ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненайукъара лехамашка а велла Оьрсийчохь лаца кхайкхийна Закаев Ахьмад


Закаев Ахьмад. Архивера сурт
Закаев Ахьмад. Архивера сурт

Ичкерин дозанал арахьарчу Iедалан куьйгалхо Закаев Ахьмад дуьненайукъарчу лехамашка велла террорхойн йукъаралла кхолларна а, терроризм къобалйарна а аьлла. И хаамбина пачхьалкхан ТАСС агенталло. Оьрсийчохь лаца кхайкхина иза.

ГIуллакхехула талламбар дирзина, кхин дIа и листа Ростов-на-Дону гIалара Къилбан гонашкара тIеман кхеле дIакхачийна. Карточки тIера хаамца, хьалхара кхеташо мангал-беттан 18-чохь хила йезаш йара, амма дIатеттира и товбеца-беттан 2-чу дийне.

ГIуллакхехь шолгIа бехкевийриг ву Юсупов Мурад – Къаьстинчу леррина Iалашонаш кхочушйечу батальонан командир лоруш ву иза (официалехь декъан урхалла деш ву командир Зумсо Хьаьжа-Мурд). Украинан эскаран Интернационалан легионан декъахь йу батальон. Талламан версица, Закаев Ахьмада "2022-чу шеран товбеца-баттахь Украинан дозана тIехь дIакхайкхийна ша Нохчийн Ичкерия Республикин лидер ву аьлла, ВСУ-н агIор тIемаш бан тобана йукъаозийна цо Юсупов а, иштта цIерашца билгалбовлаза кхинберш а".

ХIинца Закаев а, Юнусов а Росфинмониторинго экстремистийн а, террорхойн а тептаре вазвина.

"Тхайн дакъа кхин тIе а шордийр долуш ду оха, кечамаш бийр бу кхин дIа а Оьрсийчоьнан агресси йухатухуш – тхуна и доккха дозалла ду", - дIахьедира Кавказ.Реалии сайте хьалхо политико.

  • Карарчу хенахь Украинин эскарехьа тIемаш беш Ичкерин агIончех-нохчех лаьтта масех батальон йу. Шайх Мансуран цIарах батальон; Дудаев Джохаран цIарах батальон; "Акха арданг" дакъа; Special Operation Group (SOG) а, Гелаев Хьамзатан цIарах батальон а.
  • Украинана шуьйрачу тIамаца тIелеттачул тIаьхьа Ичкерин агIончийн аьтто хилира Оьрсийчоьнан дозана тIехь мел кIезиг а ши операци дIайахьа – стохка аьхка а, кху шеран бIаьста а. Оцу бахьанашца Белгородан кIошта кадыровхойн тобанаш хьийсийра.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо хьалхо кхайкхамбира мехкан бахархошка Закаев Ахьмад ве аьлла. Цул а хьалха Кадыров Рамзана чIир кхайкхийра ВСУ-н агIор тIемаш бечу Ичкерин агIончашна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG