Украинерчу тIамехь дакъа лаьцна волу Соьлжа-ГIалара контрактхо Батыханов Алан цхьана шарна набахте хьажийна, ша лаьттинчу эскарера вадарна – "тIеман декхарех садаIа" дагахь вара ша, аьлла кхетийна цо иза. Цунах лаьцна хиина, Къилберчу тIеман гонан кхеле йелла хиллачу аппеляцера, Соьлжа-ГIалин кхелерчу сайтехь цунна тоьхначу хенахь лаьцна ца дуьйцу.
Кхелан сацамца а догIуш, дечкен-беттан 5-хь Батырханов шен эскарехь гучу ца велира, тIаккха дечкен-беттан 24-хь ша схьавеара Нохчийчуьрчу тIеман гарнизонан комендатуре. ВорхI шарна чуволла кхерам бара контрактхо, амма Соьлжа-ГIаларчу гарнизонан кхело цхьана шарна колоне хьажийра иза.
Батыхановна шена тоьхна хан тIехсов шога хийтира, сацам къовса гIоьртира иза Къилбан гонан тIеман кхелехь. Доьзалхочух йолчу шен зудчунна гIо дан дезара, шайн доьзал къоьллехь бу, аьлла бух балийнера цо ша диначунна. Иштта тIетуьйхира цо, ша Украинерчу тIамехь дакъа лаьцнера, цигахь ша айпе (контузи) хиллера– оцу бахьанца хьалхо и стаг тIамна вогIуш вац аьлла сацам бина а хиллера. Амма кхело тIе ца лаьцнера цуьнан тоьшаллаш, тоьхна хан хийцам боцуш йитира.
Нохчийчуьрчу Iедало тIе ца лоцу, республикера эскархой Украинерчу тIамера уьду бохург. Масала, регионехь "том бан дуьхьал" болу нах банне а бац, элира Кадыров Рамзана дечкен-беттан 29-хь хиллачу пресс-конференцехь.
- Хьалхо Соьлжа-ГIалара тIеман гарнизонан кхело контрактхочунна Фатхутдинов Ильсурна шогачу хьелашкара рожера колонихь даккха 5,5 шо тоьхна. 2022-чу шеран товбеца-баттахь тIеман дакъа а дитина, цIа ваханера иза. Адвокато билгалдаккхарехь: чиллин-баттера товбеца-батте кхаччалц Украинерчу тIамехь волчу цунна гинера шен накъостий леш, цо Iаткъам бина хилера цунна боху, хIинца а метта а ванза ву иза.
- Нохчийчуьра йолахочо Калишев Ахьйада Украинерчу тIаме ваха цалаар дIахьедина, цу бахьанна иза эскарера дIаваьккхина. Соьлжа-ГIалин гарнизонан кхело эскаре йухаверзар дихкира цунна. Къилбехьарчу гонан тIеман кхеле латкъам чубелира, ткъа цара иза къобал ца бира.
- Соьлжа-гIаларчу гарнизонан тIеман кхело набахтехь йаккха ши шо хан туьйхира эскархочунна Хмелев Александрана. Иза бехкевира мобилизи йолчу муьрехь эскаран гIуллакхах къахкарна аьллачу артиклаца. Официалерчу хаамца, гезгмашин-баттахь Украинина дуьхьалчу тIаме ваха тIекхайкхича, "иза, эскаран гIуллакх дIакхехьа тIе ца вогIуш, шена лаамехь хан такха висира", Ростов-на-Дону гIалахь, гIадужу-беттан 12-гIа тIекхаччалц.