ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шина цIара юккъехь бу вайн нах


Австри -- Шайна пачхьалкхехь баха бакъо йоьхуш гулам айбина нохчийн мухIажирша, Вена, 15Тов2012
Австри -- Шайна пачхьалкхехь баха бакъо йоьхуш гулам айбина нохчийн мухIажирша, Вена, 15Тов2012

200 эзар герга нохчо ву, цхьаццадолчу хьосташца, карарчу хенахь Европерчу пачхьалкхашкахь шайн мухIажиралла дIакхоьхьуш. И терахь алсам долуш а ду, Нохчийчура шайн ков-керт а духкуш, дийнна доьзалшца нах дозанал арабуьйлуш хиларна.



Нохчийчохь маьI-маьIIехь цIенош лаьтта, тIехь яздина „хIусамаш юхкуш ю“ аьлла, йозанаш а долуш. Масех шо хьалха, тIеман кIуркIамане жимма дIалахъелча, стигала кхаччалц аьлча санна, ирхбахана хилла петарийн мехаш хIинца лахлуш бу, хIунда аьлча, „доллучу дуьнентIехь а уггаре а хаза а, кхерамазалле а мохк“ аьлла, цIе тиллиначу республикера уьдуш бу дела денна и "дуьненан яелсамане" кхин ца лалучу хьоле бевлла нах.

Цхьаццаболчу хаамашца, дийнахь, мел кIезиг а, 50-60 стаг махках волу Европерчу пачхьалкхашка боьду некъ юьхьар а лоций.

Шен цIе яккха ца лиъначу Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь миграцин урхалларчу белхахочо Маршо Радига дийцарехь, карарчу хенахь 60 эзар сов стаго чуделла лаьтта дозанал арахь лелош долу паспорташ кечдан кехаташ. Цу нахах дукхахберш, шайн ка ма доллу, махкара бовда кечлуш бу, бюохура стоьлахочо.

Масех бутт хьалха Швеце яха схьаеъна Тамара, цо бахарехь, шен аьтто ма болу сиха шен Нохчийчохь бухадисина йиша-ваша а ша ехачу махка схьадалор долуш ю. Европера дахар моз дацахь а, амма Iедалхойн харцо-м яц кхузахь, боху цо.

Тамара: „Уггаре а коьртаниг - маршо яц цу махкахь. Шайна ца тайнарг, я шайн цхьа шеко ерг, ур-аталла маж нийса ца лелайо олий бахьана доккхий а, тухий дIавуьгу. Цу ккегийчу нахе тIаккха хIуъа зулам тIе оьцуьйту. Цундела схьаоьху-кх нах Европе, шайн коьртана паргIато а, маршо а лоьхуш".

Маршонаш ца хиларал совнаха, адамийн садукъдина ког баькх-баьккхинчехь кхаьънаш дала дезаро а, коррупцино а, белхан меттигаш ца хиларо а, бохуш дуьйцу карарчу хенахь Брюсселхь ехачу Тамарас кхин дIа а.

Тамара: „ГIишлонаш ярах я даккхий хаза цIенош дарах пайда ма бац, нехан шайна рицкъ дакха аьттонаш ца хилча. ГIамара тIехь йоьттина гIала санна ду цигара гIуллакх. Некъаш до, амма ло я догIа ма деъна, нийсса бутт балале и некъаш духу. ТIаьхьалонна аьлла деш цхьа хIума дац цигахь. Бизнес ян йиш яц, я белхаш бан йиш яц, кхаьънаш ца делча. Цхьа а стаг гIур вац атта, шен мохк а битина, шен нахах а ваьлла, дIа. Сайн цIахь Iийр йолуш яра со а, кхинберш а, дан амал хиллехь“.

Тамарас дуьйцу нах Нохчийчура бовдаран бахьанаш, Европерчу Iедалхойн маттахь, экономикан бахьанаш ду, политикан я тIеман бахьанаш дац.

Бакъду, европахошна ма-хеттара, атта дац и хьал. Деккъа экономикан я деккъа политикан, аьлла, доькъийла дац Даймахкара хьал - политика а, экономика а, тIеман тийсадаларш а - и дерриг а ийна ду. Амма и хIума Нохчийчуьра бевда схьабаьхкинчу мухIажарийн кхолламаш толлучу Iедалхойн коьрто схьа ца лоцу. Цундела ду тIаьхьарчу шерашкахь дукха вайнехан мухIажирш Европера цIехьа хьежор а.

Цу хIуман бухехь долчу бахьанех цхьаъ ду иштта Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхийн мухIажирийн хьокъехь цхьа юкъара низамийн кочар я система ца хилар. ХIора а пачхьалкхо ша-ша нисдо шен дозанал арахьара тIебаьхкинчу мигранташца долу хьал. Цуьнца доьзна ду, масала, Австрехь я Германехь, я Белгехь, я Францехь алсам Нохчийчура мухIажирш хилар а, ткъа Чехехь, я Испанехь, я Италехь церан терахь мискъала зарратал бен ца хилар а.

И хIума сихонца хийца дезеш хиларх кхеташ бу Евробертан куьйгалхой а. Кху деношкахь цу мехкийн цхьанакхетараллина юкъайогIучу пачхьалкхийн арахьарчу гIуллакхий министрш вовшакхеттера Брюсселехь, мухIажиршца долчунна юкъара цхьа къепе билгалъяккха. Амма юха а барт ца хуьлуш, дIасабахара уьш.

И бохург ду, цкъачунна кхин дIа а, шайн ка ма доллу, тIеоьху керла мухIажирш шайн кочара баха гIертар ю Европера пачхьалкхаш. Ткъа Нохчийчура бевддаберш, шайга сатесина да вацахь а, кхин дIа а схьагIертар бу ширачу континентан дозанашка.
XS
SM
MD
LG