкуш ду. Суна йевзаш цхьа школа йу, цара кхин а чIогIа дика спутник кечйо", - дийцира эксперто.
Цо бахарехь, царех тера йолу проекташ кест-кеста дIакхехьа таро йу Оьрсийчохь кхечу организацешкахула, царна гаранти йолуш ахча эца иш йолуш, амма "массарна а хезаш цунах лаьцна ца дуьйцу".
Интерес йолчу студенташна чолхе дац сигнал дIакхачон радиоаппарат йан, тIетуьйхира кхечу эксперто, физикин-математикин Iилманийн кандидато, цо а хьесап дира шен цIе а ца йоккхуш. Амма космосехь дика лелийта оьшу эвсара, пайден, йовхонах, радиацих ларйен гIирс, элира цо. Цул совнах, хаамаш лаьттахь болчарна дIакхачон таро хилийта а оьшу.
"Дистанцихь таллар – дикка хала Iалашо йу. Башха кхеташ дац, шаьш студенташа, йа Нохчийн, йа Къилба- Малхбузенан университеташкара говзанчаша цу тIехь болх биний", - билгалдаьккхира Кавказ.Реалии редакцица къамелдечо.
Москвара профилан кхин а цхьана белхахочо тIечIагIдира, суьрта тIехь йерг кубсат йу (и йац ца бохура ишта-м Нохчийн пачхьалкхан университетехь а) – тахана мел а дукха уьш хьалахоьцийла ду, кеп-кепарчу, оьшучу гIирсах а йузуш. Масала, маьршша йухкуш йу уьш Оьрсийчохь, тайп-тайпана кепашкахь.
"Йорах хIуманаш йу уьш йан а, йа университетан ахачанах эца а", - дерзийра къамел спикеро.
Nanosats-н хаамашца, 2023-чу шеран стигалкъекъа-баттахь вай дуьненан орбите йаьккхира ши эзар сов объект. Дукхахйерш – Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкара, - шолгIа меттигехь Евробарт, кхин дIа -Китай, Япони, Канада а. Стохкалерачу мангал-беттан хьелашца Оьрсийчоьнна кхечира 2% кубсат.
Вовшахтасар, кечйар, дIахецар, "коьрта интеллектан болх", мах балар а Нохчийчохь хилла дац
Космонавтикин популяризатор, Zelenyikot блоган автор Егоров Виталийс дийцира The Insider ресурсана, "Ахмат-1" спутник AliExpress-ра эцначу меженех йина йу, иза вовшахтасар, кечйар, дIахецар, "коьрта интеллектан болх", цунах мах дIабалар а Нохчийчох хила дац аьлла.
"Нохчийн университетан и йоллу программех мах белла оьрсийн федералан Space-π программин чоьтера, оцу программица космосе кхаьчна 16 космосан аппарат", - элира Егоровс.
"Наноспутникаш Iаламат дукха йу, цундела кест-кеста царех лаьцна олу "космосан нехаш", студентийн проектийн мах бац баккъал йолу аппараташ йарна а, Кесслеран синдром хила кхерам алсамбаларна а акцент йеш", - билгалдаьккхира "РБК-Тренды" хьосто. Оцу йукъанна къастийра, кубсаташ дукха меттигашкахь 600 километар лакхахь бен болх беш цахилар.
Космосан культ
Оьрсийчоьнехьа хиллачу Нохчийчоьнан президентан, тахана мехкан урхалхо волчун ден культан элемент хилира кхин дIоггара гоьбалазчу хиламах. Цуьнан цIарах йинчу бIе объектех хилира спутник а. Масала, 2004-чу шарахь вийначу Кадыров Ахьмадан цIарах йу иза дуьненчу ваьлла ЦIоьнтара а (Ахмат-Юрт), 300 сов урам бу Нохчийчохь а, кхечу регионашкахь а, пачхьалкхашкахь а. Санкт-Петербургехь тIай ду, "Донречфлотан" теплоход, лоьман седарчийн гуламера седа, маьждигаш, хьуьжарш, дешин, дезачу а тIулгех йина орден – Нохчийчоьнан лакхара совгIат, иштта кхин дIа а.
Кадыров Рамзанан шеггара лелон цхьа экстраваганте малхбален хIума санна ду и, цуьнан терго ца йо Москвано, боху нохчийн бакъоларйархочо Янгулбаев Абубакара: "Цуьнан шен комплекс тIехсов севсина , цхьа чIогIа дегаза йу культ, цо зенаш до, дIа а тотту. Иза ца кхета цунах, Нохчийчоьнах "Ахмат республика" йеш ву иза".
Нохчийчоьнан урхалхочунна шен ден иэс массо а хIуманца хила лаарна, цо бох-бохург деш схьабогIучу цуьнан куьгакIелара наха Кадыровн ден цIарах хуьлуьйту мел а пайдабоцу гIишло а. Иштта наноспутник а йу церан могIарехь, уьш ма йу хIора шарахь бIенашкахь стигал хоьцуш.
Тешна Iийр ду-кх вай, "Ахмат-1" спутник хецарца вай йохор йац Маск Илонан Iалашонаш аьлла - оцу забарца йолийра шен комментарий Европера "Единая сила" нохчийн боламан векало Музаев Сайхана.
"ХIаъ, хIара-м рогIера реклама йара, Кадыровс муьлххачу хIуманах а пайдаоьйцу керлачу хаамашкахь шен цIе йаккхийтархьама. Ма-дарра аьлча, тамашен ду, и хаам спутник кечйеш дакъалаьцначу нехан цIераш а ца йохуш бина хилар. Нохчийчохь арахоьцучу герзаца санна, хIара а пиар йу, амма кхечу нехан белхах пайда а оьцуш аьлла, ойла кхоллало", - иштта хета нохчийн йукъараллин гIуллакхдархочунна.
"Кавказан халкъийн Ассамблейн" куьйгалхочунна Кутаев Русланна хетарехь, КадыровгIеран культ кхоллар Нохчийчоьнан Iедалхойн лаамца доьзна хилла ца Iа, иза Москвано тIедиллина ду: "Нохчийн ламасташ дац уьш, Советан заманара баьччийн культаца догIуш ду, цхьа стаг хьала а ойбий, цунна ламазаш деш, цуьнгара масал эца деза а бохуш. ТIекхуьучу къона чкъурана чудилла Iалашонца лелош хIуманаш ду уьш, цо шен зене стоьмаш луш бу".
- "Дала хаьржина" ваийтина ву бохуш, Кадыров Ахьмад вийцар оьшу Нохчийчуьрчу Iедална шайн олалла чIагIдеш, шайн кхерамзалла ларйархьама, аьлла, дIахьедира оппозицин нохчийн Niyso телеграм-каналан векалша. Кадыров Ахьмадна гонах гIаттийначу культах лаьцна дуьйцуш, элира цара иштта. Хьалхо бакъоларйархоша билгалдоккхура, "динан кепе" йерзош, регионехь Кадыров-воккхахволчун культ кхолларх.
- Кадыров Ахьмадан культ йаржочу барамашкахь дукха хьолахь Нохчийчохь бераш тIеийзадо. Масала, тIаьххьара горгали бекачу дийнахь иза дуьненчу ваьллачу Ахмат-Йуьртахь а, иштта Соьлжа-ГIаларчу цуьнан цIарах схьайиллинчу дешаран Центрехь а даим а дIахьо регионалан урхалхочун доьзал хестош барамаш. Дешархоша гуттар а санна ши илли дIаолу: цхьаъ Ахьмадна шена, шолгIа – цуьнан кIантана. Композицеш сих-сиха карлайоху, амма чулацам хестош, баркаллаш бохуш хуьлу.
- Оьрсийчоьнан тIеман министраллина чуйогIуш, цIерашца Нохчийчохь керла йиъ батальон - "Север-Ахмат", "Восток-Ахмат", "Запад-Ахмат", "Юг-Ахмат" вовшахтохарх дIахаийтира стохка мангал-баттахь. Кадыровс дийцарехь, оцу дакъошка йазвина ву кхо эзар гергга стаг – уьш берриг а Нохчийчуьра бахархой бу. Кадыровн-воккхахволчун цIе тиллинчу батальонаша дакъалоцу Украинаца болийначу тIамехь, Белгородан кIоштан дозанаш лардарехь, цул тIаьхьа хьовсийра уьш ЧВК "Вагнеран" йолахоша дIалаьцначу Ростов а.