ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европан кхело Францига дехна Оьрсийчу нохчо дIахьажор хенаца дIататтар


Страсбургера адамийн бакъонашкахула йолу кхел, гайтаман сурт
Страсбургера адамийн бакъонашкахула йолу кхел, гайтаман сурт

Европерчу адамийн бакъонийн кхело (ЕСПЧ) Францин Iедале дIахьедар дина, нохчо Т. Бувайсар Оьрсийчоьне дIавалар хенаца дIататтар доьхуш. Оьрсийчохь ши адам дерна бехке лоруш ву иза. Амма цуьнан адвокато и бехке хиларехь дерриге дийцина ца даьлла, тоьшаллаш оьшу боху. Иза дIалахь, оьрсийн Iедалан белхалоша цунна гIело йарна кхерам бу а аьлла.

ЕСПЧ-но шен кхайкхам охан-беттан 12-хь бина. Амма иза гIарабалар французийн зорбанийн йозанашкара бен хиина дац. Страсбургерчу кхело стигалкъекъа-беттан 5-гIа кхаччалц дIа ца луш, цуьнан гIуллакх сацаде боху. Цуьнан адвокат Фридрих Камилас чубеллачу экстрадици сацор доьхучу латкъаме шаьш хьаьвсина довллалц.

2020-чу шарахь Ниццехь дIалаьцна ву Бувайсар. 42 шо долу нохчо 2018-чу шарахь дуьйна кхузахь Iаш хилла. Шен хIусамненаца, 4 бераца. "МухIажар" статус цунна ца йелла. Нохчийчохь хIинца долчу рожера шена кхерам хилар цо хьалхо дIахьедина ду.

Оьрсийчоьно Бувайсар дIавехарехь билгалдаьккхина ду, 2016 чу шарахь товбецан-беттан 25 - хь Москвахь герз тухуш вийначу 27 шо долчу бизнесахочун, Renaissance Construction компанин инженеран Коммисаров Андрей, цуьнна накъост 22 шо долу Тарнавская Лариса дIабахарехь бехке хила тарло аьлла. И шиъ дийна киллераш къайлабевлла. Ша Бувайсара и зулам дарна гунахь ша аьттехьа вац боху.

Бакъонашларйархоша хIоьттинчу хьолан галморзахе хилар гойту: Францин Iедал нохчо дIавала кийча ду, нагахь цуьнца къизалла лелор йацахь, цуьнан бакъонашна гIело йийр йацахь. Амма Оьрсийчоь Европин адаман бакъонийн конвенцера арайаьлла. Цунна тIехь декхарш дац.

  • Кавказ.Реалии сайто дийцарехь, французийн лаккхара хьаькамаш оьрсийн, нохчийн Iедалхошца уьйраш хиларехь шеконе бехкина бу. Чоьхьарчу гIуллакхийн министр Дарманен Жеральд, Лакхарчу Вьенан префект Морси Сеймур, Парижан полицин хилла префект Лаллеман Дидье а 2021-чу шарахь Гадаев Мохьмад "ницкъаца къайлаваккхаран декъахой" хила тарло аьлла.
  • Гурахь Орсийчуьра, Украинера, Советашца хиллачу республикашкарчу, Европерчу бакъонашларйархойн тобано Интерполе дIахьедар дира Оьрсийчуьрчу, кхечу пачхьалкхашкарчу нахана Европехь тIаьхьабовларан политика хийцар доьхуш. Дукха хьолахь дуьйцурш Интерполехула Москвано лоьхучийн гIуллакхаш дара.
  • Нохчийчуьра мухIажар О. Зелимхан дIавала дагахь йу Франци. Шен махкахь таIзараш дарна кхерам бу цунна, кхел ца йеш вен а тарло иза. Кавказ.Реалии сайте цунах лаьцна дийцира цуьнан доттагIчо. Кхерамзаллин дуьхьа шен цIе цайовзийтар дийхира цо.
  • Оьрсийчохь мобилизаци кхайкхичхьана масех эзар нохчо Хорвати йолчу агIора дIавахара. Боснин, Герцеговинин дозанаш хедош. Украинерчу тIаме цабахархьама цара Европехь политикин статус йоьху. Цаьрца цхьаьна махках бевлла дIабахна церан зударий, наной, ден, ненан йижарий, ден, ненан наной - Нохчийчуьрчу Iедалхоша шайн божаршна тIаме баха цалаарна шаьш йарташкара арадоху боху цара. Кавказ.Реалии сайтан корреспондент цхьаьнакхийтира хорватхойн дозанерчу Загребехь йолчу лагерера мухIажаршца.
  • ТIаьхьарчу шерашкахь Францино депорт йина иттанашкахь нохчашна. Царлахь республикин маршонехьа къийсинарш, Кадыров Рамзанан Iедало хьийзинарш бу. Оьрсийчохь царна хиндерш тергал ца деш, дIабелла бу уьш, боху Comité Tchétchénie и Habitat-Cité белхалоша. ДIабеллачийн боккъал долу терахь хууш дац: дIабеллачийн гергарчара шайга схьакховдийна гIуллакхаш бен ца девза царна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG