ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Набахтеш - нохчийн маршонан тIаьххьара хIусамаш


Оьрсийчоь – Архангельск-махкарчу цхьана набахтехь, 2012
Оьрсийчоь – Архангельск-махкарчу цхьана набахтехь, 2012

24 шо хан а тоьхна, 2004-чу шарахь Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело набахте хьажийначу Тангиев Тимуран арз теллина Страсбургерчу Европан кхело. Цо шен сацамца бехке йина Оьрсийчоь Тангиевга етташ бехк тΙеэцийтарна а, цуьнгара иштта даьхначу тоьшаллийн буха тΙехь кхелъярна а Ткъа Тангиев саннарш-м бу дуккха а...


Исс шо хьалха, цхьана бΙаьстенан буса, Соьлж-ГΙалара, шен цΙера, Талламан шолгΙачу бюрора яьхкинчу тутмΙаьжигаша меттара гΙаттийна виггарх, дуьненахь а, эхартахь а воцуш ваха тΙедоьжна Тангиев Тимурна. Оцу, «ОРБ-2» аьлча, мел могуш волчу а нохчочун са а, дегΙ а лехаш йолчу, нохчех лаьттачу Ιазапийн хьукмато ток етташ, дегΙа тΙе йогу цигаьркаш Ιуьттуш, шина баттахь дареш даьхна кΙантера.

Нохчийчоьнан лакхарчу кхело шен дов луьстучу юкъанна Тангиевс маситтаза хаам бина низаман дайшка, шена етташ, ша хьийзавеш даьхна шегара бакъ доцчух дареш, ша уьш юхаоьцу, аьлла. Я прокурора а, я кхело а дуьхе а ца оьхьна цуьнан аьрзнаш. Мелхо а, цо арз дарна, кхидΙа а етташ кхаьбна иза ша чохь валлочохь. Прокуроро, нийсояран хьукматаш Ιехо воллура иза, аьлла, берзийна ша хΙетахь бина боху таллам.

2004-чу шеран гурахь, етташ-Ιуьттуш даьхначу тоьшаллех бух а бина, тΙебехкинчу иттех бехкана буха ваьхьна Тангиев Тимур кхело. Оьрсийчоьнан лакхарчу кхело а, шегара ницкъ беш даьхна ша дина дареш цо боххушехь, ца хуьйцуш битина Нохчийчуьрчу кхелан сацам.

Иштта Владимир-гΙалина гонахарчу набахтех цхьанхьа зама тΙакха дΙахьажийна Тангиев.

Ша набахте кхачале а, кхаьчча а, кΙар ца луш, шена йиттина хиларх а, ша бехказа набахте хьажорах а лаьцна далхийна цо тахханалц. Иштта кхаьчна дов Страсбурге а.

Европан кхело Тангиев Тимур набахте хьажочу муьрехь а, цига дΙакхаьчча а лазартнехь Ιиллина хилар а, лазарийн истори а теллина, билгалдаьккхина цунна тΙехь низамхоша таΙзар латтийнийла.

Тангиевна бина синΙаткъамаш 45 эзар долларан меха биллина Еврокхело. И ахча охьадилла а там бу Оьрсийчуьрчу Фемидин лайша, шаьш даьккхина а доцуш, къинхьегамхойн йолах пачхьалкхан бюджет юзуш хиларе терра. Ткъа хΙун дийр ду Ιедалша бехказа набахтехь валлочунна, арахоьцур вуй иза бохург шеконехь ду.

Тангиев Тимур санна, бехк-гунахь а доцуш, шен-шен дахар хьаьшна Ιедало бохуш набахтешкара аьрзнаш ден вайнах багарбина ца валлал дукха бу.

Масала, ишттачех ву хΙара Маршо Радионе зΙе тоьхна Архангельск-махкарчу набахтийн кочарерчу ноьмар шиъ йолчу набахтехь волу соьлжахо Садыков Рамзан. Цо хаам бира, ша волчохь а, гонахарчу кхечу набахтешкахь а бохкучу нохчашна а, гΙалгΙашна а шатайпа, луьра раж латтайо хьакамаша, аьлла. Цо бахарехь цхьаболу набахтешкарчу тутмаккхашна тΙехьожурш нохчий ца беза Ιаьмна, Нохчийчохь тΙемаш бина нах бу. Садыковца тхан хилла къамел иштта ду.

Маршо Радио: Хьайна тΙехь болу кхерам, иза бовзийтахьа. Муха, хΙун ду, хьо стенах вогу цигахь, шо ду хьан дисинарг, дуй?

Садыков: «Цхьа шо хан ю сан йисина. Кхуза схьавало везаш а доцуш, схьавалийна со кхара. Кхузахь хийцавелла, керла хьаькам ву, Даяров бохуш. Со кхуза схьавеъча, суна «шмон» еш (дегΙ а, ларч а толлуш – М.Р.), соьга хΙун боху кхо – со санна бехктакхам болуш стагга а кхузахь хиллачух тера дац – массо а схьа а гулвелла, хьоьжуш, боху: «Хьан хан мел йисина?» - «Цхьа шо». – «Хьуна парггΙат хила мегар ду, нагахь санна хьо аравер ву хьуна моттахь, тхуна карор ду-хьуна хьоьгара даккха хΙума».

Маршо Радио: Хьоьгара хΙун даьллачунна боху цо иза?

Садыков: «ХΙумма а даьллачунна бохуш а дац. Кхузахь муха ду аьлча, «цΙечо», (набахтин белхахо – М.Р.), тΙе а вогΙий - хьалха, дегΙаца, регистраторш-видеокамераш ю церан – и камераш дΙа а йойъий, тΙе а вогΙий, хьуна цхьа муьшка а йой, хьо дарван гΙоьрта, юха камераш хьалалатайо, хьо шаьш дар а вина, хьан реакци схьайолаелча. Цу тΙехула цара ах шо а тΙетуху, шо а тΙетуху, ахь шаьш сийсаздина, хьо тΙекхетта, олий.

Маршо Радио: Даьлла хΙума а доцуш? Хьо чукхийсалуш санний?

Садыков: «ХΙаъ, хьо ца дича ца верриг дойту-кх хьоьга. Хьал муха ду аьлча, кху чохь, «зэкашна» (тутмакхашна – М.Р.) юкъахь шайн вовшийн къастош сийлаллин тΙегΙанаш ма юй. Хьоьгара хьаькамна дуьхьало ца хилча, гой-хьуна, «цΙениг» ву хьуна муьшкаш еш, ахь цунна дуьхьал хΙумма а ца дира, олий, пайдабоцчу воккху хьо. «Хьоьга боьха а, цΙена а дуьйцу, хьо вист а ца хуьлуш ма Ιа, дΙавала тхуна юкъара, олий, хьо цхьа хΙун ю а ца хуучу боьха хΙуманашна юкъакхуссу.

Ткъа нагахь санна ахь хьакамна дуьхьал хΙума алахь, цара цу сохьта шайн видеорегистраторш хьалалатайо - хьалха, кисанна тΙеехкина хуьлу уьш – хьуна хан тΙетоха бух кечбо иштта.

Маршо Радио: Цара, бахьана делахь а, дацахь а, питана а даьккхина, хьо кхин а чохь сацорна, тΙехь гΙелоярна кхоьру-кх хьо?..

Садыков: «Сан дисинарг шо ду, суна оьшуш накъосталла ду, аш кхаьрга, масала, телефон а тоьхна, и стаг тхан тергонехь а ву, аш цуьнца харцо лелаяхь, оха дуьтур а дац алар суна пайде хир дара. Цаьрга иштта хаам бича, стаг цхьанхьа хилар хууш дуйла, иза тидамехь цхьамма латтавой, уьш кхета. ТΙаккха мелла а кΙезиг лелор яра цара соьца харцо, ийзалур бара уьш.

Амма, вадийна, цхьа а зΙе дуьненца йоцучу метте дΙавига а тарло. ...Ас кхузахь а, кхечу набахтешкахь а лаьтта сурт довзуьйтур ду шуна юкъ-кара – шуна а хаа луур ма дуй иза. Вайнахана тΙехь хΙинца кхара шаьш лелаен харцо хΙилланца лелайо.

Со цхьаъ ву кху керста нахана юкъахь. Кху чохь бохкурш а, ах, оццу «цΙечарна» болх беш бу. ХΙара даккха цуьнгара, хΙара де, важа де, бохуш, чулоьхку. Ткъа хΙуъ а дийр долуш боьха хΙуманаш чохь йохкурш а ю.

Иштта, 2003-чу шарахь Нохчийчуьрчу набахтехь, ГΙалахь (Соьлж-ГΙалахь – М.Р.) иза схьайиллинчу хенахь, дозанал арахьара организацеш яьхкинчу хенахь, массо а чоьнаш чуьра нах кечбинера, хΙаъ, тхан дерриг а дика ду баха. Ас гΙовгΙа эккхийтира цигахь, хΙумма а дац я нийсо йолуш а, я хила ма-доггΙу а, аьлла. Ши де хьалха йиттина, сан пхенаш а хедийнера хΙетахь, иза ган а гина, йоккха гΙовгΙа иккхира цигахь.

Оьрсийн белхахой дΙа а баьхна, нохчий хΙиттийра, хьаькам а хийцира. Ас хΙинца шуьга къамел дар а, кхечаьрца дар а – накъосталла дехар ду. Иза ас кхузахь сайна гонах тешнабехк бан халахилийта деш ду. Деллахьа, хΙара-м тергонехь ву, аьлла ойла яйтийта, и ду суна шуьгара оьшу накъосталла".

Маршо Радио: Мел хан ю хьо чохь воллу?

Садыков: «Со чохь воллу итт шо хан ю-кх, итт шо хан. Кху гурахь дуьйна дΙа цхьа шо дуьсу-кх суна».

Садыков Рамзанан леткъамаш Маршо Радионо шена бевзачу бакъоларъярхошка дΙасахьовсийна. Амма хала ду теша хийцамаш церан хьелашца хир бу, хьаькамаш низамца дΙатарлур бу тутмакхашца лелаечу юкъаметтигашкахь, ала.

ТΙаьххьарчу 6 шера чохь 200 сацам бина Европан кхело нохчийн бехказа набахтешка хьежорах, царна тΙехь харцо, къизалла Оьрсийчоьнан Ιедалша лелорца а дузуш. Оцу кхелан сацамаш ахчанца долчу агΙор кхочуш бо Кремлан системано, амма чохь воллург, Страсбургехь юхателлинчу кхелан сацам кхочушбеш, арахецна олуш вайна ца хезна цкъа а.
XS
SM
MD
LG