ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Экстремистийн материлашна" йукъахь ду, дукха хьолахь Оьрсийчохь таIзарш ден, нохчийн бардан Муцураевн иллеш


Муцураев Тимур, архивера сурт
Муцураев Тимур, архивера сурт

Юстицин министраллин реестре йаьхначу "экстремистийн материлийн" иттанна йукъахь нисделла нохчийн бардан Муцураев Тимуран иллеш. Уьш даржорна дукха хьолахь административан жоьпалла тIедожийна 2011-2022-чу шерашкахь.

И зераш ду "ЙоьалгIа сектор" медиапроекто Маршо Радио оьрсийн сервисан а, Настоящее Время телеканалан "Система"проектаца а, "7х7" гIирсо а йукъахь бинчу талламехь,.

Доккхачу декъанна, Муцураевн "Иерусалим" илли йалхолгIачу меттигехь ду – илли даржорна 69-зза таIзар дина кхелаша. ИссолгIачу меттигехь – 52 административан гIуллакх айдина- "Уьш дIабахна", "Тавхьид", "Шаьлта тохар", "Нохчийчоь цIергахь", "ШахIид" иллеш ду. Топ-10 могIа берзабо "12 эзар муджахIид" иллино, цунна тIехула кхеле озийна 46-зза.

Уггар а дукха "таIзар динчех" йу, оппозицин политикан Навальный Алексейн тобано 2011-чу шарахь арахецна "Дуьхьалйоккхур йу жоьлкашна а, курхалчашна а церан 2002-чу шеран манифест" аьлла видеоролик. Иза йаржийна аьлла, 200 кхелан сацам бу бина.

Карарчу заманахь юстицин министраллин "экстремистийн материалийн" реестрехь йу 5344 позици. 2011-чу шарера 2022-чу шаре кхаччалц Оьрсийчуьра кхелашка кхаьчна 15 493 гIуллакх и материалаш йаржорца доьзна.

Оцу кепара къаьсттина дукха гIуллакхаш листинчу 20 регионна йукъахь нисйелла къилбан а, Къилбаседа-Кавказан а регионаш. Краснодар-мохк – кхозлагIчу меттигехь бу (цигахь 308 кхелан сацам бина), Волгоградан кIошт – 12-чу могIарехь (176 сацам), Нохчийчоь – 15-гIа меттиг (150 сацам).

*Аннекси йина ГIирма а, Севастополь а йукъаоьцуш, Оьрсийчоьно оккупаци йина кхинйолу территориш ца лоруш.

  • Оьрсийчохь дерриг а Муцураевн дихкина 30 илли. Сацамашкахь кхелаша билгалдоккху, "къаьмнашна йукъахь барт эгIабо цара, сепаратизмана а, терроризмана а пропаганда йо" аьлла. Муцураевн иллешка ладогIарна Оьрсийчохь кест-кеста кхелаш йо социалан машанашка йазбеллачарна, иштта Нохчийчохь а.
  • Меттигаш бу, дихкинчу иллешна йукъахь йоцу композицеш бахьана долуш а нахана гIуданаш диттина. Масала, Гуьмсан гIалин кхело меттигера вахархо Саиев Адам бехкевира "ВКонтактехь" экстремистийн материалаш яржорна аьлла,"Пайхамаран Хьадис" цхьа илли зорбане даьккхинера цо.
  • Муцураев Тимура дакъалаьцна Нохчийчохь хиллачу хьалхарчу а, шолгIачу а тIемашкахь Ичкерин агIор, цул тIаьхьа Париже дIавахара иза. 2007-чу шарахь Нохчийчу йухавеара, хIетахь дуьйна халбатехь вехаш ву иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG