Дамаев Имар-Ιелас оьрсийн кеманаша шен зуда а, пхи бер а бомбанаш тоьхна дер далхош яздина арз, юридикан кепе а далийна, Европан кхеле кхачийнарг ву Москохарчу бакъоларъярхойн «Мемориал» олучу юкъараллин адвокат Тишаев Фуркат.
Ткъа дуьххьара Шуьйтан лаьмнашкарчу РегΙахахь ДамаевгΙеран цΙенна тΙе бомбанаш тохарх а, цΙерабевлла хиларна даййий, цхьа воΙΙий бен дийна ца вуьсуш, доьзал хΙаллакьхиларх а лаьцна дуьненна хаийтинарг Эстемирова Наташа яра, кхо шо хьалха Нохчийчуьрчу цхьана къацахетарша йийна йолу бакъонашларъярхо.
И муха нисделлера дийцира Маршо Радиога Оьрсийчуьрчу Human Rights Watch цΙе йолчу бакъоларъярхойн дуьненаюкъарчу тобан бюрон директоран гΙовса Локшина Татьянас.
Локшина Татьяна: ДамаевгΙарах лаьцна дийцинарг Эстемирова Наташа яра. Ткъа Наташина мухха а хезнера, цхьаьнхьа, лаьмнашкахь, бераш делла, аьлла, амма билггал цхьанне а хууш дацара хилларг. Наташа новкъа елира цига яха. ХΙетахь ларттΙа некъаш а бацара Шуьйтанал лакхахьа. Шуьйта бодург а бара декъазчу хьолехь. Наташа дΙаихинера цига хала балица. Буса а тΙехь дΙагΙиртинера.
Наха, хΙетта догΙа деъна, боьхначу некъахула, трактор а карийна, хьалайигинера. Иштта хала цига дΙа а кхаьчна, Наташас беллачийн гергарчаьрга дехнера, кешнашка хΙинцца дΙадоьхкина декъий хьаладахахьара, аьлла, церан суьрташ дахархьама. Иштта наха хьалабаьхнера белларш, суьрта тΙехь цунна хьалха Ιохкура берийн декъий.
Иштта суьрташ а дахна, уьш Наташас Соьлж-ГΙала кхачийнера, цигара аьтто белира цуьнан уьш Москоха кхачон. Цуьнан Москохарчу «мемориалхоша а», оха а дерриг дира и суьрташ дуьнентΙехула дΙасадаржош, хилларг прессехь довзуьйтуш.
Цул тΙаьхьа кхо кΙира даьлча со а яхара Нохчийчу. ТΙаккха Наташа а, со а цхьана а яхара РегΙаха, хΙинца Еврокхелехь толам баьккхина и арз кечдан. Оха цигахь тоьшаллаш а лахьийра кеманаш хезначаьргара а, дохийна цΙа гиначаьргара а, иттаннаш тоьшаллаш.
... Халахета суна Наташа кху дийне, Европан кхелехь толам баьккхинчу дийне, ца яьлла, мухха а елахь а, цхьа нийсо тоьлла хиларан и теш йоцуш».
Бакъоларъярхочо Локшина Татьянас, шен доттагΙчо Эстемирова Наташас санна, ша а доккха дакъалаьцна РегΙахара Дамаев Имар-Ιелин цΙийннана а, пхи бер а дер нахала доккхуш. Наташас ломахь бохам хиллачу деношкахь даьккхина сурт цо ши шо сов хан яьллачул тΙаьхьа, 2006-чу шеран аьхка, доггΙу дешнаш а олуш, дΙагайтира Оьрсийчу веъначу Цхьанатоьхначу Штатийн хΙетахьлерчу президентна Буш Джоржна. Иза цо ша иштта дагалецира тхан къамелехь.
Локшина Татьяна: "Йоккхачу 8 пачхьалкхан саммите Петарбуха веъначу Бушца бакъоларъярхошна кечдинчу цхьанакхетаре кхайкхира со. Со кхайкхар суна цхьа цΙеххьашха нисделла дара – со цу хенахь Нохчийчу яхана яра. Айса ойла йина дагадогΙу суна, дийца деза ас Нохчийчуьра хьал цΙармата хилар дуьнене, муха а дийцина а, дийца деза, бохуш ойла йина. Цундела дагадеара суна Бушца цхьаьнакхетаче Наташас РегΙахахь даьккхина сурт дахьа
...Аш дага ца даийтинехь, суна-м диц а деллера, айса и сурт Бушна гайтина хилар. Цул тΙаьхьа прессан тидам цΙеххьана тΙебахара РегΙахахь хиллачунна. Бохам хилла ши шо даьлча дийцинера Буша цунах лаьцна, Нохчийчохь лела харцонаш йовзуьйтуш".
Страсбургерчу кхелехь Оьрсийчоьно шена дуьне даиманенна а кхолийна хилар гайтина волу Дамаев Имар-Ιела веха меттиг билггал къасто аьтто ца белира Маршо Радион. Иза цомгуш а ву, гонахарчу цхьана юьртахь, гергарчаьргахь вехаш а ву, шен цΙа бомбанаш тоьхначу кеманаша дохадарх, кхин дахаре юха ца вогΙуш, шена кхин кхерч а ца кхуллуш Ιа, элира кхелехь Дамаевн цΙарах толам баьккхинчу адвоката Тишаев Фурката.
Кхеташ ду, белларш цхьаьнгге а берзалур бац дуьнене юха. Ткъа висинарг ца волу ца ваьхча. Оьрсийн лаамца ца кхачийнехь а, Дамаевна Еврокхело Москохарчу Ιедале охьадиллийтинчу 300 эзар евронах хΙоттадала а там бу керла цΙа. Ткъа хаац, мел ирсе хир ду-м дисина дахар....
Еврокхелан рогΙехь ду кхин а маситта бΙе нохчаша Оьрсийчоьнна дуьхьал гΙаттадайтина дов. Уьш чуделла а ю, Дамаевниг санна 8 шаре ца даьллехь а, дукха хан.