ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Экстремизмах гIуллакх даьккхина бакъоларйархочунна Янгубаев Абубакарна дуьхьал - зорбанаш


Янгулбаев Абубакар
Янгулбаев Абубакар

Нохчийн бакъоларйархочунна Янгулбаев Абубакарна дуьхьал бехктакхаман гIулакх даьккхина экстремистийн гIуллакх лелорна аьлла. Бахьана ду, цуьнан вежарша ИбрахIима а, Байсангура а куьйгалла дечу 1АДАТ оппозицин боламан эфирашкахь дакъалацар. Кадыровцаша лачкъийначу церан ненах Мусаева Заремех лаьцна хуьлура эфираш – иза бехкейо полисхочунна дуьхьал ницкъ баьккхина бохуш. Цунах лаьцна хаамбина Baza телеграм-канало.

Оцу хаамах лаьцна Янгулбаевна хиъна Кавказ.Реалиин журналистера. Цо тIечIагIдина, хьашас санна ша билггал дакъалацарх 1АДАТ боламан эфирашкахь, шен нанна дуьхьал айдинчу бехктакхаман гIуллакхах лаьцна дуьйцуш.

"Со самаволу, шуьгара хии суна оцу гIуллакхах лаьцна. Кхин хIун аьлла комментарий йийр йу суна-м ца хаьа, - бохура бакъоларйархочо. – Кху деношкахь Талламан комитете дIахьедар дина аса нохчийн къомана тIехь геноцид лелорах, тарло, цо уьш эргIад бахийтина".

Къамелдинчо тIетоьхна, ша вехаш ву аьлла, дIайаздинчу адресца бакъоларйаран оганашка тIекхойкхуш, йа шекохиларх, йа бехктакхаман гIуллакхехула бехкевеш хаийтина дац аьлла.

"ТIаьххьарчу шарахь аса дукха интервьюш йелла кеп-кепарчу медиашна, иштта Оьрсийчохь экстремистийн лоруш, йихкинчу Навальный Алексейн ресурсашна а цхьаьна. ХIора кIирнахь бохург санна комментареш ло аса украинхойн зорбанан гIирсашна, армих, кадыровхойх, Оьрсийчоьнан пропагандин аьшпех а дуьйцуш. Оцу тIехула а парггIат суна дуьхьал гIуллакх доккхийла йара, амма хIетте а аса сайн ненах лаьцна дуьйцу эфир йу цара къастийнарг", - тIетуьйхира Янгулбаев Абубакара.

2021-чу шарахь лаьцна, шега хеттарш динчул тIаьхьа, оцу хенахь бакъоларйаран "Iазапашна дуьхьал Командин" юрист хилла иза дIавахара Оьрсийчуьра.

Бехктакхаман гIуллакх, шайн нанна Мусаева Заремина а, шайна а тIеIаткъам бан Iалашонца долийна аьлла хета жигархошна. 2022-чу шарахь Лаха Новгородера лачкъийра иза. Карарчу хенахь 53 шо долу зуда Соьлжа-ГIалахь лаьцна йу, цуьнан могушалла ледара йоллушехь. "Мемориалан" бакъоларйархошна хетарехь, политикан бух болуш ду цунна тIаьхьабовлар.

  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо диллина дIахьедира, ЯнгулбаевгIеран доьзале хьоьжуш "набахтехь, йа лаьтта бухахь меттиг бу". Мехкан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волчу Делимханов Адама массарна а хезаш дIакхайкхийра,"коьртеш дохур ду" ЯнгулбаевгIеран доьзалан аьлла, иштта Соьлжа-ГIалахь дуккха а бIенашкахь нах арабевлла митинг хIоттийра, декъашхоша когашца хьоьшура церан суьрташ, дагадора.
  • 2022-чу шеран стигалкъекъа-баттахь дийца даьккхира, Нохчийчуьра Лакхарчу кхело 1АДАТ болам экстремистийн дIакхайкхийна хилар. Цул а хьалха, Соьлжа-ГIалара Заводской кIоштан кхелан сацамна тIехь Роскомнадзоро дIакъевлира Оьрсийчоьнан дозанаш тIехь Нохчийчоьнан Iедалхошна оппозицехь йолчу 1АДАТ боламан цхьа дакъа интернет-ресурсаш. Блок тоха бахьанашлахь хьахийра Нохчийчуьра прокуроро "кадыровхойн зуламечу рожах зорбане йоху публикацеш".
  • Мангал-баттахь Нохчийчохь Янгулбаев Абубакаран а, ИбрахIиман а жимахволчу вешина Байсангурна дуьхьал Оьрсийчохь экстремистийн лерина йолчу вовшахтохараллехь дакъалаьцна аьлла бехктакхаман гIуллакх долийра. Цунах лаьцна хиира Талламан комитетан республикехула йолчу урхалло деллачу жоьпера.
  • 1АДАТ болам кхоьллинчу Янгулбаев ИбрахIима хьалхо дийцира Кавказ.Реалии сайтана, масийтта шарахь Кадыровн рожана ша критика йарх, оцу Iалашонца леррина социалан машанашкахь тобанаш вовшахтохарх, цигахь Нохчийчохь бакъонаш лоьруш цахиларх дийцарх а. Оцу тIехула 2015-чу шарахь дIавигинера иза нохчийн полисхоша – эхашарахь латтийра ИбрахIим къайлахчу набахтера ларми чохь, тIехь ницкъ а беш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG