Нохчийчуьра 25 шо долу вахархо Тапаев Висита бехке лерина мессенджерехь йозанаш дарна даIишхошца йукъарло лелош, сим-карта эцарна а. Эпилепси йолчу Хьалха-Мартанара вахархочунна ши шо хан тоьхна, хьалхара шо набахтехь а токхуш. Прокуратуро тIех кIеда ду аьлла таIзар, амма апелляцино хийцанза дитина и. Тапаев Висита террорхойн а, эксремистийн а тептаре ваьккхина.
ТаIзар тIехь дийцарехь, телеграман мессенджерехула Тапаевца зIенехь хилла "ayib_ shishaniy" ник йолу, даIишхошлахь волу цхьа накъост. Ву бохучу гIаттамхочун цIе йоккхуш йац таIзарехь, амма билгалдоккху, 2013-чу шарера схьа дуьйна важа Шемахь хилар, 2018-чу шарахь иза лаца кхайкхийна хиларх а.
Интернетехь шеца къамеле ваьллачун дехарца Тапаевс "Билайн" операторан сим-карта эцна хилла Qiwi-бохчана регистраци йархьама, йовзийтина шеца хабарехь волчунна регистраци йеш цкъа хIоттош йолу пароль а. Билгалдоккху, кхел йинчун дог лозуш хилла Шемахь тIемаш бечийн идейх, иза кхеташ хилла, царех цхьанна ша гIо деш вуйла а.
Кхелехь Тапаев Виситас бехке хиларх мукIарло дина, амма дуьхьал хилла кийтарлонаш йан, ша шена дуьхьал тоьшалла ца дан бакъо лучу Конституцин 51-чу артиклана тIетевжина. Талламхочо а, кхело а леррина билгалдоккхура тешийн дийцаршкахь – таIзаре хIоттийначун гергарчийн а, иза вевзачийн а – Тапаевс дин лелош хилар, маьждиге оьхуш хилар а.
Бехк тIелацар, эпилепси цамгра хилар, Тапаевн нана заьIапхо хилар лерина цунна таIзар кIеда хила дезаш хиларан бахьанаш.
- Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело йухатеттина террорхошна гIо латтийна аьлла, Дагестанан вахархочун Акаев Iабдуллина йинчу кхелана латкъам бар. Шогачу рожан хьелашкара колонихь даккха исс шо хан тоьхнера цунна, амма цо дIахьедора, ша бехке вац, бехкзуламан гIуллакх фальсификацица ду бохуш. Талламна хетарехь, террорхойн Iалашонашна кхаьчна ахча, цо шен вешин карти тIе даккхарна кхел йира Акаевна.
- Меттигера вахархо лецира Ростовн кIоштахь, цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх даьккхира "Исламан пачхьалкхана" (Оьрсийчохь организаци террорхойн лерина йу) ахча латторна. Ницкъахоша дIахьедира, исламан литература арахоьцучу "Уммат" компанин долахочунна ахча дехьадоккхуш хиллера цо аьлла. Кху шарахь компанин куьйгалхочунна Эжаев Асламбекана колонихь даккха 17 шо туьйхира, террорхошна ахчанаш дехьадаьхна аьлла бехкевина.
- Дагестанехь масех меттигера вахархочунна кхел йира экстремистийн символика гайтар аьллачу артиклехула. Социалан машанашкахь террорхойн "Исламан пачхьалкх", "Аль-Къайда" тобанийн байракхаш социалан машанашка хIиттош хиллера цара. Оцу артиклехула цхьа эзар соьмана тIера шина эзаре гергга кхаччалц сом гIуда туху, йа 15 дей-буьйсий чохь доккхуьйту. Дукхачу меттигашкахь кхелаша уггар а лахара таIзарш дора.
- Нохчийчуьрчу Гуьмсан гIалин кхело зуламах лаьцна мотт ца тохарна бехкевина меттигера вахархо Капланов Нурсаит. Нохчийчоьнан вахархочо низам лардаран органашка ца хаийтина хилла Шемарчу тIеман конфликтехь шена вевзаш волчу стага Оьрсийчохь магийна боцу даIишхойн агIонехь дакъа лаьцна хиларх.