1959-чу шарахь Европан кхел шен болх бан йолаелчхьана дуьйна ца дайна дуьненна оцу кепехь Оьрсийчуьрчу бахархоша цига ден аьрзнаш лахлуш.
Кремлан векалша иза пачхьалкхахь Фемида нийсонехьа ерзар, пачхьалкхарчу кхелаша болх дика бар ду, бохуш, чΙагΙдо.
Амма бахьана кхин го Европан кхелаца а, цига аьрзнаш дечу нахаца а шерашкахь болх беш схьабогΙучу бакъоларъярхошна. Царех ву, масала, «Адамийн бакъонашкахьа» цIе йолчу юкъараллан куьйгалхо Понамарев Лев.
Понамарев: «Иза шашаха ца нисделла, кхеле ден аьрзнаш лахделла бохург аьшпаш бу. Еврокехелана балхаца гΙодан оьрсийн юристаш бахча хилла ду иза. И нах лаккхарчу Ιедало хьовсийна бу, аьрзнийн терахьаш дацдан декхаре а беш».
Кхечу дешнашца аьлча, Понамарев ца теша оцу юристаша Страсбургера девнаш шайн лаамехь дΙа ца къевлина, къайла ца даьхна бохуцух.
Страсбургерчу кхело дуккха а ΙаьΙначу шен балхаца лараяла ойла йолуш, Оьрсийчуьра юристаш шен гΙуллакхашна юкъаозор беламе а ду, нийса а дац, оцу кхелана тΙе ΙиндагΙ дожош хΙума а ду, аьлла хета ткъеха шарахь Нохчийчуьрчу тΙамо беъна нехан баланаш луьстуш, бΙеннаш нохчашна Еврокхеле бовла аьтто беш схьаеъначу бакъоларъярхочо Москаленко Каринас. Цунна хетарехь, оьрсийн юристаш шена герга битарца Еврокхело берзалошна Ιохарий тешийна.
Москаленко: «Аьрзнашца болх бечу нехан цхьаннах а бозуш цахилар, уьш догцΙена хилар даима догΙу шеконехь кхаба, кхелехь-м муххале а. Со ца теша Еврокхелан куьйгалло оцу оьрсийн юристийн гΙулчаш тергонехь латтийра бохучух».
Еврокхело а, Кремло а Страсбургера аьрзнаш лахдалар мухха а тидахь а, цхьаъ ду гуш. И кхел альттачу ах бΙе шера чохь дуьххьара нисделла Оьрсийчуьра аьрзнаш цΙеххьана шозза гергга лахдалар – 40 эзарна тIера 28 эзарне. Иза нисделла оцу кхело шен болх Оьрсийчуьрчу 200 юристна тешийнначу 2012-чу шарахь.
2008-чу шарахь Еврокхелехь Оьрсийчоьнна духьал дов гΙаттийначех дуьххьара тоьлла нохчо ву Терйистерчу Ломаз-Юьртара Хамидов Хамбатай. Иза а ву оьрсийн юристаш Еврокхело шена герга озарх цецваьлла.
Хамидов: ««Cо тIе ца воьдуш стагга а висина вац, цхьа Путин воцург. Медведев волучохь шозза хилла со. Инарла прокуроран гΙовссий, юстицин министррий, цуьнан гΙовссий, ... со тΙе ца воьдуш цу Москох меттиг йисина а яц. Цаьрца гΙуллакх чекхдер ду аьлча - бакъдац.
Сан дов цигахь чекхдалла ду. Со кхин къар ца луш, тоьлла цигахь. Москох кхелех а чекхваьлла со. ЧιогΙа къа а хьегна ас, бакъдерг дийцича. Оьрсийчуьра кхелахой цига бахийтинехь, вайна чΙогΙа зене ду иза. Вайна хилла ца Ιаш, берриг а Оьрсийчоьнан бахархошна ду иза зене. Харцо пачхьалкхан массо маьΙΙехь ю, хьайна луъучу республике а, махка а гΙо. Москох кхелашкахь а изза хьал ма дуй...».
Еврокхело сацам баре хьоьжучу эзарнийн могΙарахь тахана а бу дукхе а дукха нохчий. Царех цхьаберш итт шо а ду, нийсо лахарехь еккъа цхьана Страсбургах бен тешийла а доцуш, цуьнан сацаме сатуьйсуш Ιа. Гарехь, кхин оццул Ιан а там бу, нагахь санна Еврокхело оьрсийн юристаша яшийна шен репутаци меттахΙоттош цхьа некъ хΙинца ца баккхахь.