Юьхьанца шен агΙо а хилла, хΙинца шеца гомъеллачу оппозицине Мурси Мохьаммада доьху мехкан конституци хийца бечу кечамийн декъаяр.
Кхарийдийнахь шина сахьтехь сов телевизионехула къамел деш, ша сатуьйсу махкарчу партийн лидерш, конституцехь бан богΙу хийцамаш бийцаре а беш, кхеташоне бахкаре а, оцу гΙуллакхна цара шайлахь куьйгалхо къасторе а, элира Мурсис.
Шо хьалха, президент ша харжарцана, «Бусулба Вежарий» цΙе йолчу радикалан партин хьалханча волчу Мурсис халкъ дуьхьалдаьккхира шена, шеггара конституци кеч а йина, тΙех алссам бакъонаш караэцарца.
Оцу гΙулчо карзахъяьккхира дуккха а беттанашкахь лаьттинчу гуламашкахь хьалхалерчу Ιедалан ден Мубарак Хьоснин ницкъаша тΙе даш а детташ, накъостий а эгаш, Мисарахь карчамбина йолу оппозици. Цундела цунна хΙинца тоаме а ца хета Мурси Мохьаммада, дуьззина «кΙурд» а аьлла, шегара президен дарж охьа ца диллича.
Ша хΙинца телевизионехь къамел деш цо элира, къоман барт меттахΙотторхьама ша маслаΙатан кхеташо кхолла волу, цу юкъа бусулба а, керста а лараме нах а бохуьйтуш, аьлла.
«Мохк хийцамашка кхачабен некъ биллина бу, боху ас оппозицига. Протесташ – иза дог-ойла йовзуьйту агΙо ю, амма яц цхьа а лаам кочатосу кеп», - элира Мурси Мохьаммада.
Мисаран президентан амалехь хΙинццалц гинадоцург а гучудаьлла. Иза кху шера чохь дуьххьара официалехь къерахилла, шегара а дийлина гΙалаташ, аьлла. Ткъа церан орам хьалхалерчу Мубаракан Ιедалера схьа бу, бохура Мурсис. Бакъду, ца дийцира ша хьехораш муьлха гΙалаташ ду.
Мурси: «Мисарна духьал дуккха а халонаш лаьтта. Политико къам декъар, духь-дуьхьал вай латтар вайн къоначу демократина чΙогΙа новкъа ду, дерриг а къам талхош, лоцуш ду цо. Ткъа вайх цхьанне а ца лаьа оцу хьоло пачхьалкх йохайойла».
Гарехь, мелла а тΙаьхьависина Мурси Мохьаммад, шен халкъан бΙаьра а хьажна, цуьнга ла а доьгΙна, цунна товчу некъа вала – иза Ιедале хаьржина шо кхочуш, кху беттан 30-чохь алссам халкъ ду КΙахΙирехь гулам бан ойла йолуш.
Ткъа Мисарахь цкъачунна лаьтта кегий гуламаш-м бу хΙинцале а хьоьшуш. Эл-Мансура гΙаларчу пртестахойх Ιедалхоша кхаарийдийнахь вийна лаххара а ши стаг.
Мурси Мохьаммада хΙинца конституци хийцаран хьокъехь яккха леринчу гΙулчо кхачор бац махка хийцамаш – Ιедал «Бусулба Вежарийн» партин карадахана, цу партино жоп ца ло халкъо шен цΙийн а Ιенош яржийначу «Ιаьрбан бΙаьстенан» лехамашна – махкана оьшург шуьйра демократи ю, ткъа исламисташна иза ца оьшу, чΙагΙдо оппозицин лидерша.
Нагахь санна мисархой бекъабалар генадолуш нислахь, Мурси хΙотта тарло оппозици ницкъаша къаръян, тΙаккха Ιенар ду дуккха а цΙий. Ша пачхьалкхарчу эскарийн коьрта инарла хиларе терра, эпсарийн гΙуллакх дац политикаш а хилла хьийза, церан декхар мехкан кхерамзалла Ιалашъяр ду, бохура Мурси Мохьаммада шен телекъамелехь. Ткъа хууш ду, оццу кепарчу Асад Башаран риторико баьккхира лурчаха тΙом Шемахь.
Шен къамелехь Мурсис жоп ца луш дитина уггаре коьртаниг – цуьнга дарж охьатаса бохуш хьийзачу 15 миллион халкъера цунна дуьхьал аьзнаш а гулдина хьийза оппозици. Ца элира президента цунах лаьцна цхьа а дош, ткъа иштачо кхин а гена боху паччахьаний, халкъаний юкъабоьлла цакхетамаш.
Арахьарчу мехкара цхьа а вац Мисарахь дов генадолийла лууш. Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретара Керри Джона деношкахь ша Кувейтехь волуш, «Исторехь хьал гуттар а гΙоьртина лаьттачу мехкех ю Мисара», шена луур дара цигарчу гуламхойн протесташ машаре а, хиндерг Ιалашдеш а хуьлийла, бохура.
Делахь а тахана хала ду и хиндерг ган. Амма Мисарахь а тΙом балахь, ерриг а Малхбаленах цΙехьаьрчар юйла-м ду гуш мел политик воцчунна а.