Ахматан (хиллачу Ленинан) кIоштарчу кхело барт хаьттира республикерчу кхелан экспертизин бюрон куьйгалхочуьнга Чумаков Масхьуде. Нохчийн оппозицхой болчу ЯнгулбаевгIеран Абубакаран, ИбрахIиман, БойсгIаран нана Мусаева Зарема полисхочунна тIелатар хъокъехь долийна гIуллакх дIахIоттон бух хилира цу урхаллин экспертийн сацамах. Цуьнан адвокаташа гайтира, Чумаковн тоьшаллашкахь галморзахе агIонаш хилар. Ша экспертиза харц йу аьлла дIахьедар дира цара.
Официалерчу дийцарца цадогIург вукхо тIелетарах дийцича, кхелан ладогIаршкахь прокуроро Чумаковна кечамбан кхин а хан йийхира, бохуш дуьйцу "Iазапашна дуьхьал Командин" тобано. Эксперто дIахьедира, Мусаева Заремас полисхочунна беа пIелгаца мIараш йохкарах, ткъа цуьнан бюрочохь йинчу экспертизехь йаздина ду, цо ницкъахочун бесни схьа а лаьцна, бархI таммагIа дина, цхьа чов йина, аьлла. Кхело кечамбан йеллачу хеначохь цо шен къамел хийцира. Цул совнах, кхелехь Чумаковс дIахьедира, таммагIнаш а, чевнаш а цхьаъ ду аьлла, амма низамехь иза иштта лерина дац.
Кхелехь вистхиллачо йийцинчу экспертизин цхьа дакъа интернетера схъаэцна ду аьлла хета Мусаеван адвокатна. Могушаллина жимма тIеIаткъам барна Мусаевана тIедехкина бехкаш дIадаха деза аьлла хета бакъонашларйархошна - тайп-тайпанчу агIора хьокхуш бархIанхьа мIараш хьакхалур йац боху цара. Могушаллин министраллера жоп а кхаьчна адвокаташна. Цо боху, цу кепара дерг могушаллина жимма дина зен санна квалификаци йолуш дац. Нагахь и чов тIаьхьо дилха дахкош ца нисйеллехь.
Кхелан ладогIаршна йуккъехь хан йийхира Чумаковс. Цуьнга барт хаттар стигалкъекъа-беттан 5-чу дIатеттира. Керлачу ладогIаршкахь Мусаева Зарема лаьцна латторан хан дIайахйира - кхин а кхаа баттана, марсхьокху-беттан 12-гIа кхаччалц СИЗО-хь хир йу иза. Бехке лорург дIалаьцна латтош йу 2022-чу шеран дечкен-баттахь дуьйна.
- Дагадоуьйту вай, хьалхо возуш воцчу эксперто Безбородов Алексейс дIахьедира, гIуллакхехь йуьйцучу ницкъахочун йуьхьна йоьхкинчу мIарех дийцар нийса хIоттийна дац аьлла. Могушаллина жима эшам аьлла квалификаци цунна ца йогIу аьлла а. МIараш билггал хьан йоьхкина хууш дац. Безбородовс тидам бира, мIараш тасар могушаллина эшам санна лоруш цахиларан. Цхьа кхиндерг хилча, ала мегаш дара иза. Масала, йуьхьна хьокхучу уьрсо йина чевнаш хиллехь.
- Дечкен-беттан 20-хь Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин белхахой Мусаева Заремин а, кхелахо лаьттиначу Янгулбаев Сайдин а Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира. Лоцучу юкъанна Мусаевана йиттинера, кхетамчуьра а йоккхуш, иза дIайуьгуш хиллачу нохчийн ницкъахоша тIе бедарш ца йохийтира цуьнга, диабетах бала хьоьгуш хиларна цунна оьшу инсулин а схьа ца эцийтира.
- Мусаева Заремина полисхо сийсазварна, лазорна бехкейина, чохь даккха 15 де-буьйсий туьйхира кхело. Цул тIаьхьа цунна дуьхьала бехктакхаман гIуллакх гIаттийра – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелеттера иза. Кадыров Рамзана бахарехь, "цхьана мIаьргонна цуьнан бIаьрг боккхуш" хиллера цо. ТIаьхьо хьарамлонаш лелорна бехке а йира и. Дуьххьара, теше санна хеттарш дан, цу бахьанца Нохчийчу дIайигна а йара.
- Кавказ.Реалиис ма-дарра дийцира Мусаева Заремин гIуллакхех лаьцна а, оцу гIуллакхех дуккха а цхьаьна цадогIурш хиларх а.
- Бакъоларйаран "Поддержка политзеков. Мемориал" проекто политикан тутмакх лерина Мусаева Зарема.