ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Экстремистийн, террорхойн тептаре йаьхна Къилбан, Кавказан къоман цхьаьнакхетараллаш


Росфинмониторинган экстремистех а, террористех а хIоттийна тептар, гайтаман сурт
Росфинмониторинган экстремистех а, террористех а хIоттийна тептар, гайтаман сурт

Росфинмониторинго "экстремистийн а, террорхойн а" тептаре йаьккхина Оьрсийчоьнан къаьмнийн 55 халкъийн цхьаьнакхетаралла. Йан а йоцчу "Оьрсийчоьнна дуьхьал сепаратистийн боламан" структурийн дакъош ду аьлла хьалхо дӀакхайкхийна а, дихкина а дара уьш. Царна юкъахь йу Оьрсийчоьнан къилбан а, Къилбаседа Кавказан а къаьмнийн 20 гергга цхьаьнакхетаралла.

Доккхачу декъана, нохчийн, ногIийн, чергазийн, дагестанхойн, гIалгIайн, Кубанан "ЦIен зайл" боламан, "Донан республика" организацеш йу уьш.

Карладаьккхина тептар зорбане даьккхина Росфинмониторинган сайта тӀехь. И реестр латторан техникан функци бен кхочуш ца йо агенталло, цу юкъахь кхелийн а, талламан а, Ӏедалан а органийн сацамашца экстремизмехь а, терроризмехь а дакъалоцуш бу аьлла дӀакхайкхийна берш а болуш.

Къоман цхьаьнакхетараллаш цу тептаре йахар юстицин министраллин искехула Лакхарчу кхело "Оьрсийчоьнна дуьхьал йолу сепаратистийн болам" экстремистийн организаци санна къобалйе аьлла, бинчу сацаман тӀаьхье йу иза. И тайпа болам бац, амма юстицин министралло къоман организацеш цуьнан структурин декъаш ду аьлла дӀакхайкхийна, оцу бух тӀехь бихкина а бара церан болх.

  • Масийттаза а лелийна хIума ду, Оьрсийчоьнан Ӏедалша субкультураш а, идеологеш а йукъараллин боламаш санна дӀакхайкхор, бакъдолчехь уьш йукъара дӀахӀоттам а болуш цхьалха организацеш санна йоцушшехь. Цу кепара, къаьсттина, дихкира ЛГБТК+ болам а, школашна тӀелатарш хестош йолу "Колумбайн" а, "Тутмакхийн зуламан цхьаалла" болам а, вуьшта аьлча, набахтин субкультура. ХӀинца оццу схемех пайда а оьцуш, чайлдфри а, кхинйолу а субкультураш йехкар хьоьху.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG