ТIаьхьарчу беттанашкахь кест-кеста даьржа Германехь а, Австрехь а, Францехь а тховкIело ехначу нохчех цхьаъ я важа Iедалхоша дIа а лаьцна, депортаци ян кечвина я иза махках ваьккхина, боху кост.
ТIаьххьара цу кепара хаам Австрера бара. Цигахь 2006-чу шарахь дуьйна Iаш волу нохчийн стаг лаьцнера Iедалхоша, цIера, Нохчийчуьрчу полисхоша иза террорхошца зIенаш лелош ву аьлла арздара бахьан долуш.
ТIаккха цу арзан лораш талламаш болийначу австрихойн Iедалхошна гина, иза Мисре вахана хиллийла, и бахьана долуш шеконаш кхоллаелла, жимстаг цигахь ДаIишца зIе еш я ДаIишна тIемлой лохуш хиллий-те аьлла.
Цкъачунна талламаш бечу юкъана маьрша ваьккхина, шен цIахь кхеле хьоьжуш ву и кIант, ша цхьанна а хIуманна бехке ца хетарх терра, шех долу бакъдерг кхелехь къасторг хиларх а тешаш.
Германера масех кIира хьалха цунах терра хаам баьржира, цигахь лаьцна хьажа-хIотта ваханчехь Францехь тховкIело цхьа кхин нохчо, аьлла. И кIант а ву депортаци ян кечвеш аьлла дара хаамехь чIагIдеш. Цуьнан гергарчара чIагIдарехь, Туркойчу вахана хиларна иза цигара дIа Шема вахана хила тарлучу шеконашца лаьцна ву иза.
ХIара шо доладелчахьана Австрехь а, Германехь а и тайпа лийцарш а, талламаш а алсамбевалла, къаьстина цхьанна а кепара экстремисташца а, террорташца а уьйр-марзонаш ю аьлла шеконеш болчу мухIажаршна тIехь терго а алсам яьккхина.
Iедална билгал гучу а долуш, Шемахь хиллачийн я цига кхача лууш хиллачийн тховкIелонах долу гIуллакхаш юхатоллуш а, низамо магочехь царна депортаци ян гIуртуш а нисло. Иштта, масала, 20I5-чу Шема яха новкъаяьлла хиллачехь лаьцначу, цул тIаьхьа кхеле озийна а, шайна тоьхначу хенех эххар а мукъаяьлла а йолчу кхаа нохчийн йоI тIекхайкхина мухIажирийн Австрерчу хьукмато, церан тховкIелонан статус а, цу махкахь баха йолу бакъо а керлачу гонехь листархьама.
Иштта социалан машанашкахь экстремисте чулацамаш болу йозанаш язйарна а, цхьацца пайдабоцу къепедацарш лелорна а лийцина хиллачу масез жимчу стеган статусаш а ю иштта керла интервтьюш а йолуьйтуш, керла тоьшаллаш а гулдойтуш юхалуьстуш.
Тергамхошна хетарехь, террорхошца зIенехь шена хетачу нахаца Европера Iедал шога дерзар тIаьхьарчу шина шерачохь Малхбузерчу гIаланашкахь масийта эккхийтарш а, террорхойн тIелатарш а хиларца доьзна ду.
Цул совнаха, оьрсийн, Европерчу пачхьалкхийн къайлаха сервисаш цхьаьнаболхбеш хилар а, санкцеш бахьана долуш, шайн Оьрсийчоьнца шелъелла юкъаметтигаш террорца къийсам латторехь мукъане а тIегIанна тIехь латто Европерчу Iедалшна лаар а ду бахьанашна юккъехь, Францехь вехачу журналисто Дервишев Адама Маршо Радионе ма-дийцира.
Дервишев: „Уггаре а коьрта бахьана – кхузахь террорхойн тохар алсам хилла тIаьхьарчу хенахь. Цунах чIогIа кхерабелла бу нах. Хетарехь, цуьнца доьзна шаьш хIинцалца схьа шайна шеконе хетачу нехан хьокъехь беш хилла талламаш берзо сацам бинчух тера ду Iедалхоша. Кхузарчу Iедалхой Iадаташ оьрсийн санна дац, уьш санна оцу сохьта тIекхетий схьа ца лоцу кхузарчара стаг, цкъа хьалха дикка толлу, и стаг эвхьаз а волуьйтуш. ШозлагIа бахьана суна го, Оьрсийчоьнца юкъаметтигаш кхузарчу Iедалшна тоян лууш хиларехь“.
Нохчийн къомах болу мухIажирш Малхбузерчу Iедалшка бийцар лахдайта уггаре а хьалха диаспоршкахь кегийрхошца бен болх алсамбаккха беза аьлла хета Францерчу нохчийн диаспоран жигархо чунна, блоггерна Дервишев Адамна.
Дервишев Адам: „Сайна хетарг эр ду ас. Уггаре а чIогIа вай лардан дезаш дерг вайн кегийнах исламистийн пропагандах ларбар ду, и пропаганда ечу меттигашка бераш лелар лахдан гIорта деза вай.
„Исламизм“ бохучух нийса кхета деза вай, „ислам“ бохург дац иза, писламах политика яр ду вай дуьйцург. Чохь хьехарш дан деза царна, шен ала долучо хаамийн гIирсашкахула а, социалан машанашкахула а даржо деза, цу исламистийн пропагандех тешам ца хилар.
Цул совнаха, бераллехь дуьйна цу вайн тIекхуьучу чкъурана дешар мел мехала ду бохург Iамор а хета суна мехала. ХIунда аьлча, ахь деша мел доьшу а, хаарш хьан коьртехь алсам мел IаьIа а, хьуна дика хаьа харцдерг хIун ду кхета а, нийса дерг хIун ду кхета а“.
Цу юкъана материал эфире кечйечу муьрехь Маршо Радионе кхечира керла хаам, рогIерчу нохчочун депортаци ян кечйеш ю Австрехь, аьлла. I9 шо долу жимстаг еари дийнахь дуьйна Венерчу депортацин набахтехь ву, экстремистийн хьежамаш хиларна цуьнан позитиве статус цхьана ханна бен Автсрехь ваха бакъо ца лучу кехаташца хийцина хилла меттигерчу мухIажарийн хьукмато. Шен дега-нене шен хенахь и хIума дIаала ца хIуттуш хан яйинчу жимчу стаго аппеляци яла йиш йолу хан чекхялийтина хилла.