ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шелоно Лаьцна Европа


Европа - Шело, 02Чилл2012
Европа - Шело, 02Чилл2012

Iа стиглахь дисина меттиг бац, аьлла ду нохчийн кица. Иза бакъ хиларан тоьшалла ду Европера кхушарлера Iа. ТIаьххьара кIира кхаччалц, бIаьста санна хенан хIоттам бара Европерчу массех пачхьалкхехь. Германин дукхахчу лаьттанашкахь а, Австрин шахьарахь Венехь а ло данне а бIаьрга а ца дайнера я цуьнга сатуьйсуш Iечу берашна а, я баккхийчарна а. Мелхо а, бIаьста санна, хадданза догIанаш дара оьхуш, температура а яра, бIаьстенан юьххьехь санна.


Бакъду, хIинца эххар а ша догIуш, вуно луьра деъна Европехь Iа. Цхьацца йолчу пачхьалкхашкахь, Италехь, масала, я Украинехь, гIадъюккъе кхоччуш ло деъна, некъаш а доьхкуш. Иштта Австрерчу а, Германерчу а Алпашкахь а диллина инзаре лекха ло, лаьмнашкахь лохьадаран кхерам алсам а боккхуш.

Италерчу массех гIаланашкахь яккхийчу машенашна некъаш тIе йовлар дихкина, ша бинчу некъаш тIехь уьш атта херцаш хиларна а, некъаш тIехь цара кхерам кхуллуш хиларна а. Цул совнаха, Италин футболан лакхарчу лигехь дIадахьа лерина хилла массех ловзар тIехьататта дезна, гIура бахьана долуш.

Грецехь, Болгарехь, Украинехь, Полшехь ишколаш дIакъевлина, бераш чохь сацийтархьама. Иштта кху муьрехь Альпашкарчу когсалазаш хоьхкучу курорташкахь туристашка цкъачунна ара ма довлахьара, бохуш, кхайкхамаш бо Iедалша а, леринчу орцакхачоран сервисан белхахоша а. Цуьнан бахьана, цхьана агIор, лаьмнийн тархашкара ло чухьадаран кхерам хилар ду, вукху агIор, минус ткъа градусе кхочуш хIоьттинчу гIурано салазаш хахка баханарш шелбан а, дегIан меженаш гIорон а кхерам хилар а ду.

И тIаьхьарниг бан а бу боккха кхерам. ХIунда аьлча, лоьраша дийцарехь, иштта инзаре шело хIоьттича, арахь нисбеллачу наха дукха хьолехь тидам а ца бо, шаьш могашаллийна мега доза тIехдаларна шеллуш буйла. Европехь хIинцале а милла беллачийн терахь цхьа бIе стагал лакхадаьлла. Царех дукхахберш - бIе гергга стаг - Украинехь белла. Германехь а, Италехь а велла массех стаг, Польшехь тIаьхьарчу деношахь иттех стаг велла шелонна.

Нах милла леш хиларх цецвалар дов, кху инзаречу шелонехь ур-аттала хIорд а гIорийна бохург хезча. И саннарг Румынехь хилла – цигахь, дийнна цхьа хинбердан йист мел ю, Iаьржа ХIорд гIорийна. Ткъа и саннарг, тергамхоша дийцарехь, тIаьххьарчу бIешарахь хилла а дацара.

Туркойчохь цкъачунна хIорд гIорийна бацахь а, Эрегли олучу порта йистехь хIурдалахь баьллачу сихачу мохо хIордкема дохийна, хи буха дахийтина. Цу тIехь хиллачу цхьайтта стагах бархI цкъачунна лар йоцуш вайна ларалуш ву.

Синоптикаша дийцарехь, хIинцалера тамашена гIура кхин а, мел кIезиг а, цхьана кIиранах латта там бу ширачу континентана тIехула. Сибрехара схьакхаьчна йолу антициклон ю шелонийн бахьана. Массех де даьлча шен лакхарчу тIегIан тIе кхочур йолуш лору хенанхIоттамчаша и гIура. Ткъа цкъачунна Европерчу пачхьалкхийн Iедалш, ка ма доллу, меттигера бахархой цу гIуранах ларбан гIерта.

Иштта, Германерчу Мюнхенехь а, Австрерчу Венехь а гIалин урамашкахула лелаш мобилан тобанаш ю, нахана йовха кофе а, чай а доькъуш. Италерчу Альпашкахь беракеманашца гул а беш, шайн хIусамашка дIасакхуьйлуш бу, шелоне хьаьжна ца Iаш, когасалазаш хахка бахнарш.
XS
SM
MD
LG