ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЕСПЧ-но компенсаци кхачийначу хIора итт гIуллакхех ворхI Кавказах, къилбах хьакхалуш ду. Арзхошна ахча ца кхочу


Адамийн бакъонехула йолу Европера кхелан гIишло
Адамийн бакъонехула йолу Европера кхелан гIишло

Дайначу шеран зазадоккху-баттера дуьйна адамийн бакъонехула йолчу Европерчу кхело (ЕСПЧ) Оьрсийчоь компенсаци йала декхаре йеш бинчу хIора итт сацамех ворхI къилбах а, Къилбаседа Кавказах хьакхалуш бу. "Версткан" журналисташа дуьйцу цунах лаьцна. Зен хиллачарна ца кхочу и ахча – дайначу шарахь Оьрсийчоь ЕСПЧ-н юрисдикцера арайаьлла.

Зорбанан хаамашца, 2022 шеран зазадоккху-беттан 15-хь дуьйна Европерчу кхело 513 сацам бина Оьрсийчоьнна дуьхьал долчу гIуллакхашкахула 6.6 эзар сов арзхочун хьокъехь – 227,6 млн евро бу компенсацийн цхьанатоьхна мах.

Дайначу цхьана шарахь, эхашарахь уггар даккхийра компенсацеш хьежийна вийна волчу Кадыров Рамзанан хиллачу хадархочунна Исраилов Шарпуддин дена (104 эзар евро); ФСБ-но, МВД-но кIант вийна волчу Дагестанерчу вахархочунна Магомаев Омарна (73 эзар евро); ФСБ-но шайн кIентий байъина долчу ГордаевгIеран Ахьмадна, Лизина а (124 эзар евро); кадыровхоша лачкъийна, Iазапехь латтийначу гейна Лапунов Максимна (52 эзар евро); нохчийн политологна Кутаев Русланна – низамехь доцуш тIаьхьабийларна, Iазапехь латторна (52 эзар евро); низамехь доцуш тIехьабийларна 63,2 млн евро кхачийна "Свидетели Иеговы" олучура чуделлачу орзаца (арзхошлахь Таганрогера бахархой бара); 2016 шарахь эскархоша чолхе чов йина волчу Нохчийчуьрчу Ширваниев Кюрина (42,5 эзар евро).

Арзхошна и ахча дIа ца кхочу, хIунда аьлча, дайначу шеран мангал-беттан 7-хь пачхьалкхан думо низам тIеэцна, ЕСПЧ-н сацамаш кхочуш ца бан аьтто луш, нагахь санна, уьш зазадоккху-беттан 15-чу дийнал тIаьхьа бинехь – пачхьалкх Украине тIамца чугIортарна Европан Кхеташонера иза дIайаккхарца доьзна дара иза. Мангал-беттан 11-хь Оьрсийчоьнан президента Путин Владимиракуьг йаздира керлачу низамна.

  • Хьалхо Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу къамелехь цо дийцира Украинана дуьхьал тIом балале хьалха а, тIом болийначул тIаьхьа а Нохчийчохь адамийн бакъонашца долчу хьолах, Кадыров Рамзанан культах, Европан Кхеташонна йукъара Оьрсийчоь арайаьллехь а, адамийн бакъонашкахула йолчу Европан кхелан сацамаш коьрта хиларх а.
  • Нохчийчохь бахархой доьза бовш хиларх доклад арахийцира адамийн бакъонаш ларйаран "Мемориал" центро. Нуьцкъаха нах къайлабихар вуно даьржина ду боху цуьнан докладан авторша, иштта, и лелор республикерчу Iедалан карахь хиларх, нах лечкъорна бехкенаш жоьпалле ца ийзорах, сих-сиха, кхелехь доцуш нах байъарх дийцина бакъоларйархоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG