Малхбалерчу гонан 1-чу кхелан суьдхо Пунтусов Дмитрий дуьхьал хилла автор билгалваккхаран экспертиза яйта аьлла волчу теракт кечъярна бехкевиначу нохчочун Висаев Аптин дехар къобалдан. Висаевн зудчо Мутаева Айшас Кавказ.Реалиига дийцина ма-хиллара, экспертиза а, хаамаш яздина волу автор билгалваккхар а оьшуш ду шен цIийндас зулам дина бохург харцдан.
Экспертиза яйта дуьхьал хиллачу прокуроро бохучуьнца реза хилла кхелахо Пунтусов. "Дехар бух болуш ца хета суна, хIунда аьлча, Висаевн долахь йолчу, цунна тIеязйина йолчу телефонехула кехаташ яздина хилар шеко йоцуш ду. Таллам бечу юкъанна билгалдаьккхина ду иза", - дIахьедина тIехьоьжучу хьукматан векало.
ГIуллакхехула рогIера кхеташо дIатеттина кхело кхаа баттана, гIадужу-беттан 25-гIа де кхачлац.
Дайначу шеран охан-беттан чакхехь дуьйна лаьцна латтош ву 37 шо долу Висаев Апти. Иза терроризмана бехкево, иштта низамехь доцуш оьккхуьйтурш лелорна а, яржорна а. Цо бехкаш тIе ца лоцу, гIуллакх харц бух тIехь кхоьллина хилар дIахьедо.
- Зазадоккху-баттахь Висаевн гIуллакхехула волчу тешо дIахьедира, ницкъахоша Iаткъам барна харц тоьшаллаш дина ша, аьлла. Газарчиев ИбрахIима бахарехь, нохчийн диаспоро шена Iаткъам бина бохуш кийтарлонаш тIехь йолу кехатна куьйг язде бохуш талламхо тIехьваьллера цунна.
- Мангал-беттан юккъехь Оьрсийчоьнан Венерчу векалтна хьалха пикет хIоттийра Висаевна тIаьхьбовлар сацаде, бохуш. Бакъоларъярхоша бахарехь, цуьнан бехктакхаман гIуллакх низамехь дац.