ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Думин депутато хьехна "Ахмат" декъана бераш кхетош-кхион деза аьлла


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан парламентан депутат Кузнецов Дмитрий вистхилла берийн вовшахтохаралла кхоллайеза аьлла. Цо бахарехь, пачхьалкхан кеп-кепарчу регионашкара "лаамхой" йукъахь болуш, Украинерчу тIамехь дакъалоцучу нохчийн "Ахмат" декъан тIома кIел хила еза и.

"Берийн "Ахмат" вовшахтохаралла тIамах лаьцна хила ца йеза, къаьмнийн доттагIаллех а, кхетош-кхиорах а лаьцна хила йеза", йаздина Кузнецовс шен телеграм-каналехь. Иштта тIетоьхна цо, "нохчийн (кхечу Къилбаседа Кавказан а) хьакъ болчу божарша йоллу пачхьалкхан тIекхуьу тIаьхье кхетош-кхиорехь дакъалацар чIогIа маьIне а, оьшуш а ду вайн массеран а берашна" аьлла.

Хетарехь, депутатан алар доьзна ду консервативан "Оьрсийчоьнан дайн Союз" вовшахтохараллин инициативаца, гIуран –бутт бовш пропагандистаца, йаздархочуьнца Прилепин Захарца хиллачу цхьаьнакхетарехь йовзийтина йолчу. Видео хIоттийра Iедалхошкахьа йолчу Storm Daily телеграм-канало, кхайкхам дIабийшира цIе ца йаьккхинчу кхиазхочо.

Идейн авторша дехар дира Прилепине " тӀемагӀуллахкойн волонтерийн берашна а, бендолчу бахархошна а" совгIат дахьара – "Академия Ахмат" цIе йолу тIеман-патриотикан вовшахтохаралла кхолларца. Тхуна лаьа цхьаний "Ахмат" спецназаца вайн даймохк Iалашбан а, кхио а", - аьлла ду кхайкхамехь.

Кузнецов Дмитрий – Нийсонан Оьрсийчоь партин цIарах депутат ву, Пачхьалкхан думе кхечира иза Воронежскан, Нижегородскан, Рязанскан кIошташкарчу партийн тептарехула.

  • "Ахматан" эскархойх шеконаш йу Украинехь, цара маьрша бахархой байина аьлла. Киевн хаамашца, цхьахйолчу тобанан командиро Мусаев Изноврас а, цуьнан куьйгакIел болчара а Оьрсийчоьно тIом болийначу йуьххьехь рейдаш дIахьош хилла шаьш схьадаьхначу дозанаш тIехь, кхерош хилла меттигера бахархой, тIехь ницкъ а беш. Иштта рейд дIахьочу хенахь, СБУ-но чIагIдарехь, Мусаевс хаа а хууш, коьртах герз детташ вийна маьрша пхи вахархо. Царлахь хилла ши зуда а, кхо борша стаг а.
  • Цхьахволчу "Ахматан" "лаамхочо" дийцинера кадыровхоша Украинехь лелийначу тIеман зуламех лаьцна. Цунах лаьцна иштта дIахьедора, оккупаци лайначу Украинан бахархоша а.
  • Марсхьокху-беттан 25-чохь Украинан кхерамзаллин Урхалло шеконашка ийцира Алауидинов Украинан цхьаалина тIекховдарна а, цуьнан бух бохон гIортарна а.
  • Американ пачхьалкхан департаменто санкцийн тептаре ваьккхира Алаудинов. ТIаьхьо Латвин дозане кхачар дихкира цунна. 2020-чу шарахь Великробританино а йехира нохчийн эскархочунна дуьхьал санкцеш, ткъа 2023-чу шарахь – Украино а.
  • Москван кIоштара Коломны гIалара номер 14 йолчу школера йоьалгIачу классан бершана Керлачу шарна лерина кружканаш йийкъира "Ахмат-Сила" тIейаздина, иштта Кадыровн йишин кIанте урхалла дан йеллачу Danone компанин продукци а. "Ахмат" спецназан командиро Алаудинов Аптис дIахьедира, нохчийн дакъошна лерина "йеххачу заманчохь" дешархоша кечдеш хиллера окопехь дагон чIурамаш а, маскировкина бойнаш а.
  • Бахмутана гергахь йийсаре вахначу кадыровхойн "Ахмат" декъан эскархочо Медведник Сергейс дийцира, шайн буьйранчаша дукха хьолахь нохчий йукъахь боцу тобанаш хьийсайо тIеман хьалхарчу позицешка аьлла. Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара бахархошна – кхарна, йийсархочо дийцарехь, ледара тIеман гIирс ло, цхьана а кепара уьш кеч ца бо. Медведника тIечIагIдира, Бахмутана гергахь тIемаш беш "Север-Ахмат", "Юг-Ахмат" дакъош хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG