ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Дукха сатийсина машар" цIий тIехь? Стенна баркалла баьхна Путинна Кадыровс Нохчийчуьра шолгIа тIом бирзина рогIера шо кхочуш


Путин Владимир а, Кадыров Рамзан а
Путин Владимир а, Кадыров Рамзан а

Охан-баттахь Нохчийчохь рогIера йуха а даздира машаран Де: 15 шо хьалха, 2009-чу шарахь, кхузахь официалехь йухайаьккхира "контртерроран операцин" раж – республикера шолгIачу тIамах ишта олура Оьрсийчохь. Кху шарахь "терроризмана тIехь хадам боллу толам баккхар" Кадыров Рамзана шен дена, мехкан куьйгалхочунна, тIейаздина ца Iаш, президент Путин Владимир а цхьаьна хьахийра. ТIамах хIун жоьпалла ду Путинна тIехь, стенна ма-дарра аьлча, баркаллаш боху цунна Кадыровс – Кавказ.Реалии сайтан материалехь дуьйцу.

Оьрсийчоьно Нохчийчохь болийна тIом (официалехь "контртерроран операци") йолийра 1999-чу шеран марсхьокху-беттан 7-чохь. Цу дийнахь Дагестанан дозана тIе гIоьртира Басаев Шемала а, Хаттаба а буьйралла ден тобанаш. Путин Владимир чIагIвина вара премьер-министран даржехь 1999-чу шеран марсхьокху-беттан 16-чохь, оцу даржехь лаьттира иза 1999-чу шеран гIуран-батте кхаччалц. ГIуран-беттан 31-чохь хенал а хьалха Орсийчоьнан президентан декхарш кхочушдан волавелира иза Ельцин Бориса дарж охьадиллича.

Цул тIаьхьа тIом бирзина 15 шо даьлча Нохчийчоь "цIоналлин а, къепенан а масал" хилла дIахIоьттина "социалан-экономикан кхиарехь лаккхара жамIаш долуш", дIахьедира Кадыровс шен телеграм-каналехь. Мехкан урхалхочо кест-кеста дуьйцу кхиамех лаьцна, Оьрсийчоьнан коьртачу статистикан органан – Росстатан - хаамаша и бакъ ца дешшехь.

Иштта сих-сиха Нохчийчоьнан куьйгалхочо баркаллаш олу президентана Путинна, "уггар а хиндерг хуу, хьекъале, похIме кху заманан лидер" ву иза бохуш. Баркаллаш баха бахьанаш кеп-кепара хуьлу: цунна а, цуьнан гонерчу нахана а дуккха а совгIаташ дарна, шен ден Кадыров Ахьмадан политикех тешарна, син мехаллаш Iалашйарна, "син хьашташ йоцчу Малхбузен дера колониалан политикех лардарна", ишта нохчийн халкъ ши тIом бирзинчул тIаьхьа "йухадендарна" а.

КТО йухайаьккхина шо кхачарна хIоттийначу публикацихь Нохчийчоьнан урхалхочо билгалдаьккхира Путина Владимира а, Кадыров Ахьмада а, "ойланаш йеш ца Iаш, царна тIаьхьа хIиттинчара" а къаьстина къахьегар "даим сатийсина машарехьа" къийсам латтош. Къастийна политико билгалбехира эзарнаш ницкъахой, "нийсонан оцу некъа тIехь шайн коьртеш охьадехкина болу". Кеп-кепарчу зерашца, 1999-чу шарера 2009-чу шаре кхаччалц байъина итт эзар сов маьрша нах, Кадыровс хьаха а ца бира.

ТIеман хенахь Путинан хилла декхарш

"Къилбаседа-Кавказан дозанаш тIехь контртерроран операцийн эвсаралла лакхайаккхаран кепех" указ арахийцира 1999-чу шарахь гезгамашин-беттан 23-чохь. Президенто Ельцин Бориса куьгйаздира цунна, делахь а, пачхьалкхан думин депутато Юшенков Сергейс бахарехь, федералан эскарш Нохчийчу хьовсорах омра динарг вара цу хенахь премьер-министр Путин Владимир. Шо даьлча депутат, хIинца волчу пачхьалкхан куьйгалхочунна йиллина критика йеш, ФСБ цIенош лелхийтарна гунахь йу бохуш хилла волу, вийра.

Нохчийчохь шолгIа тIом боьдуш массо а сацамаш тIеоьцург Путин хилар тIечIагIдира ша Ельцина а. Шен "Президентан марафон" книги тIехь цо йаздина ду, Путина дехар дира шега "тIеман операцин куьйгалла дар, ницкъаллин структурашна координаци йар шена тIехь дитахьара" аьлла. Ельцин реза хиллера.

"Сан бIаьргашна хьалхха, кIиранашчохь, цо ницкъаллин хьукматийн балхара хьал кагдира. ХIора дийнахь шен кабинет чохь схьагулбора цо куьйгалхой, хIора дийнахь йуха а, йуха а цхьана буйна йерзайора цо ницкъахойн йоллу ресурсаш", - дийцира Оьрсийчоьнан хиллачу президенто (276 агIо). Декхарш шена тIедахкар доьхуш Путин муьлхачу дийнахь шена тIевеанера, ца дийцина цо.

Ельцин Борис а, Путин Владимир а, 1999 шо
Ельцин Борис а, Путин Владимир а, 1999 шо

Оцу тайпа кхеташо тIеман министраллин а, чоьхьарчу гIуллакхийн, орцан министраллийн векалшца премьеран Путинан йирзинчул тIаьхьа 2003-чу шеран гезгамашин-беттан 23-чохь тохарш дира Соьлжа-ГIала чу вуллучохь а, аэропортана а. Республикехь цхьаъ бен доцу орцанхойн АН-2 кема хIаллакдира хIетахь. Цхьаъ стаг вийра мел кIезиг а. ТIаьхьо бомбанаш йиттира Сиржа-Эвлахь, Эвтарахь, Бенойхь.

1999-чу шеран гезгамашин-беттан 24-чохь Путин Владимира террорхойх лаьцна къамел деш, нахаладаьлла алар дIахьедира "хьаштагIчохь а хIаллакбийр бу уьш" аьлла. ХIетахь Оьрсийчоьнан авиацино тохар дира Соьлжа-ГIалара мехкадаьтта доккхучу заводана, кхерстинчу цIеран локхалла 100 метар йара. Журналисташца къамел деш Путина йиллина чIагIо йира, Нохчийчохь бомбанаш кхин дIа а йеттар йолуш йу аьлла.

Кхин дIа хиллачу шерашкахь Оьрсийчоьнан эскаро тохарш дира Соьлжа-ГIалара базарахь (140 гергга вара вийнарг), Котар-Йуьртахь (иттаннашкахь бахархой байъира, бIе сов вара лазийнарг), Элистанжахь (50 гергга стаг вийра), мухIажарийн коврана (масех иттаннашкахь вара велларг). Соьлжа-ГIалара Старопромыслан кIоштахь а, Шелковскан кIоштара Березниковская станицехь а "зачисткаш" йеш иттаннашкахь бахархой байъира. Березниковскера 11 стаг тIепаза вайра, цхьаболчарна тIехь гIело хьегийтинера. Изза "операци" дIайаьхьира Керла Алдыхь а – "Мемориалан" хаамашца, "зачисткашкахь" вийра мел лахара а 56 стаг.

Нохчийчохь КТО кхайкхор –  "Боинган" завод авиамоделан секци йу алар санна ду

Нохчийчохь шолгIа тIом боьдуш дIахIоттийна хилла "федералан ницкъахойн терроран раж" латтош йара официалан "контртерроран операцин" ражо, аьлла хета бакъонашларйаран "Мемориал" Центран кхеташонан декъашхочунна Черкасов Александрна. 1999-чу шеран аьхка Ельцинан администрацигара хьал да воккхавуьйр волуш дацара бохура цо – оцу хьолехь, тешна вара бакъоларйархо, цхьа а шанс йацара тIом кхайкхон парламентера гIо хир ду аьлла.

"Низамехь "контртерроран операци" низамаш дохучу Iедале йала йезаш йацара, хенаца а, меттигца а доза тоьхна хила йезара и. Итт шарна кхайкхийра раж, итт эзар квадартан метар йолчу дозана тIехь. Нохчийчохь КТО кхайкхор – "Боинган" завод авиамоделан секци йу алар санна ду, кружокана лицензи йалар – аттачух процедура ма йу. Дозанаш тохар кIезиг, чоьташ йар а лахара, маршо алсам, Iуналла латтор кIезиг. Амма кхунах жоьжахати некъ хилира, хIунда аьлча, оцу харцо лелорехь низам дало цхьана а кепара аьтто бацара", - элиар Черкасовс.

Путинна хууш дарий?

Нохчийчохь хуьлуш долчух жоьпалла Путина Владимирна тIехь хиларх дийцаредира бакъонашларйархоша 2009-чу шарахь а – хIетахь арахийцира "Нохчийчоьнна дуьненайукъара трибунал" йоккха книга. Маршо Радиона цуьнан цхьана авторо Дмитриевский Станислава дийцарехь, хIинца волчу президентан эвсара контроль йара республикера боллу тIеман ницкъашна тIехь.

"Дуккхаъчу тоьшаллаша, адамийн бакъонашкахула йолчу Европан кхелан сацамаша а цхьаьна, дуьненайукъарчу организацийн дIахьедарша а гойту, хаа бахьанаш хилла ца Iаш, Путинна билггал хууш дара кест-кеста Нохчийчохь шен куьйгакIел долчу эскарша лелочу зуламех лаьцна. Оцу йукъанна уьш ца леладайта а, царна таIзар дайта а цхьа а хIума деш дацара цо. Мелхо а цара зуламаш дар бакъ дац олура", - дIахьедира бакъоларйархочо.

Шен белхан накъосташца цхьана цо бахьанаш лоьхура Путин Владимир жоьпалле озон, цо Нохчийчохь леладойтучунна тIехула – и баххаш долуш ду.

Путин дIахIоьттина Нохчийчуьра шолгIачу тIамера харцонна а, цIийна а тIехь, цуна жоьпалла цунна тIехь ду

Шена догIучунна Черкасов Александра карладаьккхира, Путинах президент хилла Нохчийчу эскарш дахийтар бахьана долуш аьлла. 1999-чу шеран марсхьокху-баттахь цуьнан рейтинг 30% гергга хиллехь, дечкен-баттахь 84 процент хилира.

"Карьеран лами тIехула Путин Владимир хьала муха ваьлла? 1999-чу шеран гезгамашин-баттахь хIора кIиранах тайп-тайпана кIоршаме дIахьедарш деш. ХIоразза а шогачу куьге сатийсинчу бахархоша рейтинган 7 процент лора цунна, масех кIира даьлча Путинан рейтинг мархел а лакха йаьллера, цуьнца къийсалуш берш тIекхочур а боцуш. Путин дIахIоьттина Нохчийчуьра шолгIачу тIамера харцонна а, цIийна а тIехь, цуна жоьпалла цунна тIехь ду", - тешна ву "Мемориал" Центран кхеташонан декъашхо.

Ткъа хIинца Кадыров Рамзана баркаллаш боху Путин Владимирна республике "сатийсина машар" барна, "нохчийн йухаденбарна" – амма ма-дарра аьлча, боху Черкасовс, президенто шена деллачу Iедална.

"Кадыров Рамзан – Оьрсийчоьнан хийца йиш йоцчу шина политиках цхьаъ ву. Шен хенна къахьийгира цо, шен альтернатива ца хилийта. 2003-чу шарера схьа дуьйна тIом боьдуш декхарш кхочушдар дIадала долийра, нохчех вовшахйиттинчу структурашка: ФСБ-н "Горец" спецгруппа а, ГРУ-н спецназан батальонаш "Запад", "Восток" а, оперативан лехамийн номер 2 йолу бюро, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Москвана муьтIахь йолу структура, и йара нах лоьхуш, лоьцуш, бакъо йоцуш набахтехь латтош, адамашна тIехь ницкъ беш Уьш а бара кадыровхой. Дукха хьолахь тIемалойх вовшахйиттина тобанаш, цкъа цхьана агIор хилла, йуха кхечаьрга дехьайийлина. Маса шен конкуренташ дIабехира Кадыровс, цуьнан куьгакIел болчара лелийна зуламаш гучудаха йиш йолу. Доллу Iедал цуьнгахь дитира", - дийцира бакъоларйархочо.

Цунна хетарехь, Путинан а, Кадыровн а тандем Москвахь тIеоьцу Нохчийчоь дIатейан, республикехь а, цул арахьара а сепаратизм эшон некъ санна.

"Шен оппоненташна дуьхьал ву Кадыров, иштта Европехь болчарна а, ткъа Кремль кхоьру, тахана Украинехьа а, царна дуьхьал а тIемаш бечу нохчех. Царна оьшуш ву Кадыров. Вукху агIор, Кадыровна оьшу Путин, хIунда аьлча, цу шинна цхьа лерина йукъаметтигаш йу – и гаранти йу, республикан экономика дIайузур хиларан а, иштта кхинйолу ницкъаллин кепехь преференциш кхачоран а. ХIаъ, и ши стаг вовшашца чIогIа воьзна ву", - дерзийра Черкасовс.

  • Украинаца тIом болийчхьана Путин Владимира къайладаьхьначу указийн процент цо куьйгаш йаздинчу йукъарчу терахьа тIера схьаэцча рекорде даьлла тIаьххьарчу 20 шарчохь. Бакъонан актийн порталан хаамашца, зазадокху-беттахь къайладаьхьна 54% Путинан указаш, охан-баттахь – 49%. И гайтам лакхара бара 2002-чу шеран гIуран-баттахь (59%), Нохчийчохь шолгIа тIом боьдуш.
  • Украинан дозанаш тIехь шуьйра тIом болийначу хьалхарчу деношкахь дуьйна дустарш дора Оьрсийчоьно Нохчийчохь бинчу тIемашца. Байъинчех ларарш муха дора хIетахь? Маса Оьрсийчоьнан эскархо вара цигахь? Уьш а, кхиндолу а хеттарш дийцаредира Вачагаев Майрбека адамийн бакъонаш ларйаран "Мемориал" Центран кхеташонан декъашхочуьнца Черкасов Александрца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG