ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Джихад а, машарехьа доIанаш а. Оьрсийчоьнан къилбехьара, Кавказера Iеламхой, Украинера тIом


Маьждигахь бусулбанаш, гайтаман сурт
Маьждигахь бусулбанаш, гайтаман сурт

Украинехь тIом болабелчахьана, Оьрсийчуьра динан цхьаьнакхетараллийн хьалханчаша тайп-тайпачу хьежамашца догIу дIахьедарш дира - машаре кхойкхучу кхайкхамашкара дIабуьйлабелла и тIом "беза" тIом ларарна тIекхаччалц. Цхьаберш бен ца баьхьира ма-дарра дерг олуш, Кремлан агресси йемалйан. Кавказ.Реалии сайто хеттарш динчу эксперташа билгалдоккху: уггаре чIогIа идеологин хьежам бусулбанийн урхаллин векалша а, Москварчу патриархин оьрсийн православан килсан (РПЦ)-н хилла олий. Иудейша, буддисташа, керистийн масех кхечу конфессешкарчу векалша политикин хиламаш бийцаре ца бечу хенахь.

Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада 2022-чу шеран товбеца- баттахь дIахьедира, Украинина дуьхьал тIом беш болу бусулбанаш "Исламна тIехIиттина леташ" бу аьлла. Чиллин-баттахь изза олуш вистхилира республикин муфтий Межиев Салахь. Цо и тIом "джихIад" ду элира. Регионерчу куьйгалхочун хьехамчас Шахидов Адама Нохчийчуьра эскархой "АллахIан некъа тIехь къахьоьгу муджахIидаш" бу, цу тIамехь эгнарш - "шахIидаш" бу аьлла дийцира.

Цунах лаьцна шена хетарг Кадыров Рамзана гIадужу-баттахь довзийтира - Оьрсийчоьнан чугIортар "керисташна-бусулбанашна, иблисна йуккъехь тIом" бу элира цо.

Дукхах болу бахархой бусулбанаш болчу Дагестанера Iедалхой а, Iеламхой а и тайпа дIахьедарш дан мелла а ийзало. Цул совнах, 2022-чу шарахь мобилизаци йола ма йеллинехь, республикин муфтин хьехамча а, хIусамнана а йолчу Гамзатова Iайнаа Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире дехар дира, регионерчу бахархошна ахшо хан йоьхуш. Дешаран центрашкахь тIамна кечам бан. Дагестанехь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а мобилизацина йеш дуьхьало а йолуш дина дехар дара иза.

Украинина дуьхьал болу тIом зулам а, доккха эхь а ду аьлла хета суна

РПЦ -н къилбехьарчу епархийн архиерейш политикин мах хадорехь собаре хилира. Амма Iедалхойн пропагандин риторикина тIетевжира. Масала, Ставрополан, Невинномысскан митрополит (Покровский) Кирилла "Даймахкана тIехIитта арадовлар" кхайкхийра. Кубанерчу Тихорецкан, Кореновскан епископо (Кавтарашвили) Стефана машарехьа доIанаш дан деза элира. Украина фашизмехь бехке лерира.

Ростов мехкан Донскан митрополин куьйгалхочо (Иванов) Меркурийс, Iеламхойн тIамехь йолу меттиг йийцаре йеш, журналисто шега РПЦ-но Украине чугIортан къобалдой аьлла дина хаттар питане лерира.

"Килс тIамца йу йа тIамна дуьхьал?" Дуьхьала йу-кх. "Килс гIело йарехьа йу йа гIелонна дуьхьал?" Килс гIелонна дуьхьал йу. "Килс машарехьа йу йа машарна дуьхьал?" Килс машарехьа йу. Цхьана хIумнах кхетийша, адамашлахь барт, хIора стеган дагчохь машар хилча бен хир бац. Коьртехь а машар. Ткъа тахана вайна хIоьттина хьал нийсса пурхнехьа дерг гойтуш ду", - ма-дарра ца олуш, соцунгIа хилира митрополит.

Астраханан мехкан Ахтубинскан, Енотаевскан епископа (Понич) Всеволода шен керлачу шарна леринчу вистхиларехь кхайкхам бира, "муьлхха дов, оьгIазло " а сацар доьхуш доIанаш дахьара аьлла. Конфликтан цхьа а агIо билгал ца йоккхуш.

Оьрсийчоьнан къилбехьара регионашкарчу Iеламхошлахь Украинна тIелатар йемалдинарш бу. Царех дукхах болчарна иза дуьхьалдаьккхина. Цу хиламех лаьцна дуьйцу Кавказ.Реалии сайто.

ГIалгIайчуьра цIе цайаьккхина имам

2022-чу шеран гезгмашин-баттахь йаржийра ГIалгIайчоьнан вице-премьера Евлоев Мохьмада дIайазйина аудио. Цу тIехь цо муниципалитетийн куьгалхошна мобилицазина новкъарло йахь, ша могуьйтур дац бохуш кхерамаш тийсира. Цо, цIе а ца йоккхуш, йемалвира цхьа имам. Украинехь кхелхинчу эскархочун тезетара цIавоьдуш Оьрсийчоьнан чугIортарах къамел динера цо - иза хьарам ду, къилахь ду олуш.

Экстремизмана дуьхьал лаьттачу центре имамна арздеш кехат йаздира Евлоевс. Цунна кхерам тосуш, дIахьедар дира: "Маьждигчуьра аравала ала цуьнга, аса, иза милла велахь а, цуьнца дерг къастор ду". И дешнаш ГIалгIайчуьра бахархошна ца тайра. Цул совнах, шаьш реза доцийла хаийтира тайпанийн кхеташоно. Хьаькамо ша аьлла дешнаш йухаийцира.

"Кавказский узел" гIирсо дийцарехь, и хилам бахьанехь тIаьхьо имам тIеман комитете кхайкхира. Цул тIаьхьа цунах хилларг дуьйцуш дац.

ГIалмакхойчоьнан лаккхара лама

Тэло Тулку Ринпоче (бакъйолу цIе – Эрдни-Басан Омбадыков) Оьрсийчуьрчу буддистийн хьалханчех Украинера тIом йемалбиначарех дуьххьарлерниг ву.

"Суна и нийса дац аьлла хета. И тIом оьшуш бац. Вай XXI бIешарехь дехаш ма ду. Массарна машаре, паргIате дахар деза, хIора пачхьалкхана кхиа лаьа. Украинхойн агIо нийса лору аса - уьш шайн пачхьалкхе, шайн латта, шайн бакъо, шайн Конституци, шайн къам лардеш бу", - дIахьедира 2022-чу шеран гезгмашин-баттахь ГIалмакхойчоьнан лаккхарчу ламас.

Вайн танканаш церан кораш бухахь лаьтташ хилча, иза цхьа а низам доцуш, наьIалт хилла тIом бу-кх. Кхин хIумма дац

"Тхайн буддистийн, Iедалхойн йукъаметтиг талхон цалаарна" цул хьалха Украинерчу тIамах хIумма ца олуш Iийнера со, аьлла билгалдаьккхира цо. ТIеман агрессина резахиларца дIахьедарш динчу Оьрсийчоьнан буддистийн кхечу цхьанакхетараллийн хьалханчашна боккъал хетий-те иштта. Нагахь уьш бакъболу буддисташ белахь. И дIахьедар цо Оьрсийчохь волуш дира.

2023-чу шеран дечкен-баттахь Оьрсийчоьнан юстицин министралло Ринпоче "кхечу пачхьалкхийн агенташ" реестрана чуйазвира - цу тептарехь дуьххьарлера Iеламхо ву иза. ТIаьхьо ГIалмакхойчоьнан лаккхара ламан даржера дIавалан дийзира цуьнан. Карарачу хенахь, социал-машанашкара хаамашка хьаьжча, Омбадыков кхечу пачхьалкхехь ву, комментареш а, интервьюш а цо луш йац.

Кубанан станицера РПЦ-н куьйгалхо

Стохкалерчу пасхин къамелехь Краснодар мехкан Надежная станицан Архангел Михаилан цIарахчу килсан хьалханчас иерей Нагибин Максима (къилбехьа иза Санкт-Петербургера веана ву) сатоха ца делла, шега ладугIучаьрга элира: "Оьрсийчоьнан Федерацехь сийсазван ван тарло со, суна цхьаберш реза цахила там бу, [амма] хIара сан хьежам бу, со кху тIехь соцур ву... Суна Украинина дуьхьал болийна тIом зулам а, доккха эхь а хета. Дуьненан майданехь вай сийсаздо эхь ду иза".

Вайн берийн, берийн берийн кхане хIаллакйина Кремлан агрессин политико, элира цо. Шен дIахьедаран чакхенгахь Оьрсийчоь а, Украина Пасхица декъалйира. Цигахь шен гергарнаш бу аьлла билгалдаьккхира. Станицерчу килсан хьалханчас ша смартфонна тIе цхьамма дIайазвеш вуйла хуъушехь дира и къамел. Видео машанашка кхечира, полицино марсхьокху-беттан чакхенгахь "дискредитаци" артиклаца протокол хIоттийра. Цкъа хьалха кхело и гIуллакх йухаделира, видео йаржийнарг мила ву цахаарна. Ткъа йуха ладоьгIча, гIуллакх хенаца хьеделла аьлла, дIакъевлира.

Кхелехь Нагибина видео тIехь верг ша ву аьлла даредира, амма кхин дIа долу къамел ца дира, ша шена дуьхьал тоьшалла цадан бакъо лучу Конституцин 51-чу артиклана тIетевжина. Хьо эскарехь хиллий, кхечу пачхьалкхе вахнерий аьлла хаьттира Нагибин Максиме. Iеламхочо ша Финляндехь, Гуьржийчохь хилла элира. Амма эскаре вахана вац, хIунда аьлча, ша доьшуш вара, бераш кхиош вара, шен цомгуш волчу дена Iуналла деш вара ша аьлла. Хмельницкан, Ровенскан мехкашкахь бехаш шен гергара нах бу а элира цо.

2022-чу шеран чакхенгахь дуьйна иерей Максим станицерчу килсан куьйгалхо вац. ХIинца иза стенгахь болх беш ву дуьйцу хаамаш цхьанхьа боцуш бу.

Сочера РПЦ-н диакон

2022-чу шеран охан-баттахь Сочи гIаларчу кхело 30 эзар сом гIуда туьйхира меттигерчу "Рождество Пресвятой Богородицы" килсан хьалханчина Щербюк Сергейна. Официалерчу хаамца, цо - Украинин махкахочо - массарна хеззачохь Оьрсийчоьнан эскарна "дискридитаци йан лерина хаамаш" бира. Полицино и гIуллакх долийра Iеламхочунна арз дарца.

Кхелехь Щербюко бехк шена тIеийцира, цунах кхеттош элира - шен махкахочун хьежам бу иза.

Baza телеграм-канало дийцарехь, диаконна тIаьхьабовларан бахьана дара, балхара шен цIавоьдуш некъаца цо шайн килсе вогIучуьнца Украинера хьал дийцар. Цо цуьнга аьлла хиллера, и тIом ца боккхуш, машаре адам ца дуьйш, нисдан мегар дара политикин галдаьлла хьал. Йуха кхин цкъа элира цо, "бандеровцаш, нацисташ" боху дешнаш килсан "ВКонтакте" сайтера дIадаха. Оьрсийн эскархошна доIанаш дар доьхучохь.

Сочерчу епархин сайто дийцарехь, Щербюк хIинца а шен диакон болх беш ву.

Славянск-на-Кубани гIаларчу РосПЦ-н Iеламхо

Оьрсийчоьнан православин килс - РосПЦ - Оьрсийчуьрчу альтернативин православин юрисдикцех цхьаъ. Оьрсийн православин килсо бахарехь, уьш канонаца богIуш бац.

РосПЦ-н архиерейс Пивоваров Виктор 2023-чу шеран чиллин-баттахь цо дина къамел бахьанехь жоьпе уьйзира. Кавказ. Реалии сайте 86-шо долчу Iеламхочо дийцира, ша стенна бехке лоруш ву: "Нагахь танкаш вайн корашна бухахь лаьтташ йелахь, уьш вайна тIелетта, вай царна духьало йан йогIу. Нагахь вайн танкаш церан корашна бухахь лаьтташ йелахь, хIара цхьа а низам доцу, наьIалт хилла тIом бу. Кхин хIумма дац".

Кхело цунна 40 эзар сом гIуда туьйхира.

Шинна кепара хьежам

Нагахь 2022-чу шеран чиллин-беттан чакхенгахь Оьрсийчоьнан дукхах болчу динан хьалханчаша машар хилар ладаме ду баьхнехь а, дукха хан йалале царех хIора а тIаьхьий, хьалхий цу тIеман идеологин мах хадон волавелира, боху "Сова" идеологин-зерийн центран куьйгалхочо Верховский Александра.

[Оьрсийчуьрчу бусалбанийн хьалханчаш] Талгат Таджуддин, Исмаил-хаджи Бердиев, Альбий Крганов иза политикин къийсам хилла ца Iаш, иблисаца тIом бу, мехаллийн тIом бу, бохуш дIахIиттира. Патриарх Кирилла а тIаьхьо изза дийцира. Оьрсийчоьнан бусалбанийн урхаллин куьйгалхо волчу Гайнутдин Равила цхьангахьа узуш цхьа а хIума ца элира."- боху къамелахочо.

Украинина дуьхьал болийна тIом йемалбира Оьрсийчуьра лютеранийн куьйгалхочо Брауэр Дитриха. Амма, ГIалмакхойн лаккхарчу ламас санна, цо иза Оьрсийчуьра араваьллачул тIаьхьа элира,- тидаме оьцу Верховскийс.

ТIаманна дуьхьал волу Iеламхо лоручара дуьненчохь машар боьхуш доIанaш дийр ду.

Кремлан агрессина тIе ца хIиттира католикийн, иудейн векалш. Протестантийн цхьаьнакхетаршлахь болучара машар эшарх дIахьедарш дира. Масала, Оьрсийчоьнан керистийн евангелан килсан епископо Грабовенко Эдуарда дIадаханчу шеран зазадоккху-баттахь "Украинерчу вайн вежаршка-йижаршка къинтIера довлар деха" бохуш, кхайкхамаш бира.

"Украинера хиламашна тIехIуьттуш, агрессин къамелаш дина хьалханчаш дукха бац. Амма резаберш йаккхийчу конфессешна хьалхабевлларш бу. Таханлерчу реалешкахь дукхах болчу тешачарна цу хьолах хIун хета хаа таро йац",- элира "Сова" куьйгалхочо.

Оьрсийчуьра буддистех дерг аьлча, уьш цхьана структурица вовшахтоьхна цахилар билгаладаккха догIу - уьш масех цхьаьнакхетараллица вовшахкхетта бу, дуьйцу Iойрат-гIалмакхойн къоман а, маьршачу къаьмнийн Лигин конгрессан декъахочо Доржин Даавра. "Буддийская традиционная Сангха России" а йу. Цуьнан куьйгалхо Аюшеев Дамба ву. Иза и тIом магочарех жигархо ву, тIамана гIо дечарех а - идеологица а, ахчанца а. "ГIалмакхойчуьра буддистийн цхьанакхетар" а йу. Иза вовшахкхетча дуьйна цуьнан куьйгалхо Ринпоче Тэло Тулко волуш.

"Тешачарех дерг аьлча, адамаш шайн хьехархочунна тIаьхьахIитта Iемина ду. Z-амалаш йолчу Iеламхочуьнга ладугIучара тIом бехказабоккху. ТIамана дуьхьала волу Iеламхо лоручара дуьненчохь машар хилийтар доьхуш доIанаш до",- боху Доржинс.

Оьрсийчуьрчу муфтийша бакъдерг кхетошболу, харцдерг харц ду олу шайн болх баран декхар кхочуш ца дира, элира нохчийн диаспорин динан, йукъараллин жигархочо Албаков Шемала.

"И харц, къиза агресси бехкейан декхарийлахь бара уьш. Шайн кхерамзаллин дуьхьа цара иза ца динехь, шайн белхан меттигаш йита йогIура цара. Йа бист ца хуьлуш, IадIан безара",- билгалдоккху къамелахочо.

"Кериста тIамна дуьхьал бу" къаьмнашлахь, конфессешлахь йолчу тобано Оьрсийчуьра 30 тешачарех долу хаарш даладо. Царна массарна а Украинера агресси йемалйарна гIело йина.

Динан структурашкахь дукха хьолахь хуьлуш ма-хиллара, йукъараллехь баржийначу хьежамашка хьаьжжина хуьлу йукъараллера доккха хьал а, дийцира Кавказ. Реалии сайте "Кериста тIамна дуьхьал бу" тобанехь болучара. Масала, Оьрсийчоьнан православин килсехь "тIеман куьйранаш" дара, вукху агIора - тIамана дуьхьал диссиденташ, Украинехьа узуш йа цунна дуьхьал болуш, дIахьедарш дина болу. Дукхах берш официалерчу куьйгаллин хьежамна тIетевжира. Уьш Кремлан нарративашкахьа бу.

"Диссиденташ дукха хьолахь - цхьалханчаш. Шайн гонехь, кхечу къамелашкахь, социал-машанашкахь тIом йемалбеш, бистхилла болу. Церан хьежамаш, уьш жоьпе озийча, гIарабовлу",- олу тобанехь.

Оьрсийчоьнан евангелин керистанаш - пачхьалкхера кхин цхьа йоккха конфесси - цхьа структура йоцуш, шайн официалера векалш боцуш. Цундела церан массеран тIаме болчу хьежамах дерг дийца аьтто бац, боху кепан эксперташа. Цара бахарехь, оьрсийн йукъараллехь евангелин керисташца башха дика йукъаметтиг цахиларна царна коьрта дерг шаьш Iадда дитар ду. Бист цахилар гIоле долуш хета.

Амма цу бист ца хиларна йуккъехула цхьацца авторитет шен аз хозуьйтуш, тIом йемалбеш хаало.

  • Нохчийн куьйгалхочун ницкъан блокан гIоьнча а, Украине йахийтинчу "Ахмат" тобанан буьйранча волчу Алаудинов Аптис "бусулбанаш, керистанаш цхьаьна хиларах" дIахьедарш дира. Ницкъахочун къамелехь динан контекст Кремлан Украинера тIом бехказабохучу, цу тIамах "лерина операци" олучу пропагандица ийна ду. Кавказ. Реалии сайто хеттарш динчу эксперташа кадыровхочун къамел галморзахе хиларна тIебохуьйту шайн тидам.
  • Кавказ. Реалии сайто хаддаза дIахьош йу къилбехьарчу регионашкахь а, Къилбаседа Кавказехь а тIамана дуьхьал болучарна Iедал тIаьхьа даларх мониторинг.
  • Марха достучу дийнахь Краснодарера пхи бIе сов бусулбачу стеган урамашкахь ламаз дан дийзира. Миллион адам дехачу гIалахь официалера маьждиг дар цара доьху цхьа шо хилла ца Iа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG