ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЕСПЧ-кхело компенсацеш хIиттийна бакъонаш хьешначу Къилбаседа Кавказера тутмакхашна


Тутмакхаш дIабуьгу машен, Ставрополь
Тутмакхаш дIабуьгу машен, Ставрополь

Оьрсийчуьра масех иттаннашкахь искаш листина Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело гIадужу-беттан 26-чохь – оцу массарна а тIехь дIахьедина тутмакхаш тоьхна хан йоккхучу меттигашка дIакхачочу заманчохь церан бакъонаш хьешна хиларх лаьцна. Латкъамаш бинчарлахь нисбелла иштта таIзарш токху Къилбаседа Кавказера бахархой а.

"Яндиев а, кхинберш а Оьрсийчоьнна дуьхьал" гIуллакхан гурашкахь 1000 евро кхачийна 34 шо долчу Яндиев Исламна. Кхело бакъдина 2017-чу шеран гIуран-баттахь а, 2018-чу шеран дечкен-баттахь а этапе вохуьйтучу заманчохь цунна латтон деза хьелаш эшийна хилар. Тутмакхашна леринчу тIех йуьзначу вагон чохь вигинера Яндиев, цу чохь шийла а, бодане а хиллера, чоьна чу мохк кхоьтуьйтуш ца хилла, ца хилла цу чохь къастийна хьаштагIа а. 2013-чу шарахь велла дIаваллалц чохь йаккха хан туьйхира Яндиевна йукъарчу хьелашкара колонихь йаккхийта, иза бехкевинера Москвара "Домодедово" аэропортехь теракт кечйарна.

1000 евро хIоттийна иштта Давудов Исламна а – 2018-чу шеран бIаьста- аьхка дIавижа меттигаш тIе ца тоьачу вагон чохь дIавигинера иза этапе, кхиндолу оьшу хьелаш а доцуш.

Мамаев Шемална а дIало аьлла тIедожийна 1000 евро хан йаккхийта дIавуьгучу хенахь хIиттон деза хьелаш ца кхачорна.

ДIахьединчун цIе йогIуш йу, 2016-чу шарахь Оьрсийчоьнан ЮАО ГУ МВД-н декъан куьйгалхочун гIовсана Баранов Владимирна кхаъ луш йукъарло лелорна чохь даккха йалх шо тоьхначу адвокатан цIарца.

"Файзиев а, кхинберш а Оьрсийчоьнна дуьхьал" гIуллакхехула, 2018-чу шарахь колони этапе вахийтинчу 40 шо долчу Абадиев Мохьмадна компенсаци кхачийна. ГIалгIайчуьра террорхойн "Наьсарера сектор" тобанехь дакъалацарна а, бакъо йоцуш герз лелорна а 15 шарна хан тоьхна ву иза. Ишта къайлахчу сервисийн версица, Шема а вахна "Исламан пачхьалкх" шех олучийн агIор тIом бан дагахь хиллера иза.

"Свищев а, кхинберш а Оьрсийчоьнна дуьхьал" гIуллакхан гурашкахь листина Гамзатов Далтага чуйелла иск, цо дIахьединера 2019-чу шарахь ша, тоьхна хан йаккха колони дIавуьгучу хенахь, шеца лелийначу харцонех. Оццу шарахь Дагестанехь пхеа шарна чувоьллира иза бакъо йоцуш наркотикаш лелорна. Гамзатовна а дIадала тIедожийна 1000 евро.

  • Европан Кхеташонна йукъара йаьккхина Оьрсийчоь 2022-чу шеран зазадокху-беттан 16-чохь Украинана тIелатарна. Дуьхьал жоп лучу Москвано цул тIаьхьа дуьйна ЕСПЧ-н сацамаш кхочушбийр бац шаьш элира. Цу кепарчу омрана куьгйаздира Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира мангал-беттан 11-чохь.
  • ГIадужу-беттан 24-чохь Нохчийчохь 2004-2005-чу шерашкахь шена тIехь Iазапаш лелорах а, мехкан урхалхочун кхерамзаллин сервисехь болх беш хилла шен кIант Исмаилов Iумар (Алихан) верах а дIахьединчу Исмаилов Шарпуддин бакъонаш хьешна хилар тIечIагIдина Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхело. Латкъамбинера 2009-2010-чу шерашкахь, амма хIинцца бен листина дац гIуллакх.
  • Стигалкъекъа-беттан 25-чохь ЕСПЧ-кхело листина цхьа могIа жигархойн а, иштта Навальный Алексейгахьа Ставрополехь а, Волгоградехь а, Краснодарехь а, Ростовехь а хIиттийначу акцешкахь лецначийн а латкъамаш.
  • 2014-чу шеран чиллин-баттахь Сочихь Pussy Riot тобано концерт лучу хенахь гIалгIазкхаша шайна динчу тIелатарна латкъамбинера, цунна жоп луш ЕСПЧ-кхело марсхьокху-беттан 29-чохь церан иск къобалйина. Кхело дIахьедина, Оьрсийчоьнан Iедалхоша гIуллакх эвсара теллина цахиларх. Шайца цхьаьна Краснодарера суртадашдахкархо Джанян Лусинэ а йолуш, тобанан пхеа декъашхочунна пхийтта-пхийтта эзар евро хIоттийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG