Армехь мажош лелор къобалдеш вистхилла волчу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана критика йина пачхьалкхан думан дуьхьалонан комитетан декъашхочунна инарла-лейтенантана Соболев Викторна.
Армехь мажош магор йац бохуш, оьрсийн тIеман корреспонденташа йаржош хиллачу информацина комментари йеш, дечкен-беттан 18-хь Соболевс РБК-не дIахьедира, "[эскархо] месаш а, маж а тойина вацахь, и догIуш дац йа стагехь, йа салтичуьнгахь".
"ТIеман догойла хьаша Iалашонца долийна питана" ду элира и дешнаш Кадыровс шен телеграм-каналехь.
"Инарла-лейтенантан Соболев Дмитрийн шортта маьрша хан йолчух тера ду балхахь, дан хIума доцуш, йух-йуха низамийн жайна доьшуш Iаш и валахь", – йаздина Кадыровс, иштта тIеман хьалхене вахар а хьехна цо цунна.
Кадыровс бахарехь, 99,9% Нохчийчуьрчу эскархоша сунница а догIуш маж лелайо (Мухьаммад пайхамаран дахарх лаьцна сийлахьа хаамаш. – Ред. билг.). Шайн йаххьаш тIехь долучунна тIехь дола деш лела уьш, боху Кадыровс.
- Дечкен-беттан 17-хь шен телеграм-канале хIоттийначу интервьюхь Кадыровс оьрсийн ГIашсалтийн эскарийн коьрта буьйранча хилла волчу Болдырев Владимирах "бла-бла-бла инарла" аьлла. Болдыревс Кадыровх лаьцна дечкен-беттан 10-хь дира къамел. ГIашсалтийн эскарийн куьйгалле Лапин хIотторна комментари йеш, инарлас дIахьедира, маьрша вахархо волчу Кадыровн бакъо йацара цунна критика йан.
- ГIадужу-баттахь украинхойн Лиман гIала оьрсийн эскарша дIатасарна бехкевира Кадыровс Централан тIеман гонан инарла-майор волу Лапин Александр, "похIма доцу стаг" элира цо цунах. ТIаьхьо Лапин оцу даржера дIаваьккхира.
- Цул хьалха Кадыровс хьулйинчу кепехь критика йира карарчу хенахь оьрсийн эскаран Цхьанатоьхначу тобанийн буьйранча волчу Герасимов Валерийна.